Абдурахманов, Канти

Советан Эскиран старшина

Канти Абдурахманов (1916 шо — 2000 шеран 28 март) — Советан Эскиран старшина, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Российн Федерацин Турпал (1996 шо).

Канти Абдурахманов
ГӀуллакхан тайпа военнослужащий
Вина терахь 1916({{padleft:1916|4|0}})
Вина меттиг Шела, Нохчийн Республика
Кхелхина терахь 2000 шеран 28 март({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Кхелхина меттиг Устрада-ГӀала, Нохчийн Республика
Корматалла артиллерист
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
СовгӀаташ
  • Российн Федерацин Турпалхо
    Российн Федерацин Турпалхо
    (1996 шо)
  • ГӀарваларан Орден
    ГӀарваларан Орден
    (1944 шо)
  • ГӀарваларан Орден
    ГӀарваларан Орден
    (1943 шо)
  • Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден

Биографи нисйе бӀаьра

Канти Абдурахманов вина 1916 шарахь Шелахь. Жима волуш да а, нана а доцуш висна иза. Цо колхозехь болх бира. 1941 шеран сентябрехь иза шен лаамехь тӀамтӀе вахара. 1942 шеран июнехь цо Ташкентехь лахара артиллерин командирийн школа чекхйаьккхира. Иза армехь вара Йуккъера Азин тӀеман округехь. Цигахь иза взвод командиран гӀонча хилира. 1943 шеран октябь дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь ву. Цо дакъа лецира Невель а, Городок а, Витебск а хьайоккхуш, Белоруссин (1944 шо) а, Балтикайистан (1944 шо) а операцишкахь а, Курляндехь хилла немцойн эскиран тоба хӀаллакйеш а. Цуна масийтта чов йира[1].

1943 шеран декабрехь Витебск хьайоккхуш хенахь советан гӀашсалтий охьадийша дизира немцойн къиза герз даьттаран бахьнехь. Абдурахмановс шен накъосташца шен йоккха топ нийса тӀейерзайина а, масийттуза кхоьссина немцойн дот хӀаллакйира. И бахьнехь мостагӀийн эшабелира.

1944 шарахь Малхбузе Двинал дехьадовлучу хенахь цо йуха а гайтира шен хьуьнар. Циггахь иза артиллерстех массарелла хьалха малхбузе хийисте дехьа а ваьлла, цо советан эскиран дехьадовлуш новкъалла йеш йолу масийтта мостагӀийн цӀеран меттиг хӀаллакйира. ТӀеман хенахь Абдурахмановс хӀаллакйира масийтта немцойн танк[1].

1946 шарахь Абдурахманов эскирера мукъавитира. ТӀаккха цуьна Йуккъера Ази ваха дийзира. 1967 шо кхаччалц иза ГӀиргӀазойчохь Ӏийра. ЦӀа вирзинчул тӀехь цо шофер а, комбайнер а, «Пищемаш» завода белхало а, геологин талламан буру туху вышкан мастер а болх бира. Пенси ваханчул тӀехь иза Устрада-ГӀалахь вехаш вара. Иза велира 2000 шеран 28 мартехь[1].

1996 шеран 16 майхь цунна йелира Российн Федерацин Турпалан цӀе. Иштта цуьна йара 2-гӀа а, 3-гӀа а даржан Силаллийн орденаш а, 1-ра даржан Даймехкан тӀеман орден а, кхидолу совгӀаташ а[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра