Алана Моник Бирд (инг. Alana Monique Beard; йина 1982 шеран 14 майхь Шривпортехь, Луизиана, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацин (ЗКъБА) йукъахь «Мистиксан» а, «Спарксан» а хӀоттамашкахь. Ткъа студентийн тӀегӀанехь левзина Дьюкан университетан зударийн баскетболан командехь. Университетан гӀуллакхаш дарна 20-гӀа лоьмар гуттаренна а цунна йитина, иштта цунах дешаран меттиган исторехь дуьххьарлера ловзархо хилла и сий дина. 2004 шеран ДКъБА драфтехь хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀа лоьмарца хаьржира «Вашингтон Мистикс» клубо. Ловзу турслочун а, форвардан а амплуахь. 2016 шеран ДКъБА чемпион «Спаркс» йукъахь.

Бирд Алана
инг. Alana Beard
Карьера чекхйаьккхина
Позици Турсло / Форвард
Локхалла 180 см
Йозалла 73 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1982 шеран 14 май({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг Шривпорт, Луизиана, АЦШ
Ишкол Саутвуд (Шривпорт)
Колледж Дьюк (2000—2004)
Драфт ДКъБА 2-гӀа, 2004, Вашингтон Мистикс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 2006
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Бирд йина Шривпортехь (Луизиана штат) 1982 шеран 14 майхь Леройн а, Мэрин а БирдгӀеран доьзалехь. Иза лийлира Шривпортера Саутвудан лакхара ишколе. Иза ловзуш йара меттигера баскетболан команде, цунна йукъахь хьалхий-тӀаьхьий йаьккхира штатан чемпионан йиъ титул. Цуо доьшу йерриг хенахь гайтира жамӀ 144-6, ткъа Бирда гулйира 2646 очко. Цуьнан кхиамаш бахьнехь иза йукъайахийтира WBCA дерриг седарчийн гулйина командин, дакъа лецира WBCA дерриг седарчийн лакхара классерачийн матчехь 2000 шарахь[1][2].

Университетан командехь ловзар нисйе бӀаьра

Бирд левзира Дьюкан университетан «Дьюк Блю Девилз» цӀе йолчу зударийн баскетболан командехь 2000 - 2004 шерашкахь. Деа шарахь цуо гулйира 2687 очко, дешаран меттиган рекорд а хӀоттош. Цунах хилира, 2600 сов очко йаьккхина, 500 сов буьрка дӀайелла, 400 дӀайала лерина буьрка схьайаьккхина дуьххьарлера NCAA баскетболхо. Оцу хенахь Дьюк доьазза рожера чемпионатан а, конференцин турниран а толамхо хилла, шозза Йеаннан финале а йаьлла[2].

ЗКъБА карьера нисйе бӀаьра

2004 шеран ЗКъБА драфтехь Бирд хаьржира хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀа лоьмарца «Вашингтон Мистикс» клубо. Шен дебютан шарахь цуо гӀодира командин плей-оффе яла. Цу тӀе чемпионат йоьдуш йолуш «Мистикс» йукъара йелира клубан лидер Холдскло Чамик. Амма «Мистикс» хьалхара раундал дехьа ца ялаелира, ийшира «Коннектикут Санал». Вашингтонехь Алана даьккхира бархӀ шо, оцу хенахь доьазза дакъалаца кхайкхира ЗКъБА дерриг седарчийн матчашка. Иза кхин а доьазза йукъайахийтира дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина командин, рекорд а хӀоттийра дӀайала лерина буьрка шарахь схьайаккхарехь[3].

2011 шарахь Бирда контракт йаздира «Лос-Анджелес Спарксца»[3], цунна йукъахь 2016 шарахь хилира ДКъБА чемпион[4].

Къоман гулйина командин йукъахь ловзар нисйе бӀаьра

2000 шеран июлехь АЦШ кегийрхойн гулйина командин (18 шо кхачанза) йукъахь Бирд левзира Аргентинера Мар-дель-Плата гӀалахь хиллачу Америкин баскетболан чемпионатехь. Алана араелира стартан хӀоттамехь турнира йерриг пхеа матчехь, хилира командин уггаре жамӀе ловзархо, гӀодира шен командин дешин мидалш йаха. Командо финалехь иэшийра Кубин гулйина команда[5]. ШолгӀачу шарахь цуо 19 шо кхачанза болчеран гулйина командехь дуьненан баскетболан чемпионатан борзанан мидалш ехира чехин Брнохь. Турнирехь Бирда йоккхура йуккъера барам 18 очко, цунах хилира шен командехь жамӀаллица шолгӀа ловзархо[6].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. WBCA High School All-America Game Box Scores. Women's Basketball Coaches Association. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 29 июнь. Архивйина 2014 шеран 15 июлехь Архивйина 2014-07-15 — Wayback Machine
  2. 1 2 Porter p. 32
  3. 1 2 Sparks Sign Four-Time WNBA All-Star Alana Beard. WNBA.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 24 август.
  4. Los Angeles Sparks Win 2016 WNBA Finals. WNBA.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 21 октябрь.
  5. Fourth Women's Junior World Championship Qualifying Team -- 2000. USA Basketball (2010 шеран 10 июнь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 20 октябрь. Архивйина 2015 шеран 12 сентябрехь
  6. Fifth FIBA Women's U19/Junior World Championship -- 2001. USA Basketball. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 октябрь. Архивйина 2013 шеран 17 октябрехь

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Зударийн КъБА рожера чемпионатан дӀайала лерина буьрка схьайаккхарехь лидераш