ГӀа́жарийн архитекту́ра я Иранан архитектурахӀинцалера Иранан махкахь а, ГӀажарчоьнан оьздангаллин гегемонин кӀела яхана пачхьалкхийн а хилла долу бес-бесара архитектурин хаттӀаш. ГӀажарийн архитектурин хьалхара кхолламаш юкъабевлла вайн эрал III эзар шо хьалха, географи агӀора, гӀажарийн архитектурин масалаш ду малхбузера Туркойчуьра Къилбаседа ХӀиндин а, Цийчоьнан дозанашка кхаччалц малхбалехьа, Кавказера къилбаседехьара Занзибаре къилбехьара кхаччалц.

АхеменидгӀеран Иранан коьрта шахьаран Персеполисан саьлнаш

Истори нисйе бӀаьра

Иранан АхеменидгӀарал хьалхара архитектура нисйе бӀаьра

Исторел хьалхара мур нисйе бӀаьра

 
Зиккурат Чога-Занбиль, эламан архитектурин кхоллам бу

Адам Иранан махкахь даьхна ширачу заманахь дуьйна: ахкаршкахь карийна хӀуманаш, Кашафрудехь[en] а, Ганджи-Парехь а хьалхара палеолитан муьрера ю. Иранан къилба-малхбуза дакъа лаьтта Хьеначу ахбеттан махкахь, цундела Иранан махкахь дуьхььарлера нах гучубевлла вайн эрал 8 эзар шо хьалха, масала, хӀинца а йолчу Шахри-Сухтехь а, Сузы гӀалахь а. Иранехь дуьххьара эвланаш гучуйовларца, юкъайолу Иранан архитектура.

Вайн дене кхаьчна эламан архитектурин коьрта масала ду Чога-Занбилера зиккурат — йисинчарах уггаре йоккха зиккурат. ГӀишлон локхалла 25 метр ю, йохалла цхьаьна агӀора — 105 метр ю. Зиккурат йина вайн эрал 1250 шо хьалха Элам паччахьа Унташ-Напиришас, шайн дела вина Ишушинакан сийна.

Тепе-Сиалкехь ю кхин а шина зиккуратийн саьлнаш. Уьшша а эламхоша кхоллар тардолуьйту.

Элам нисйе бӀаьра

Вайн эрал III эзар шо хьалхенан юьхьигехь кхоллало Эламан пачхьалкх, иза лаьттина Иранан хӀинцалерачу къилба-малхбузан провинцийн мехкашкахь. Эламан цивилизацис кхоьллина шайн йоза а, говзалла а.

Литература нисйе бӀаьра

  • Афанасьева В. К., Луконин В. Г., Померанцева Н. А. Искусство Древнего Востока. — Москва: Искусство, 1977. — С. 155—199. — 376 с. — (Малая история искусств). — 100 000 экз. — ISBN 978-5-458-28835-4.

Кеп:ГӀажарий архитектура

Кеп:ГӀажарий