Респу́блика ГӀалгӀа́йчоь (гӀалгӀ. ГӀалгӏай Мохк; йоцца цӀе: ГӀалгӀайчоь гӀалгӀ. ГӀалгӏайче) — Российн Федерацин субъект, Российн Федерацин йукъара республика[2]. Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йукъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.

Республика (пачхьалкх)
ГӀалгӀайчоь
гӀалгӀ. ГӀалгӀайче
Байракх[d] ХӀост[d]
Байракх[d] ХӀост[d]
Гимн Ингушетии[d]
43°12′ къ. ш. 45°00′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Адм. центр МагIас
Корта Махмуд-Али Макшарипович Калиматов[d]
Истори а, географи а
Кхоллар 1992 шеран 4 июнь
Латта
  • 3128 км²
Сахьтан аса MSD[d], Европа/Москох[d][1], UTC+3
Бахархой
Бахархой
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-IN
Официалан сайт(оьр.)
ГӀалгӀайчоь картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Арахьара аудиофайлаш
Республика ГӀалгӀайчоьнан хӀост (Инс.) Файл:Гимн Республики ГӀалгӀайчоь.ogg
Республика ГӀалгӀайчоьнан Шатлакхан илли (Инг.)
Жима ракетийн кема «ГӀалгӀайчоь»
10 сом мах болу Российн Банкан иэсан нахарт (2014)
Российн поштан марка, 2009 шо
Марка «Нохч-ГӀалгӀайн АССР 50 шо». ССРС пошт 1972 шо

Коьрта шахьар — МагӀас гӀала.

Малхбузехьа доза ду Къилбаседа ХӀирийчоьнца, малхбалехьа — Нохчийн Республикица, къилбехьа — Республика Гуьржийчоьнан Мцхета-Мтианети, мехкаца, циггахь ду Российн Федерацин Российн пачхьалкхан дозанан дакъа.

Кхоьллина 1992 шеран 4 июнехь.

Майданца Российн Федерацин уггаре жима регион, Федералан маьӀна долу гӀаланаш ца лаьрчи.

Этимологи нисйе бӀаьра

Республикин цӀе схьайолу нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашкара къоман гӀалгӀай цӀарах (ткъа оьрсийн цӀе схьайаьлла гӀалгӀайн Ангушт эвлан тӀе гуьржийн суффикса -ети тоьхна, тӀаккха нисло «гӀалгӀай беха меттиг»). И этноним йаьржина XVIII бӀешарахь. Къомо шайх ГӀалгӀай олу (ГӀалгӏай)[3]. Цхьацца талламчаша боху гӏалгӏай дешан маьӀна «гӀаланашйархо/бӀаьвнийн бахархой» ду, и версии юзуш, кхечу талламхоша термин гӀалгӀа йоьхку шумерийн меттара Шумеран бахархой билгалбохучу этнонимца[4][5]. Иштта хьахайо ойла делаллера шира гӀалгӀайн делан Гела йа Гала цӀе а[6].

Физикин-географин амал нисйе бӀаьра

Географи нисйе бӀаьра

 
Кавказан лаьмнаш ГӀалгӀайчохь

ГӀалгӀайчоь лаьтта Йоккха Кавказан дукъан (цуьнан юккъерачу декъехь) къилбаседа басешкахь а, цунах кхетначу кегийра даккъаш тӀехь а, Теркан, Соьлжин, Тархийн. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 144 км, малхбузера малхбалехьа — 72 км.

Рельеф нисйе бӀаьра

 
Башлам гар
 
Маьт-лам

Къилбаседа кӀошташкахь рельеф буц-аренийн ю, къилбехахь — ламанийн, иза лаьтта атагӀиша а, чӀажаша а декъна даккъех. Къилбаседа кӀошташкахь лаьтта Соьлжин а, Ӏалханчуртан атагӀин дакъа, юккъерачу кӀошташкахь — Соьлжа а, Ӏаьсса а эркийн тогӀенаш ю, республикин къилба декъехь Кавказан лаьмнаш ду.

Уггаре лекха лам — Шан-лам (4451 м). Ламанан ГӀалгӀайчоьнан кхин лекха лаьмнаш: ЦӀен-лам (3171 м), Цхьорой-лам (3000 м)[7]. ГӀалгӀайчуьра Кавказан лаьмний дохалла — 150 км.

Сахьтан аса нисйе бӀаьра

 
МСК (москохан хан)

ГӀалгӀайчоь лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[8].

Климат нисйе бӀаьра

Климат континенталан, лекха лаьмнийн; йоьзна хӀордан сизал локхаллех. Январан йуккъера температураш — +3 …+10 °C, июлан — +21…+23 °C. Атмосферин йочанаш — шарахь 1200 мм гергга[9].

Гидрографи нисйе бӀаьра

 
Чухчари Фуртоуг
 
Соьлжа эрк
 
Назранка эрк

Йуьззина йа дакхошкахь Республика ГӀалгӀайчоьнан махкахь йолу гидрографин объекташ, цхьаьнаэшшара екъна йац, дикка къаьсташ йу шен физикин-географин хьолашца, иза доьзна ду ГӀалгӀайчоьнан рельеф чолхе хиларца — республикин цхьа дакъа дӀалоцу лаьмнаша а, гунаша а, ткъа цхьа дакъа — аренаша а, чутаӀенаша. Рельефо билгалйоккху ГӀалгӀайчоьнан Ӏаламан областаш — къилбехьара къилбаседехьа уьш хийцало лекха ламанан тӀера бай-аренан тӀекхаччалц. Республикин хинан ресурсаш жигара лелайо адаман бахамехь, ткъа иштта гидротехникица тойо — ГӀалгӀайчоьнан къилбаседехьа йу кхиина хиш дохку система.

РФ Пачхьалкхан хинан реестрца ГӀалгӀайчоьнан дерриг эркаш йукъадогӀу Каспий-хӀордан шина эркан йукъан Теркан а, Ийдалан а эркан майданан (терхьийн код — 02), иза йукъайоьду Малхбузен-Каспийн майданан гуонан (терхьийн код — 07). ГӀалгӀайчоьнан правительствон хаамашца, республикин махкахь ю юккъера а, кегийра а эркийн 720 майда, дерриг эркийн цхьаьнатоьхна дохалла 1350 километр сов хуьлу, хӀора квадратан майданна юккъера барам 590 м эркан маша кхочу. И гидрографин гайтам бу РФ Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан масштабехь уггаре лакхарчех цхьаъ [10].

Эркаш

Къилбаседа-Малхбален Кавказан уггаре доккха эрк ду Терк, амма, ГӀалгӀайчухула эрк чекхдолу къилбехьахула жимачу декъехь Къилбаседа ХӀирийчоьнан дозанца (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; ЖӀайрахьан кӀошт). ГӀалгӀайчоьнан корта эркаш — Теркан га Соьлжа (коьрта хинан бахаман объект; охьадогӀу малхбузера малхбалехьа; Несаран а, Соьлжин кӀошташ, ткъа иштта гӀалин гуонаш МагӀасан, Несаран, Эльдархан-ГӀалин), Соьлжин га — Ӏаьс-хи (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; Соьлжин а, ЖӀайрахьан а кӀошта)[11][10]. ОхьадогӀу кхин а эркаш: Марта, Армхи, Ачалкха, ГӀулой-хи, ХӀутта, ЧемалгӀа, ГӀалми. Эркийн йукъара майда йу 3073 км²[12].

Чухчариш

Пайден маьӀданаш нисйе бӀаьра

Латта а, лаьттан кийра а, кхин Ӏаламан ресурсаш а лелайо, Ӏалашйо Республика ГӀалгӀайчохь шена чохь дехачу къаьмнийн дахаран бух а, гӀуллакх а санна, иза йаздина Республика ГӀалгӀайчоьнан Конституцин 10 йаззамехь[13]. Кхин а, тӀеэцна республикин закон «Лаьттан кийранах лаьцна» (1996 шеран 8 февралехь), цуо билгалдоху, республикин лаьттан кийра геологин талларехь, лелорехь, Ӏалашбарехь кхоллало йукъаметтигаш лело коьрта хьесапаш, ткъа кхин а ламанан маьӀда даккхарехь а, цуьнца йоьзна кечдаран промышленностан а даххаш хӀаллакдар. Кхоьллина Республика ГӀалгӀайчуьра Ӏаламан ресурсийн Комитет, цуо шен бакъонийн дозанашкахь урхалла до ГӀалгӀайчоьнан пачхьалкхан лаьттан кийранан фондана. Билгалдаьккхина маьӀда доллу меттигехь болх бан бакъонан лицензи йаларан низам[14].

Республика ГӀалгӀайчоьнан латтанаш Ӏаьржа, хьена ду. Климат континенталан ю. Ӏаламан-климатан хьолаш дика ду йуьртан бахам кхиорна. Йуьртабахаман латтанаш дӀалоцу 60 % мохк, царех ах латта охана ду[14].

Минералан-аьргаллин база лаьтта мехкдаьтта долу меттигех (теллина промышленностан мехкдаьттан резерв ю 11 млн тонн гергга, прогнозан резерв — 60 млн тонн сов), Ӏаламан газ, мармар, доломиташ, кир-маьӀда-лахьорч, лакхара дикаллин кибирчиган сацкъар-латта, «Боржомин» тайпана термалан дарбанан а, минералан а хиш[9][15] долу меттигех, цӀена ламанан шовданийн хиш. ГӀалгӀайчоьнан лаьттах дохкуш геологашна карийна наггахьлера металлаш. Дагардина минералан аьргаллин тайпанийн балансан резерван юккъера барам, 100—150 шо[14] ду.

Мехкдаьтта а, газ а, ладаме пайден маьӀданаш ду, республикин йагорган-энергетикин комплексан бух бу. Республика ГӀалгӀайчохь мехкдаьтта доккху 1915 шарахь дуьйна, оцу хенахь карийра мехкдаьтта Маьлхбикан кӀоштахь. 1950—60-гӀа шерашкахь мехкдаьтта даккхар цӀеххьана тӀекхийтира лакхара сурсаталлин мехкдаьтта кардар бахьнехь. Мехкдаьтта а, газ а лахаран-талламан, мехкдаьтта доллу меттиг кечйаран белхаш дӀахьо ПУП «ГО Ингушнефтегазпром»[14].

Республикин махкахула чекхйолу магистралан мехкдаьттан биргӀа Бакох-Новороссийск Махьмад-ХитӀера мехкдаьтта тотту станцехула (ММТС), ГӀалгӀайн махкара биргӀан йохалла 12,7 км, d = 700 мм. ММТС чухула мехкдаьтта таттаран барам бу 3 млн тонн[14] гергга.

Флора нисйе бӀаьра

Ораматаш: къилбаседехь — хьуьнан а, хьун-аренан а, къилбехьа лаьмнийн (1800 метр локхалле кхачар)[16] — шуьйра гӀа долу хьаннаш, лакхахь ду лаьмнийн цанаш. Лаьмнийн басешкахь башха, цигахь бен йоцу микроклимат йолуш йу. Къилбаседа Кавказехь дукха меттигаш йац лулахь оццул дукха ораматийн тайпанаш долуш[17]. Ламанан кӀажошкахь (2200 метр кхаччалц) йаьржина йу шуьйра гӀа долу а, баганан а дитташ долу хьийкъина хьаннаш[18].

Хьаннийн фондан лаьттан йерриг майда 84,4 эзар гектар йу, цунна йукъахь, хьаннийн орамаш долуш — 75,6 эзар гектар[19]. Ийна шуьйра гӀа долу хьаннаша (поп, наж) дӀалоцу 140 эзар гектар майда[9]. Йерриг дечиган резерв ю 11 млн м³[20].

ГӀалгӀайчоьнан географи
 
 
 
Кавказан карта Кавказан лаьмнаш ГӀалгӀайчохь ГӀалгӀайчоьнан физикин карта
ГӀалгӀайчоьнан пейзажаш
 
 
 
 
 
ГӀалгӀайчоьнан ламанан пейзаж Ӏаьс-хин чӀаж Буц-аренан пейзаж, Керла Редант эвла ЦӀен-ламанан дукъ Армхи эркан тогӀи

Фауна нисйе бӀаьра

ГӀалгӀайчохь еха 60 гергга тайпана декха дийнаташ, 150 тайпана олхазарш, 24 тайпана амфибеш, 8 кепара рептилеш. Уьш ерриш лулахь йеха лаьмнашкахь а аренашкахь а[17]. Текхаргаш а, цоьстурш а йу. Олхазарш — дарта, акха бедаш а, гӀезаш а, эркийн тогӀенашкахь — кавказан акха котам, ламанан цанашкахь — тилла гӀиргӀа, кавказан ламанан москал, кавказан сарсал. Лаьмнашкахь меттигаш ю тӀулгийн а, хьаннийн а салораш, боьра ча, нал, лу, хьуьнан цициг, безоаран бож, лайн цӀокъ, кхин а дийнаташ дехаш меттигаш[9][17]. 2008 шарахь хӀоттийна ГӀалгӀайчоьнан ЦӀен жайна[21]. Она содержит 136 видов исчезающих животных и 89 видов растений, которые находятся под охраной[17].

Истори нисйе бӀаьра

Вайн эрал 2000 шо хьалха нисйе бӀаьра

Гайтина мур ширагуьржийн хроникаш чохь буйцуш кобанхоша олу кавкасионаш а, дзурдзукаш а. Уьш охьаховшаран доза — Ӏаьндийн дукъ тӀера маолхбалехь адыгийн тайпанаш дехачу меттиге кхаччалц ду — догӀу дозанца кобанан оьздангалла лелочаьрца. Антикин хьосташкахь (Самосатан Лукиан, Элиан Клавдий) кобанан оьздангаллин тайпанех олу «махли» (махлийхой, махалаш)[22].

Дзурдзукети нисйе бӀаьра

 
Кавказан карта, 1676 шо. Дзурдзуки французийн маттахь билгалйаьхна йу «Zuirie» аьлла
 
Вахушти Багратионин картин тӀехь дзурдзукаш, кӀистой, глигваш. 1745 шо.

Вайн эрал хьалхара I эз. шеран шолгӀачу эхехь кобанан тайпанаша кхоьллина йоккха политикин тайпанийн цхьанакхетар, иза йевза антикин хьосташца Малх (Махли, Махелони) цӀарца, гуьржийн хьосташца — Дзурдзукети[23]. Иза йара дикка онда пачхьалкх оцу заманна[24]. Дзурдзукетис терго йора коьрта кавказан дехьаволийла — Текан чӀаж, ширагуьржийн пачхьалкхаца[25] йара луьста политикин уьйранаш. Леонти Мровелин хаамашца гуьржийн хьалхара паччахьех Фарнавазех «Кавкасан тӀаьхьенах, дзурдзукийн тайпанах» зуда йара, церан кӀант хилира Саурмаг[26][27] (гӀалгӀ. «саьрмак» — «саьрмак»[28]). Иза велира гуьржийн Ӏарш тӀе да веллачул тӀаьхьа, ткъа гуьржийн эриставашна ша виен лаьий хиина, ненаца къайлавелира ненаца шен ненан вежарий болчохь Дзурдзукетехь[29]. Антикин йаздархочун Лукианан хаамашца хаьа цхьаьна политикин йукъараллин урхаллин шира кобанхойн — Адирмах, иза абхазийн талламхочо Гумбас Г. Д. гӀалгӀайн меттан гӀоьнца этимологи «Маьлхан ницкъ берг»[30].

Вайн эрал II шеран йуьххьехь тӀемца Къилбаседа Кавказ селевкидан паччахь Антиох III чувар бахьнехь кобанан тайпанийн политикин барт бохийна[24]. Иза бохар бахьнехь хьосташкахь лелочура совцу кобананйукъара цӀераш, кхин дӀа — вайн эрал хьалхарчу I бӀешарахь — I бӀешарахь кобанхойн тӀехьенаш хьосташкахь йевза цхьацца тайпанийн йа этномехкан тобанийн цӀерашца: «хамекиташ», «сьербаш», «двалаш», «троглодиташ», «санараш/цанараш», «хонаш», «масах/машах», «исадикаш», «гаргарейш», «гелаш», кхин а[22].

Юккъера бешершка нисйе бӀаьра

IX бешарахь таханлера Джерахан кIоштахь йина керст динан килс Тхаба-Ерд. Цу килсан архитектура Эрмалойчура е, Гуьржийчура схьа йу[31][32].

Вайн эрал I эзар шо хьалха дуьйна ГӀалгӀай хӀинца бехачу махкахь йаьржинера шен цӀе Кобан эвланах схьайаьлла йолу Кобанан оьздангалла, цигахь карийна ширачу заманара археологин иэсах[33].

ГӀалгӀайчоьнан лаьмнашкахь йугӀу циклопин гӀишлош а, маьлха кешнаш а Эгикхалехь, Лаймиехь, Дошхьаклехь, кхин дӀа а[34]. Кобанан оьздангалла лело антропологин векалш хилла кавказан тайпана[35], кхин а, цхьа могӀа талламхойн ойланашца, хилла нехаметтан[36][37][38]. XӀV—XVIII йин йолу гӀишлош а, гӀаланаш а дика схьакхечи таханлер дийне[39], дукха хьолахь иза ГӀалгӀайчохь тӀом ца хилар бахьан ду[40].

XV—XVIII бӀешераш нисйе бӀаьра

XV бӀешарахь Нохчийчухула а, ДегӀастанахула а чудан доладелира ислам, амма чеккхенца иза чӀагӀ ца делира XIX бӀешарахь бен; и хан кхаччалц цӀуйн гӀиллакхаш а, Ӏадаташ лелара. Лаьмнашкахь йеха гӀалгӀайн йукъараллаш, юхаерза юьйлаелира аренашка XVIXVII бӀешерашкахь[6]. Аренашка кхалхар, коьртаниг, чекхделира XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь.

Российн империн йукъахь нисйе бӀаьра

 
Америкин картографо Colton, G. W. 1856 шарахь хӀоттийна карта. Нохчийчоь а, ГӀалгӀайчоь цхьаьна йу, билгалйаьхна «Gelia» аьлла. Картин тӀехь гайтина гӀаланаш Несара, БуритӀе, ткъа иштта Грозни гӀап

1810 шеран 22 августехь Ангушт эвлахь гӏалгӏайн йалх тайпанан векалша куьг йаздира Йалх гӏалгӏайн фамилеш Российн байӀат дарах акт[41].

Оццу шарахь гӀазакхаша йуьйгӀира Несарин гӀап[35]. Иза масийттаза юха а йира, чӀагӀ а йира — 1817 а, 1832 а шерашкахь.

ГӀалгӀаша дакъалецира Кавказан тӀамехь Российн агӀора а, имам Шемалан агӀора а[42]. Цхьана хенахь лаьттира Шамилан исламан пачхьалкхан шиъ вилайат — Аьрштин а, Галашкин[43] а.

1858 шеран майхь-июнехь ГӀалгӀайчохь иккхира Несарин гӀаттам. Цуьнан бахьна хилира Кавказан тӀеман Ӏедалан сацам, цуьнца гӀалгӀайн кегийра кӀотарийн меттана йаккхий нах беха меттигаш кхолла гӀертара[44] ГӀаттам охьатаӀийра[44].

1858 шера ГӀалгӀайчоь йукъайахна Российн империн[45][46][47].

 
Теркан областан карта

1860 шарахь Къилбаседа Кавказан тӀеман урхалла хӀаллакйира император Александр II-гӀачун омарца Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь, кхоьллира йукъахь Нохчийн, Ичкерин, ГӀалгӀайн, Ламанан гуонаш долу Теркан область.

1871 шарахь ГӀалгӀайн гуо цхьаьнатоьхна ХӀирийн гуонаца БуритӀен гуо цӀе а тиллина.

1888 шарахь тӀеман-гӀазакхийн урхалла долийна ГӀалгӀайчоьнан махкахь, иза дӀатоьхна Соьлжин гӀазакхийн урхаллех. 1909 шеран 10 июлехь кхоьллина Несарин гуо, цуьнан ставка хилла БуритӀехь[6].

Ламанан республика нисйе бӀаьра

Россехь Октябран социалистийн революци хиллачул тӀаьхьа, 1917 шеран ноябрехь кхайкхийра маьрша Ламанан республика, цуо цхьаьнатуьйхира Къилбаседа Кавказан дукха къаьмнаш.

Инарла Деникинан эскарша ДегӀастана схьайаьккхинчул тӀаьхьа, Ламанан республикин правительствос шеш дӀасахецар кхайкхийна кхелхира Тиблиси. Ламанан республика дӀаелира.

Гражданийн тӀом нисйе бӀаьра

Пятигорскехь хилла Теркан къаьмнийн II-гӀа гуламо (1918 шеран 1—18 март) къобал дира советийн Ӏедал, кхоьллира Теркан советийн республика РСФСР йукъахь[48] (июлера декабрь кхаччалц Теркан советийн республика Къилбаседа-Кавказан Советийн Республикин йукъахь йара). Цуьнан йара шен Конституци а, лакхара меженаш а — Терканхалкъан кхеташо а, ХККх а.

1919 шеран февралера 1920 шеран март кхаччалц аренан ГӀалгӀайчоь дӀалаьцна йара инарла А. И. Деникинан Российн Къилбан ТӀеман ницкъаша[49]. 1920 шеран мартехь ГӀалгӀайчуьра советийн Ӏедал меттахӀоттийра.

Социалан сфера нисйе бӀаьра

Социалан-экономикин гайтамаш нисйе бӀаьра

Россехь уггаре лакхара тӀегӀан белхазалла а, къоьлла а — 55 % сов. Республикера базин хьаштийн гайтамаш — махкахь уггаре лахарчарех, бахархойн барам сиха тӀекхетар бахьнехь а, гӀаланаш кхиина ца хиларна а[50]. Белхан меттигаш цахиларна ГӀалгӀайчохь болх бан таро йац 44 % бахархойн.

ГӀалгӀайчоь дӀатесна буо-бераш доцу, дерриш доьзалашкахь дика дӀатардина йолу цхьаъ бен йоцу регион йу. Кхин а ГӀалгӀайчоь Российн цхьаъ бен йоцу буо-берийн цӀенош а, къеначеран цӀенош доцу субъект йу, гӀалгӀайн йукъараллехь церан хьашт доцун дела[51].

МогушаллаӀалашйар нисйе бӀаьра

Российн субъекташна йукъахь ГӀалгӀайчохь уггаре алсама бераш дуьненан тӀедовлу. Бахархошна дарбанан-профилактикин гӀо до республикин 73 дарбанан хьукматашкахь — дарбанан цӀеношкахь, диспансершкахь, поликлиникашкахь, кхин дӀа а. ТӀаьхьарчу заманахь ца тоьу говза белхалой а, медицинин гӀирс а. 2008 шарахь кхайкхийра МагӀасехь Республикин дукха агӀонийн дарбанан цӀа, поликлиникица цхьаьна, Перинаталан центр а йийр йу аьлла[52].

Республикин ЖӀайрахьан кӀоштахь йу дарбанан-могушаллатойаран комплекс «ЖӀайрахь», цунна чуйогӀу курорт «Армхин маьлхан тогӀе». Комплекс йина 1999 шарахь[53].

Дешар а, Ӏилма а нисйе бӀаьра

 
ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан коьрта корпус МагӀасехь
 
Хамхара ишкол. 1930-гӀа шераш
Лакхара

Республикин коьрта лакхара дешаран меттиг — ГӀалгӀайчоьнан пачхьалкхан университет (ГӀалПУ), дӀайиллина 1994 шарахь. ГӀалПУ — Российн университетех уггаре къоначех цхьаъ; цигахь доьшу 10 эзар гергга студенто[54]. ГӀалПУн исс факультет йу: агроинженерин, медицинин, хьехархойн, физикин-математикин, филологин, финансийн-экономикин, химин-биологин, экономикин, юридически, ткъа кхин а 43 кафедра а йу[55].

Йуккъера

Бахархой сихха тӀекхетар бахьнехь, ГӀалгӀайчоьнан бахархойн кхоалгӀа дакъа бераш ду. Республикехь болх беш йу 106 ишкол; уьш тоьуш йац, хаало ишколан меттигийн къоьлла, меттигаш ца тоар. Ишколан компьютеризацин пачхьалкхан программица, республике эцна 400 сов компьютер, модернизаци йина 80 ишколан[56].

Несарехь, Эльдархан-ГӀалахь, Малхабекехь болх беш йу ишкол-лицей, ишколаш-гимназеш, Ламанан кадетийн корпус, гуманитаран-техникин а,медицинин а колледжаш[56].

Спорт нисйе бӀаьра

Спорт кхиорах жоп луш ю республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министралла[57]. 1996 шеран 21 майхь тӀеэцна Республика ГӀалгӀайчоьнан «Физикин оьздангаллех а, спортах а лаьцна» цӀе йолу закон.

ГӀалгӀайчохь йара шайн футболан клуб «Ангушт», амма хӀинца профессионалан футболан йукъара йаьлла. ГӀалгӀайн спортхоша йаьхна дзюдох а, боксех а латарехь российн хьалхейаккхарш[58]. 2002 шарахь дуьйна республико ахча спорте хьажор кхузза совдаьлла, кхаьчна 25 млн сов соьме[59].

Йина ворхӀ физикин оьздангаллин могашалла тайаран комплекс, йиъ спортан ишкол. Хьалхе йу спортан ницкъан тайпанийн — желтойн-руман латаран, паргӀата кепара латаран, малхбален латарийн, боксан, дзюдон, еза атлетикин[60].

1988 шеран Сеулера Олимпиадехь, штангисто Арсамаков Исраила дешин мидал йаьккхира; Олимпийн чемпионаш кхин а бу Манкиев Назир (латар), Рахьим Чахкиев (бокс), цара шайн мидалш йаьхна 2008 шеран Пекинан Олимпиадехь. 2016 шарахь, Халмурзиев Хьасана дешин мидал йаьккхира Олимпиадехь Рио-де-Жанейрохь. Евлоев Ваха паргӀата кепара охьатохарх латарехь Европин чемпион ву[60]. Пхоьазза боксех латаран дуьненан чемпион хилла Котиев Ахьмад — хӀинца республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министр. ГӀалгӀайх хьалхарчех, Кхазакхстанан дзюдох латарех, чемпиони а, ССРС борзанан совгӀатхо а ву, Леймоев Ӏалихан Мусанан воӀ. 2010 шарахь Сингапурехь хиллачу аьхкенан жимахойн Олимпийн ловзаршкахь Аджигов Руслана еира Российн хьалхара дешин мидал, туьйлира желтойн-руман латарехь 85 кг кхаччалц йолчу возаллин категорехь, иштта хилира дуьххьарлера российн чемпион, хьалхарчу жимахойн Олимпийн ловзаршкахь[61].

ТӀаьхьарчу шерашкахь республикехь гӀарайолуш йу ийна тӀеман говзаллаш. Иштта, ГӀалгӀайчохь болх беш йу масех ийна вовшахлатаран спортан клуб, масала, «Калой» (Несара гӀала), «Нарт» (Сипсо-ГӀала), «ТӀемло», кхин а. ДӀахьо республикин йиллина чемпионаташ[62][63].

Цул сов, 2012 шарахь дуьйна ГӀалгӀайчохь хӀора шарахь дӀахьо дуьненайукъара ийна вовшехлатарех турнир «ТӀом лаьмнашкахь» (Mixfight), цигахь дакъалоцу меттигера спортхоша а, Российн регионийн а, дуьненан а гӀарабевллачу латархоша а[64].

Хьаамин гIирсаш нисйе бӀаьра

Радиостанцеш нисйе бӀаьра

  • ГӀалгӀайн къоман радиостанци «Ангушт». Болх бо 2010 шеран августехь дуьйна 104,0 FM тулгӀенехь. Радио Ангуштан коьрта Ӏалашо — синмехаллин-эхь-бехкан а, къоман-патриоташ кхиор а.
  • ГӀалгӀайн къоман радиостанци «ГӀалгӀайчоь». дӀакхайкхош ю 2014 шеран 31 июлехь дуьйна 88,0 FM тулгӀенехь. Йукъатоьхна йаккхийчех йолу радиостанцийн кевнан — «TuneIn»[en][65].
  • Хаамийн-самукъадаккхаран радиостанци «Radio Republic». Самукъадоккху республикин бахархойн 102,4 FM тулгӀенехь.
  • РООРИ (RK6QWA) — ГӀалгӀайчоьнан регионан йукъараллин кхолламан радиомарзахойн коллективан йоцатулгӀенан радиостанци[66].

Зорбанан арахецарш нисйе бӀаьра

Интермаша-ресурсаш нисйе бӀаьра

  • Республика ГӀалгӀайчоьнан официалан сайт — Ингушетия.ру[70].
  • Республика ГӀалгӀайчоьнан Халкъан Гуламан официалан сайт — parlamentri.ru[71].
  • Республика ГӀалгӀайчоьнан правительствон официалан сайт — pravitelstvori.ru[72].
  • Йаккхийчех интермаша-провайдераш — ЙАЮ «ГӀалгӀайэлектрозӀе» а, КъАЮ «ИТТ».

ГӀалгӀайчоьнан гӀаланаш-вежарий нисйе бӀаьра

2007 шеран августехь сацам бира гӀала-вежрийн статус кхолла ГӀалгӀайчоьнан а, Венесуэлин а регионашна йукъахь[73].

2015 шеран 10 майхь тӀемлойн сийнан гӀала Маьлхбик а, белоруссин гӀала Брест а хилира гӀаланаш-вежрий[74].

2015 шеран 2 сентябрехь Цийчохь куьг йаздира МагӀас а, Шаньдун провинцера цийн гӀала Дунъин а вежарий хиларан бертан [75].

2015 шеран 15 октябрехь ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а коьрта шахьарша вежарийн уьйранех болчу бертан тӀехь[76].

Нумизматика нисйе бӀаьра

  • 2020 шеран 25 февралехь Российн Банко арахийцира «ГӀалгӀайчоь Российн пачхьалкхан йукъайахана 250 шо кхачарна» иэсан мах кхо сом болу детин нахарт[77].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
  2. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  3. Мориц фон Энгельгардт, Фридрих Паррот. Посещение Энгельгардтом Галга-Ингушей // Сокровищницы Востока / Йозеф фон Хаммер. — 1814. — Т. IV. — С. 26—37.
  4. Хайров Б. А. К вопросу ингушско-шумерских лексических соответствий // История и культура Ингушетии. Вып. 1. — Назрань, 2012. — С. 11.
  5. Кодзоев Н. Ингуши (Гӏалгӏай). — Магас, 2016. — С. 2.
  6. 1 2 3 Краткий исторический очерк Ингушетии
  7. Агиров Тимур. Виртуальный тур. OpenKavkaz.com. ТӀекхочу дата: 5 январехь 2016.
  8. Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (3 июнехь 2011).
  9. 1 2 3 4 География Ингушетии. ingushetiyarsp.ru. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2009.
  10. 1 2 Постановление Правительства РИ № 203, 2014.
  11. Официальный сайт Республики Ингушетия.
  12. Российский общеобразовательный портал — ГӀалгӀайчоь. ТӀекхочу дата: 12 декабрехь 2009. Архивировано из оригинала 23 июнехь 2013 года.
  13. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Конституция тIетовжаран йоза йаздина дац
  14. 1 2 3 4 5 Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь. Географическое положение и природные ресурсы. ТӀекхочу дата: 27 октябрехь 2017.
  15. Журнал «Юг России». Республика Ингушетия. Официальный сайт (10 октябрехь 2003). ТӀекхочу дата: 12 декабрехь 2009.
  16. Путеводитель по югу России — ГӀалгӀайчоь. Архивировано 19 августехь 2010 года.
  17. 1 2 3 4 Журнал «Сезоны года». Природа, растения и животные Ингушетии. ТӀекхочу дата: 9 январехь 2018.
  18. Ингушетия // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2.
  19. «РЕСПУБЛИКА ГӀАЛГӀАЙЧОЬ. ПЕРСПЕКТИВЫ ЭКОНОМИЧЕСКОГО РОСТА И СОЦИАЛЬНОГО РАЗВИТИЯ»
  20. Республика ГӀалгӀайчоь. Журнал «Юг России» (18 ноябрехь 2003). ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2009.
  21. ИА REGNUM. В Ингушетии создана Красная книга флоры и фауны республики (17 мартехь 2008). ТӀекхочу дата: 12 декабрехь 2009.
  22. 1 2 Долгиева, Картоев, Кодзоев, Матиев, 2013, с. 74-82.
  23. Гумба, 1990, с. 9-10.
  24. 1 2 Гумба, 1988, с. 12.
  25. Долгиева, Картоев, Кодзоев, Матиев, 2013, с. 80-82.
  26. Леонти Мровели, 1979.
  27. Картлис Цховреба, 2008, с. 24.
  28. Дударов А-М. Некоторые вопросы расселения древних ингушей и существования у них собственной государственности // Республиканская общественно-политическая газета «ГӀалгӀайчоь». — 2010. — 23 января.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  29. Картлис Цховреба, 2008, с. 25.
  30. Гумба, 1988, с. 10.
  31. Крупнов Е. И. https://arheologija.ru/krupnov-gruzinskiy-hram-thaba-erdyi-na-severnom-kavkaze/?ysclid=lb46mjtnd9737512583
  32. Д.В. Белецкий, А.Ю. Казарян Храм Тхаба-Ерды. Переплетение архитектурных традиций в Горной Ингушетии http://www.niitiag.ru/pub/pub_cat/khram_tkhaba_erdy?ysclid=lb46rvhaka168907140 Архивйина 2022-11-30 — Wayback Machine
  33. Крупной Е. И., Древняя история Северного Кавказа, М., 1960, с. 77—109 (библ.).
  34. Агиров, 2021, с. 14.
  35. 1 2 Н.Д. Кодзоев. Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь: История Ингушетии (краткий очерк). ТӀекхочу дата: 1 апрелехь 2010.
  36. Крупнов, 1960, с. 70-75.
  37. Козенкова В. И. Кобанская оьздангалла. Восточный вариант // САИ. Вып. 2-5. — М.: Наука, 1977. — Т. I.
  38. Мужухоев, 1995, с. 7-8.
  39. Средневековая Ингушетия Крупнов Е.И. https://rusneb.ru/catalog/000200_000018_rc_3658872/?ysclid=lb43tsx81a837225530
  40. История Ингушетии (ред. Н. Д. Кодзоев) https://dzurdzuki.com/download/istoriya-ingushetii-otv-red-kodzoev-n-d-2013/
  41. Российско-ингушский договор 1810 г. ТӀекхочу дата: 12 декабрехь 2009. Архивировано 23 августехь 2011 года.
  42. Н. Д. Кодзоев. История ингушского народа. ТӀекхочу дата: 18 майхь 2011. Архивировано из оригинала 11 майхь 2012 года.
  43. Кавказская война и ГӀалгӀайчоь. ТӀекхочу дата: 21 декабрехь 2009. Архивировано 23 августехь 2011 года.
  44. 1 2 Назрановское восстание 1858 г. Очерк истории ингушей XIX века. ТӀекхочу дата: 7 декабрехь 2009. Архивировано 23 августехь 2011 года.
  45. Генко, 1930, с. 690.
  46. История Ингушетии, 2013, с. 266.
  47. Кодзоев, 2020, с. 24.
  48. РЕСПУБЛИКА ГӀАЛГӀАЙЧОЬ. КРАТКАЯ СПРАВКА О РЕГИОНЕ. ТӀекхочу дата: 21 декабрехь 2009. Архивировано из оригинала 23 февралехь 2005 года.
  49. Официальный сайт Республики Ингушетия. [http://ingushetia.ru/culture/index.shtml История Ингушетии (краткий очерк)]. ТӀекхочу дата: 21 декабрехь 2009.
  50. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Social atlas тIетовжаран йоза йаздина дац
  51. Движение «Матери России». Валентина Петренко: «ГӀалгӀайчоь – единственная республика, где нет отказных детей-сирот, все они благополучно устроены в семьях» (26 июлехь 2015). ТӀекхочу дата: 18 январехь 2016.
  52. Здравоохранение в Ингушетии
  53. Лечебно-оздоровительный комплекс «Джейрах» Архивйина 2019-09-13 — Wayback Machine
  54. ИнгГУ: 15 лет поиска и развития // 100 наций : журнал.
  55. Структура Ингушского государственного университета. inggu.ru. ТӀекхочу дата: 7 декабрехь 2021. Архивировано 11 январехь 2022 года.
  56. 1 2 Образование в Ингушетии. ТӀекхочу дата: 9 ноябрехь 2009. Архивировано 16 мартехь 2008 года.
  57. Официальный сайт Министерства по физ.культуре и спорту РИ Архивйина 2021-01-26 — Wayback Machine
  58. Regnum.ru
  59. Спорт в Ингушетии
  60. 1 2 Magas.ru
  61. Борец Руслан Аджигов выиграл «золото» на юношеской Олимпиаде
  62. В Назрани прошел первый открытый Чемпионат Республики по смешанному боевому единоборству ММА Архивйина 2021-01-21 — Wayback Machine
  63. Газета ГӀалгӀайчоь: Нарты-миксфайтеры
  64. Россия-2. Смешанные единоборства. Битва в горах Архивйина 2013-10-18 — Wayback Machine
  65. Радио «ГӀалгӀайчоь». TuneIn.com. ТӀекхочу дата: 4 январехь 2016. Архивировано из оригинала 4 мартехь 2016 года.
  66. Муратов М. Настройтесь на нашу волну. Общенациональная газета «Сердало» (23 сентябрехь 2006). ТӀекхочу дата: 20 октябрехь 2015. Архивировано из оригинала 24 сентябрехь 2015 года.
  67. СБИС − электронный банк юридических документов. Редакция Газеты "Знамя Труда", МУП. sbis.ru. ТӀекхочу дата: 29 декабрехь 2015.
  68. Бузуртанов Р. «Знамя труда» в каждый дом (ru) // «Знамя труда». — 2008. — 12 июль (№ № 3 (9187)).
  69. Администрация Малгобекского района. Газета «Народное слово». ТӀекхочу дата: 1 июлехь 2016.
  70. Официальный сайт Ингушетии
  71. Официальный сайт Народного Собрания Республики Ингушетия: Главная страница Архивйина 2012-01-21 — Wayback Machine
  72. Официальный сайт Правительства Республики Ингушетия
  73. Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь. Пресс-служба президента РИ. В Ингушетии и Венесуэле появятся города-побратимы (3 августехь 2007). ТӀекхочу дата: 20 октябрехь 2015.
  74. Малгобек и Брест стали побратимами. Официальный сайт информационно-аналитического агентства «Вестник Кавказа» (12 майхь 2015). ТӀекхочу дата: 20 октябрехь 2015.
  75. Магас и китайский Дунъин стали городами-побратимами. Официальный сайт агентства «Интерфакс-Россия» (2 сентябрехь 2015). ТӀекхочу дата: 20 октябрехь 2015.
  76. Магас и Грозный стали городами-побратимами. Официальный сайт агентства «Интерфакс-Россия» (15 октябрехь 2015). ТӀекхочу дата: 20 октябрехь 2015.
  77. Банк России выпускает в обращение памятную монету из драгоценного металла

Литература нисйе бӀаьра

Бакъонийн акташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра