Дендалар, йа Ренесса́нс (фр. Renaissance, итал. Rinascimento, схьадаьлла лат. renasci — Йуха дуьненна тӀе вала, йухадевала[1]) — оьздангаллин-историн муьрех цхьаъ, Йуккъера бӀешерашна а, Керла заманан а йукъара Европин кагдаран историн мур, цуо биллина бух керла европин оьздангалллин (иштта хьалхара Керла зама)[2].

«Афинин ишкол» — Рафаэль Сантин белхан фреска Станца делла Сеньятура («Омрин зал чохь») Ватиканан гӀала.

Италехь Дендаларан мур болабелла XIV бӀешарахь — проторенессансан муьрехь, йа треченто (оьздангалла 1300-гӀа шерашкара). Италихойн Дендалар хуьлу къегина XV—XVI бӀешерашкахь, цунна чохь билгалдоккху Лекха Дендалар (1490 – гӀа шерашна чаккхенгара хьалхара дакъа XVI бӀешеран доьлгӀачу декъера). Йуккъера а, Къилбаседа а Европин мехкашкахь Дендаларан мур тӀекхечира тӀехьо, ийцира спецификин аматаш. Иштта йу Къилбаседа Дендар а, Французийн Ренессанс а.

Термин схьадалар нисйе бӀаьра

Италихойн дош «rinàscita» хаало Гиберти Лоренцо «Комментарешкахь» (I Commentari, 1452—1455), цуьнан хенара исбаьхьалчех лаьцна жайнахь, и дош мичара эцна «Уггаре гӀарабевллачу суртдиллархойн, агархойн, архитекторийн дахарах дийцар» (1550) Вазари Джорджос дийцина. Вазарис оцу дешца билгаладаьккхина шел хьалхарчеран гӀуллакх, XVI бӀешеран йуххьера исбаьхьалчийн, «дуккха а шераш девлчачул тӀаьхьа, йуккъера бӀешерийн а, варвараллин а йоьжначул». Цуо йаздора «адамийн хьекъал дӀадуькъначу пардонах лаьцна, «Делан къинхетамца» исбаьлчашна гира «бакъ долу тӀех хазаниг». Цуьнан билгалонца, «дендар — иза стеган йухаверзар ду шен Ӏаламан гармонин хьоле йукъаметтигашца Ӏаламца». Цундела «Ӏалам — иза васт, ткъа шира — ишкол». Дендаларан хьалхара хенах гуманхоша олу «бодане бӀешераш»[3].

1855 шарахь французийн историко Мишле Жюла «калька» делира италихойн терминан ворхӀалгӀа томан «Францин истореш» коьртан[4]. 1860 шарахь зорба тоьхна швейцарин историкан Якоб Буркхардтан «Италин оьздангалла Дендаларан муьрехь» (Die Kultur der Renaissance in Italien) къинхьегамна. Оцу хенахь дуьйна дешнаш «дендар» а, «ренессанс» а синонимаш хилира оьздангаллин исторехь кагдаран мур йукъара тӀеэцна билгалбаккха. Нохчийн меттан гӀиллакхехь массара а тӀеэцна дац, амма леладо дош «дендар» йукъара маьӀнехь а, италихойн оьздангаллин а, ткъа «ренессанс» — алсама лелош ду Францин оьздангалла йуьйцуш.

Дендаларан оьздангаллин идейн баххаш нисйе бӀаьра

Дендаларан муьран къаста амат — оьздангаллин дуьненан амал, цуьнан гуманизм а, антропоцентризм а, айаделла хьашт антикалле. Тезисан экономикин факторийн коьрта маьӀна: махлелор а, сурсатийн-ахчанан а йукъаметтигаш шорйар, мануфактурин арахецар кхиар, царна хӀинца кӀезиг маьӀна ло. Синмехаллин оьздангаллехь кагдар хилла, динан дуьнегаран эволюци а, гуонахьара дуьненах хетарг шордалар а бахьнехь. Говзаллин йукъаметтигашкахь гуш ду, йуккъера бӀешерийн говзанчашна антикаллех дерг хьалха а хаара, цуьнан кепаш а лелайора шайн кхолламашкахь[5], амма, Вазаран билгалоца, уьш галдахар, «XV бӀешеран чаккхенгара — XVI бӀешеран йуьххьера йеккъа Италехь хилла контаминаци — органикца хаза кепаш иэр, уьш йина антикаллехь, керстачеран гуманизман а, пантеизман а» керла ойланашца[6].

Йукъара амал нисйе бӀаьра

 
«Витрувианийн стаг» Леонардо да Винчи

Керла оьздангаллин парадигма кхоллайелла Европин йукъараллин кардиналан хийцаман бахьнашца.

Башха маьӀна Дендалар хӀоттарехь хилла Византийн пачхьалх йожар а, шайца шайн библиотекаш а, говзаллин кхолламаш а схьаэцна Европе византихой бовдар а. Кхолламаш чохь дара дуккха а антикаллин хьосташ, уьш ца довзура йуккъера бӀешерийн Европина, цар иштта дӀакхехьара антикаллин оьздангалла, Византехь иза цкъа а йиц ца лора. Иштта, визатийн лекторан къамелах битам хилла, Козимо Медичис кхоьллира Платонан академи Флоренцехь.

ГӀаланаш-республикаш тӀекхетаро, тӀетоьхна чкъоьрийн Ӏаткъам, цара дакъа ца лаьцна феодалийн йукъаметтигашкахь: говзанчийн а, пхьерийн а, махлелочеран а, банкирийн а. Царна массарна а иерархин мехаллин система неха хетара, иза кхоьлллинера йуккъерабӀешеран, дукхаха дерг килсийн оьздангаллин, цунан халбаталла, эсала син. Цуо далийна гуманизме — йукъараллин-философин боламе, иза адаме хьожу, цуьнан къонахалле, цунан паргӀатоне, цуьнан жигара, кхуллу гӀуллакхе лакхара мах болу а, йукъараллин институтийн мехаллин билгалонашка.

ГӀаланашкахь кхоллайала йуьйлайелира дуьненан Ӏилман а, говзаллин а центраш, церан гӀуллакх килсан тергонехь дацара. Керла дуьнене хьажар дирзира антикалле, цунна чохь гора гуманизман а, халбатхочун доцу а йукъаметтигаш. XV бӀешеран йуккъехь Жайнаш зорба тохар кхолларо йоккха роль ловзийна антикаллин тӀаьхье йерриг Европехь йаржорехь.

Дендалар Россехь нисйе бӀаьра

Россехь йацара Ренессанс йуьхьанцара маьӀнехь оцу терминан.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Комментареш нисйе бӀаьра

  Коммент:

Хьосташ нисйе бӀаьра

  1. Online Etymology Dictionary. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 26 февраль. Архивйина 2009 шеран 29 июнехь
  2. Аполлон. Изобразительное и декоративное искусство. Архитектура. Терминологический словарь. — М.: НИИ теории и истории изобразительных искусств РАХ—Эллис Лак, 1997. — С. 101
  3. Гарэн Э. Проблемы итальянского Возрождения. — М.: Прогресс, 1986. — С. 35—36
  4. Февр Л. Как Жюль Мишле открыл Возрождение (1950) //Бои за историю. Серия: Памятники исторической мысли. — М.: Наука, 1991. — С. 377—387. — ISBN 5-02-009042-5
  5. Панофский Э. Ренессанс и «ренессансы» в искусстве Запада. — М.: Искусство, 1998. — С. 51
  6. Власов В. Г. Возрождение // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства. В 10 т. — СПб.: Азбука-Классика. — Т. II, 2004. — С. 471—472

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра