Де́шар — марталлин Ӏалашо хӀоттийна кхиоран а, Ӏаморан а процесс, ткъа кхин а хаар, карадерзор, мехала тӀехьажам, белхан а, компетенцин а зеделларг Ӏамор[1]

Берийн бешах йолу класс, Афганистан
Хьалхара школа, Мексика

Шуьйрачу маьӀнехь, дешар — хьекъал, амал, стеган физикин таронаш кхоллало процесс я сурсат. Адаман зеделларг и адам делчи дан а ца довш, гулдо юкъараллехь кхиина хьекъал бахьнехь, къамелаш дан хаарехь, иштта гулделлачу зеделлачо кхоьллира оьздангалла. Оьздангалла – цхьаьна стеган зеделларг дац, ткъа йукъараллин зеделларг ду. Дешар и оьздангаллехь керла чкъоьрнашна гулдина хаарш дӀадаларан процесс ю. Дешар Ӏалашо хӀоттийна Ӏамадо юкъаралло дешаран меттигашкахула: берийн бошмашкахь, ишколашкахь, колледжашкахь, университеташкахь, кхин меттигашкахь, амма цуо ша дешаран таро дӀа ца йоккху, хӀунда аьлча шуьйра баьржина интермаша[2] хиларна.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Федеральный закон "Об образовании в Российской Федерации".
  2. George F. Kneller. Introduction to the Philosophy of Education. New York: John Wiley and Sons, 1971. P. 20—21

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Дешар каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).