Журна́л (фр. journal — дневник, фр. jour — де) — зорбанан муьран арахоьцург. ГОСТ 7.60-2003 иштта билгалдоккху «Зорбан арахоьцург»: хийца ца луш йолу рубрикаци йолуш а, тӀехь статьяш йолуш тайп-тайпана йукъараллин а, политикин а, Ӏилманийн а хаттарашца доьза, литературин а, исбаьхьаллин а произведениш тӀехь йолу муьран арахоьцург.

«Вокруг света» - Россиехь хьалха арахеца долийна журналашах цхьаъ

Газета санна, журнал ду коьрта массийн информацийн а, пропагандийн а гӀирс, Ӏаткъам бо йукъараллин хетарган, цхьайолу политикин партийн а, идеологин тобанийн а, юкъараллийн классийн а лаамца и хетарг хуьйцу. Компьютеран версткийн технологиш юкъаялча, бос болу зорба тохар яржийча журналаш хили коьрта рекламан гӀирс.


Хьажоргаш нисйе бӀаьра