Исламан рузма

бусалбанийн беттан рузма

Исламан рузма (Ӏаьр. التقويم الإسلامي‎‎), Хӏижрин беттан рузма (Ӏаьр. التقويم الهجريّ القمريّ‎‎) йа Ӏаьрбийн рузма (Ӏаьр. التقويم العربيّ‎‎) — иза беттан рузма (календарь) йу, динан дезденош билгалдахархьама бусалбанаша лелош йу иза. 2016 шо кхаччалц цхьаболчу бусалбачу мехкашкахь лелайора официалан рузма санна. Шераш дагардан долийна ХӀижратера (16 июль вайн эран 622 шо)[1]Мухьаммад пайхамар ﷺ а, дуьххьарлера бусалбанаш а Маккара Мадинате дӀакхалхарна тӀера. Цундела бусалбачу мехкашкахь оцу рузманах «ХӀижрин рузма» олу.

Рузма
Рузманах дерг
Рузман
тайпа

Беттан

ЧухӀоттам
високосийн
11/30 (Ӏаьрбийн цикл)
3/8 (туркойн цикл)

Кхин рузманаш
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеранАссирийнАцтекийнБахаинБенгалийнБуддийнВавилонанВизантийнМалхбаленславянийнВьетнаманГильбурданГолоценанГригорийнГуьржийнДарийнШирагрекийнШирамисранШирахӀиндинШирагӀажарийнШираславянийнЖугтийнЗороастрийнХӀиндийнИнкийнИрананИрландинИсламанКельтийнЦийнКонтанКоптийнМалайнМайянМасонийнМиньгоНепаланКерлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григориананРуманРумийнСимметринСоветийнЦхьанаэшшарнигТамилан • Тайхойн: беттан, маьлханТибетанКхаазаманТуванТуркменийнФранцузийнХакасийнХанаанейнХараппийнЧучхеШведийнШумерийнЭфиопийнЮлианийнЯванЯпонийн
Тахана

пӀераска

19 апрелехь

2024


10 Шавваль

1445

[карлаяккха]

Рузманан структура нисйе бӀаьра

Де-буьйса, бусалбанийн рузманца долало малх чубуьзча, григорианан рузманца санна буьйса юккъе яхача ца болало. Бутт болало неомени хилча, аьлча а, Беттан хӀоз маьркӀажа хенахь бутт кхетарехь дуьххьара ма-гиннехь. Дукха хьолахь хуьлу бутт кхетначул тӀаьхьа 1—3 де даьлча.

Синодикан беттан бохалла хуьлу юккъера барамехь 29,53 де-буьйса гергга, цундела исламан рузман баттахь хила тарло 29 йа 30 де. Нагахь 29-гӀа дийнан сарахь стиглахь Бутт гахь, тӀедогӀу де-буьйса керлачу беттан хьалхара лору. Нагахь Бутт ца гахь, тӀаккха керла де-буьйса беттан 30-гӀа хуьлу. ТӀетоьхна денош мегаш дац, цхьаъ де доцург, и де леладо бутт кхетар беттан 1-ра терахьан герга лелорхьама. И де юкъатуху зуль-хидж беттан.

Бутт кхетаран терахь лара атта делахь а, ахбутт боккъал маца кхета ала чӀогӀа хала ду. Иза дозу дукха факторех, масала, хенан-хӀоттам, атмосферан оптикан хьал, терго ечун географин хьал. Цундела хала ду керла бутт маца болало хьалххе хаьа. Цул сов, синодикан беттан бохалла, хила тарло, ялх сохьтал сов йа беха цуьнан юккъерачу барамал, цундела неомени тӀекхача тарло де хьалха а, де тӀаьхьа а Бутт гаран юьхьиган лардечу юккъерачу терахьал[2].

ХӀинца беттан юьхьиг билгалйоккху ши агӀо ю. Цхьаболчу мехкашкахь керла бутт тӀекхачар билгалдоккху къуона Бутт гаран факт хилча. Беттан хӀоз гар тешалла дан деза, лаххара а, тешаме волчу шина бусалбачо. Амма дукхаха болу исламан мехкашкахь лелайо астрономин бакъонаш, цара таро йо неомени тӀекхачар хьалххе билгала даккха. ХӀора махкахь шайн-шайн бакъонаш ю. Терхьан, беттан, шеран цхьаьнадаран йукъара бакъонаш ца хилар, дац билгала де гайтар. Цундела и чолхалла дӀаяккха оьшу кхин а кӀиранан де а.

Исламан рузман шо лаьтта 12 беттах, цунна чохь ду 354 йа 355 де. Тайп-тайпанчу мехкашкахь лелайо бес-бесара хийцадаларан циклаш 354 де долуш а, високосан 355 де долуш а. Високосан шо юкъадаккхар кхетадо, 12 синодикан бутт нисса 354 де цахиларо. «Ӏаьрбийн цикл» лаьтта 30 шарахь: 19 шо 354 де долуш, 11 високосан 355 де долуш. Високосан шераш 2, 5, 7, 10, 13, 16,18, 21, 24, 26, 29-гӀа. «Туркойн цикл» лаьтта 8 шарахь. Високосан шераш 2, 5, 7. Кхин цхьа де тӀетуху тӀаьхьарчу беттан[3].

Исламан рузман шо 10 йа 11 де маьлхан шерал доца долун дела, цуьнан беттанаш дикка сиха хийцало шеран замане хьаьжча. Масала, цхьана хенахь аьхкенахь хилла, цхьа хан яьлча Ӏай хуьлу.

Беттанаш нисйе бӀаьра

Исламан рузма

  1. Мухьаррам
  2. Сафар
  3. Рабиӏул-аввал
  4. Рабиӏус-сани
  5. Жумада аль-ула
  6. Жумада ас-сани
  7. Ражаб
  8. Шаӏбан
  9. Рамазан
  10. Шаввал
  11. Зул-къаӏдат
  12. Зул-хьижжат

Тахана: пӀераска
10 Шавваль 1445 г. х.

  1. Мухьаррам — (Ӏаьр. محـرّم‎‎) — беттан рузман хьалхара бутт бу. Ӏаьрбийн маттахь «мухьаррам» дош «хьарам дина», «ца магийна» ду. Оцу баттахь ца магадора тӀемаш дан.
  2. Сафар — (صفـر‎) — «можа». Цхьаьна версица, и цӀе гуьйренан беттан цӀе ю, ораматаш мажлуш, якъало.
  3. Рабиӏул-аввал — (ربـيع الأول‎) — беттан рузман кхоалгӀа бутт бу. Таханлерачу Ӏаьрбийн маттахь «раби» бӀаьсте далахь а, ширачу заманахь иштта олура гуьйренах. И бутт иштта гуьйренан бара.
  4. Рабиӏус-сани йа РабиӀул-ахир — (ربـيع الآخر‎ йа ربـيع الـثاني‎) — «шолгӀа Рабиӏ»
  5. Жумада аль-ула — (جمادى الأولى‎) — беттан рузман пхеалгӀа бутт бу. «Жумада» дош Ӏаьрбийн маттахь долу «гӀоро», «юкъйала» дешан орамах долу. Иза Ӏаьнан бутт хилла.
  6. Жумада аль-ахира (جمادى الآخرة‎), йа Жумада ас-сани (جمادى الـثاني‎) — «ахира» дош «тӀаьххьара» бохург ду.
  7. Ражаб — (رجب‎) — беттан рузман ворхӀалгӀа бутт бу. Ӏаьрбийн маттахь «ражаб» дош орам болуш ду «кхера» боху дашца. Раджаб — тӀамах ларваларан бутт бу.
  8. ШаӀбан — (شعـبان‎) — даьлла хандешах «декъадала». Оцу баттахь тайпанаш лелабоьлхура.
  9. Рамазан — (رمضان‎) — даьлла хандешах «цӀийдина хила». Оцу баттахь малхо латта дагадора, орамаш багабора.
  10. Шавва́л — (شوّال‎) — даьлла хандешах «метах вала». Шавваль — кхерстаран бутт.
  11. Зул-къаӏдат (Зул-къиӏдат) — (ذو الـقـعـدة‎) — даьлла хандешах «хина Ӏие, метах ма вала». Зуль-къаӀада — дӀахӀуттийлан бутт бу.
  12. Зул-хьижжат — (ذو الحجة‎) — даьлла хандешах «хьаьж дар».

Бехкамийн беттанаш нисйе бӀаьра

Бехкамийн беттанаш (Ӏаьр. الأشهر الحرم‎‎) — джахилан заманахь КаӀбатан гуонаха виен а, тӀемаш бан а, талла а ца магийна исламан рузман беттанаш. Иштта бутт биъ бу: зуль-къаӀдат, зуль-хьиджат, мухьаррам, раджаб. Бехкаман беттанаш исламехь деза лору[4].

Бехкамийн бахьна дара хьаьж доьхкучеран кхерамазалла, ткъа КаӀабате богӀучара латтайора лакхара йохк-эцар а, шортта са а. ТӀом ца бича ца бевлча, Ӏаьрбаша-жахилаша дӀатоттура «бехкаман» бутт хьалха а, тӀаьхьа а, тӀаккха паргӀата тӀемаш дора. Исламан историн хьалхарчу шерашкахь бусалбачара иштта лелабора и бехкамаш[5]. Амма, хӀиджратан шолгӀачу шарахь (Мединат кхалхар) раджаб бутт чекхболуш, Нахле хьажийна бусалбанийн талламан тобано бехкам боха а бина, тӀелетира маккахойн ковран. Бусалбачаьрца хиллачу тӀамехь вийра Ӏамр ибн аль-Хадрами, ткъа кхин цуьнан ши новкъахо йийсар вира. Маккан джахилаш бехке бира бусалбанаш йукъара тӀеэцна законаш дохорна, амма дукха хан ялале АллахӀа доссийра Мухьаммад пайхамарна Аль-Бакара сурат йукъара 217 аят, цуо бакъо елира бехкаман баттахь тӀом бан[6].

Исламан бакъончаша (факъихӀаша) боху, бехкаман беттанашкахь тӀом хьалха боло мегар дац, амма бакъо ю болийнарг дӀабахьа а, чекхбаккха а, нагахь тӀом кхечу баттахь болийнехь. Бехкам ца хьахало нагахь мостагӀ тӀелеттехь мехкан зулам дан Ӏалашо йолуш[7].

КӀиран денош нисйе бӀаьра

КӀиран де Ӏаьрбийн цӀе Транслитераци МаьӀна Билгалдаккхар
КӀиран де الأحد аль-Ахьад хьалхара
Оршот الإثنين аль-Иснийн шолгӀа Марха кхабар дика ду.
Шинара الثلاثاء ас-Суласа́ъ кхоалгӀа
Кхаара الأربعاء аль-Арбиа́ъ деалгӀа
Еара الخميس аль-Хами́йс пхеалгӀа Марха кхабар дика ду.
ПӀераска الجمعة аль-ДжумӀа гулам Бусалбачеран жамаӀатца перза ламаз даран де. Исламан мехкашкахь и де мукъа де ду.
Шот السبت ас-Сабт садаӀар

Хьажоргаш нисйе бӀаьра


  1. Азия и Африка сегодня Изд-во восточной лит-ры., 1992. С. 29.
  2. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 64. — 478 с. — 105 000 экз. — ISBN 5-02-014354-5.
  3. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 263—264. — 478 с. — 105  000 экз. — ISBN 5-02-014354-5.
  4.  5:2 </noinclude>Къуръан
  5.  9:36 </noinclude>Къуръан
  6.  2:217 </noinclude>Къуръан
  7. Али-заде А. А. Ашхур аль-хурум : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.