Канбе́рра[2] (инг. Canberra, олу [ˈkænbᵊrə]йа [ˈkænbɛrə][3]) — Австралин коьрта шахьар, мехкан уггаре йаккхийчех чоьхьара гӀала. Канберрин бахархой гӀала-спутникца Куинбианаца цхьаьна хуьлу 432 141 стаг (2016)[4]. ГӀала Австралин коьрта гӀалин мехкан административан йукъ йу, цунна йукъа йогӀу кхин а жима йуьртабахаман зона а, къоман Намаджи парк. Канберрин 250 км къилбаседа-малхбалехьа лаьтта Сидней, ткъа 450 км къилба-малхбузехьа — Мельбурн.

ГIала
Канберра
инг. Canberra
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
35°18′10″ къ. ш. 149°08′30″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Австрали
Статус Коьрта-гIала
Мохк Австралин коьрта гӀалин мохк
Коьрта министр Кэтти Галлахер
Истори а, географи а
Йиллина 1913 шарахь
Майда 471,78 км²
Центран локхалла 597 м
Климатан тайпа Субтропикин муссонийн (Cfb)
Сахьтан аса UTC+10, аьхке UTC+11
Бахархой
Бахархой 431 380[1] стаг (2020, мах хадийна)
Луьсталла 842 стаг/км²
Агломераци 432 141 (2016)
Официалан мотт ингалсан
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 0251, 0252, 0261, 0262
Поштан индекс 2600–2617
act.gov.au (ингалс.)
Картин тӀехь
Канберра картан тӀехь
Канберра

1908 шарахь хӀинцалера Канберрин мохк хаьржира Австалин Бертан хин йолу коьрта шахьар йогӀа, иза компромисс йара коьрта шахьран статус къуьйсучу шин гӀалин, Сиднейн а, Мельбурнан а йукъахь. ГӀишлошйаран бух буьллуш уггаре дика дизайнан дуьненайукъара къовсам дӀабаьхьанчул тӀаьхьа, иза болийра 1913 шарахь, схьаийцира Чикагора архитекторийн Гриффин Уолтера Берлин а, Гриффин Мэрион Махонин а план. Канберрин дизайнан бух хилира гӀала-бешан концепци, цуьнца Ӏалашо йара Ӏаламан ораматийн шуьйра зонаш йахкар, иза бахьнехь австралихоша коьрта шахьран цӀе тиллира «bush capital» (инг. маттера гочдича — «коллин коьрта гӀала»). ГӀала йоккха хиларна а, кхиарна а Дуьненан хьалхара тӀамо а Йоккха депрессино а новкъарло йина йолушехь, Дуьненан шолгӀа тӀамал тӀаьхьа Канберра къегина гӀала хила йолайелира.

Австралин правительствон резиденци а йолуш, Канберра — Австралин парламент, Лакхара суд, дуккха а министраллаш, агенталлаш лаьтта меттиг йу. ГӀалахь кхин а йу пачхьалкхан маьӀна долу йукъараллин а, оьздангаллин а урхаллаш, масала Австралин къоман галерей а, Австралин къоман музей а. Федералан правительство доккха дакъа лоцу гӀалин валови сурсаташна, иза йу уггаре йоккхачехь Канберрера белхан меттигаш латториг.

Этимологи нисйе бӀаьра

«Canberra» дош схьадолу нгабри олучу меттигера тайпанан диалектера, иза йукъадоьду нгуннавал олучу доьзалан тобанна, ма-дарра аьлча — «Kanbarra» дашах, иза гочдан мега нгуннавалийн ширачу маттара, «гуламан меттиг» санна[5]. И цӀе, гуш ду, лелайора корробори, йа австралин бухара бахархойн Ӏадатан гулам билгалбоккхуш, и гулам бора нгуннавал тайпин шеран заманан кхелха хан тӀекхаьчча, цигахь дуура Agrotis infusa тайпана полларчийн нӀаьний, церан кхалхаран некъ иштта чекхболура хӀора бӀаьста оцу кӀоштахула[5].

Географи нисйе бӀаьра

 
Австралин коьрта гӀалин махкахь Канберра латтар. ГӀалин ворхӀ гуо билгалбаьккхина можачу басца: Къилбаседа Канберра, Къилба Канберра, Уоден-Велли, Белконнен, Уэстон-Крик, Таггеранонг, Гангалин.

Канберро дӀалоцу 814,2 км² майда[6], лаьтта Бриндабелла (инг. Brindabella Ranges) лаьмнашна гена йоццуш, Австралин малхбален бердйистан 150 км гергга. ГӀала лаьтта шунаш болчу аренашкахь 550 - 700 м лакхахь. Уггаре лекха меттиг — Маджура лам (инг. Mount Majura, 888 м)[7][8]. Кхечу лаьмнех билгалдовлу Тейлор лаьмнаш (инг. Mt Taylor), Эйнсли лаьмнаш (инг. Mt Ainslie), Магга-Магга лаьмнаш (инг. Mt Mugga Mugga), Блэк-Маунтин лаьмнаш (инг. Black Mountain). Канберрин гуобаьккхина хьаннаш йу, цигахь ийна меттигаш йу эвкалиптийн саваннаш, бай-аренаш, хьаннийн кӀошташ, уьшалаш, йекъа эвкалиптийн хьаннаш.

Портехула чекхдолу Молонгло эрк, иза цхьаьна агӀора къевлина чӀинг йоьттина, Канберрин йуккъехь лаьтта Берли-Гриффин Ӏам чура хин тӀегӀа цхьаьнаэшшара латторхьама[9]. Къилбаседа-малхбузен декъехь Молонгло кхета Маррамбиджи (инг. Murrumbidgee) эрках, иза охьадоьду къилбаседамалхбузен агӀора Керла Къилбан Уэльсера Ясс гӀалин агӀорхьа[10]. Австралин коьрта гӀалин мехкан дозанехь Оукс-Истейт эвлана гена доццуш Молонгло эрках кхета Куеанбеян эрк (инг. Queanbeyan River). Молонгло а, Маррамбиджи а эркех кхета масех шовда а, масала, Джеррабомберра (инг. Jerrabomberra Creek) а, Ярралумла (инг. Yarralumla Creek) а. Ши шовда, Джинниндерра (инг. Ginninderra) а, Таггеранонг (инг. Tuggeranong) а, дӀакъевлина чӀингашца, цара кхуллу Ӏаьмнаш Джинниндерра (инг. Ginninderra) а, Таггеранонг (инг. Tuggeranong)[11][12][13]. Берли-Гриффин Ӏам баккхале Канберрин мохк гуттаренна а хи тӀедолуш бара[14][15].


Климат нисйе бӀаьра

Канберрин климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юьззина максимум, °C 41,4 42,2 37,5 32,6 24,5 20,1 19,7 24,0 28,6 32,7 38,9 39,2
Юккъера максимум, °C 28,0 27,1 24,5 20,0 15,6 12,2 11,3 13,0 16,2 19,4 22,7 26,1
Юккъера температура, °C 20,6 20,1 17,6 13,4 9,4 6,6 5,6 7,0 9,7 12,8 15,7 18,7
Юккъера минимум, °C 13,2 13,1 10,7 6,7 3,2 1,0 −0,1 1,0 3,2 6,1 8,7 11,3
Юьззина минимум, °C 1,3 3,0 −1,1 −3,7 −7,5 −8,5 −10 −8,5 −6,4 −3,3 −1,8 1,1
Йочанан норма, мм 59,3 56,1 50,8 46,0 44,7 41,1 41,3 46,6 52,3 62,7 64,2 52,5
Хьост: =Австралин метеорологин бюро

Канберрин климат континентан субтропикин йу, амма ламанан аматашца[16]. Иза бахьнехь Канберрехь даиман температурин дийнан-бусан даккхий лестарш хуьлу, аьхке дукха хьолехь барам боцуш йекъа ца хуьлу.

Географин шоралла а, локхалла а, бердйистан гена хиларна Канберре дика къаьста шеран йиъ зама. Дукхаха болу австралин бердашца болчу мехкашкара, цигахь йу йерриг штатийн коьрта шахьарш, климат хӀордо кӀадйо. Канберрехь аьхке йовха а, йекъа а йу, Ӏаьнаш шийла а, дохк йолуш а, сих-сиха гӀоролаш йолуш а хуьлу. Лаьмнаш а, цхьацца меттигаш а къовлу лайно[17]. ГӀалахь билгалйаьлла уггаре лакхара температура, 1968 шеран 1 февралехь, хилла 42,2 °C[18], уггаре лахара, билгалйаьккхина 1971 шеран 11 июлехь, — −10 °C[17]. Ӏай гӀалахь наггахь ло а догӀу, амма иза сиха деша. Сентябрера март кхаччалц хуьлу йочанаш. Максимум догӀа догӀу бӀаьста а, аьхка а.

ГӀалин планировка нисйе бӀаьра

 
Уэстон-Крик кӀоштара вилиспетхойн некъ.

Канберра йоьгӀна гӀалин планаца, иза кечйина америкин XX бӀешеран архитекторех уггаре говзачех цхьаъ волчу Гриффин Уолтер Бёрлис[19]. ГӀалин йукъан йу радиалан а, хӀоьзнийн а урамийн система, декъна шина перпендикуляран семанна: хин сема, йоьду Бёрли-Гриффин Ӏомаца охьа[20], лаьттан сема, йоьду парламентан гӀишлонан тӀера АНЗАК-Парейд (инг. ANZAC Parade) урамца къилбаседа-малхбален агӀорхьа, Эйнсли ламанан кӀажошкара, Австралин тӀеман мемориалан тӀекхаччалц. Меттиг йевза, «парламентан кхосаберг» аьлча, йиллина кхаа семанца: хьалхарниг йахйелла, парламентан гӀишло йолчура, Кэпитал-Хилл тӀера схьа, ДоттагӀаллин авенюца нисса (инг. Commonwealth Avenue) гӀуллакхийн йукъ йолчу кхаччалц Сити-Хиллан гуонаха, шолгӀаниг — Конституцин авенюга нисса (инг. Constitution Avenue) Расселл-Хилл (инг. Russell Hill) тӀера Дифенс гуоне (инг. Defence precinct) кхаччалц, кхоалгӀаниг — Кингс авенюца нисса (инг. Kings Avenue) Кэпитал-Хилле (инг. Capital Hill) кхаччалц[21].

Канберрин дисинчу декъан планировка йоьзна йу гӀалин гуонахьара кхаа лакхенах: лаьмнаш Эйнсли, Блэк-Маунтин[22], Бимбери[22].

 
Канберрин йуккъера дакъа коьртаниг дина Гриффинан планан бух тӀехь (масала, «парламентан кхосаберг»).
 
Таггеранонг шу а, иштта цӀе йолу тогӀи а гар.
 
ГӀала космосера гар.

Канберрин гӀаланан декъан зонийн структура йу: цунна чохь билгалдовлу гуонаш, гӀалин йаккъаш, гӀалин йисташ, промышленностан кӀошташ, эвланаш. ГӀала йекъна ворхӀ гуоне, хӀора а царех йекъало кӀошташка, йу шен коммерцин а, йукъараллин а йукъ[23]. Гуонашка охьахевшира лахарчу рогӀехь:

Къилбаседа а, Къилба а Канберра гуонаш доккхаха долу дакъа йина Гриффин Уолтер Берлин планан бух тӀехь[22][28]. 1967 шарахь къоман коьрта шахьар кхиоран комиссис «Y-план» олу сацам бира, Канберрин махлелоран а, коммерцин а меттигийн тӀаьхьа кхиоран план, уьш йевза «гӀалин йаккъаш» санна, шайна йукъахь уьй йу чехка автонекъашца, церан латтаро Y элп дагадоуьйту: Y бух биллина Таггеранонг гуоно, ткъа чеккхенашкахь — Белконнен а, Гангалин а[29]. Канберра кхиар, цунна йукъахь, гӀалин план хӀоттор, латталелор, правительствон йуьззина тергонехь ду. Австралин коьрта шахьран мехкан дерриг латта 99 шарна аренде эцна къоман правительствегара[29].

ГӀалин дукхаха йолчу кӀошташкахь йу долара туьканаш, цуьнца цхьаьна, лаьтта йаккхий махлелоран йаккъашна гергахь, ткъа цара хьашташ кхочуш до масех вовшашца доза долу гӀалин кӀоштийн. Коммуналан гӀуллакхаш а, ишколаш а дукха хьолехь лаьтта меттигера туьканашна йа махлелоран йаккъашна гергахь. Канберрин дукхаха йолу кӀоштана цӀераш техкина хьалха хилла Австралин премьер-министрийн а, мехкан гӀарабевлла гражданийн а, хьалха охьахевшинчеран а лерам беш йа австралин меттигерачу меттанех йевлла цӀераш тохку[30].

Даффи (инг. Duffy) кӀоштахь — австралин ваьлнийн а, чӀингийн а. Кхечу пачхьалкхийн дипломатин миссеш коьртаниг лаьтта Ярраламла (инг. Yarralumla), Дикин (инг. Deakin), О’Малли (инг. O'Malley) кӀошташкахь. ГӀалин промышленностан кхо кӀошт йу Фишуик (инг. Fyshwick), Митчелл (инг. Mitchell), Хьюм (инг. Hume)[31].

Канберрин а, Бёрли-Гриффин Ӏоман а панорама. Анасиз тӀехь — Керла Къилба Уэльс.

Истори нисйе бӀаьра

 
1860 шарахь гергга дина БланделлгӀеран доьзалан цӀа, гӀала хьалха хевшинчу европахоша йинчу, кӀезиг йисинчу гӀишлойх цхьаъ йу.

Европахой бахкале болу мур нисйе бӀаьра

Европахой бахкале хӀинцалера Канберрин махкахь шеран замане хьаьжжина дехара австралин бухара нехан тайпанаш — нгуннавал а валгалу[32] а. ГӀалин къилба-малхбалехьара латтанаш тӀехь дехара нгариго тайпа, къилбаседехьа — гундунгурра, бердашца — юин, малхбузехьа — виратюри. Археологин хаамашца, хӀинцалера Канберрин кӀошта адам охьахиина 21 000 шо гергга хьалха[33].

Инфраструктура нисйе бӀаьра

Могушалла Ӏалашйар нисйе бӀаьра

 
Канберрин дарбанан цӀа

Канберрехь болх беш ду шиъ пачхьалкхан дарбанан цӀа: 600 меттиг болу Канберрин дарбанан цӀа (хьалха Уоден-Велли дарбанан цӀа), лаьтта Гэррен (инг. Garran) кӀоштахь, 174 меттиг болу Кэлвери дарбанан цӀа, лаьтта Брюс кӀоштахь. Ший а дарбанан цӀа цхьаьна хенахь дуб азин дарбанан цӀа, царна чохь хин болу медицинин белхалой Ӏамабо[34][35][36][37]. Уггаре даккхийчех долара дарбанан цӀа ду Джеймс Джонан (инг. John James Memorial Hospital) цӀа. Кхечу доларчу дарбанан цӀийнех билгала долу Кэлверин долара дарбанан цӀа (инг. Calvary Private Hospital) а, Къоман коьрта шахьран долара дарбанан цӀа Хелтскоуп (инг. Healthscope's National Capital Private)[38][39]. Хьалха Эктон ахгӀайренан тӀехь кхин а лаьттара дарбанан цӀа, Канберрин паччахьан дарбанан цӀа (инг. Royal Canberra Hospital), амма 1991 шеран 27 ноябрехь из адӀакъевлира, ткъа 1997 шарахь эккхийтира, Австралин Къоман музей[40][28][41][42][43] йиллархьама.

Транспорт нисйе бӀаьра

 
Канберрин автобус ACTION № 892 — Renault PR100-2 Ansair (MkII) корпусца
 
Канберрин йукъ Таггеранонгца йоьхку ладаме транспортан пхенийн Таггеранонг некъ лакхара гар
 
Дуьненайукъара аэропортан терминал
 
Канберрин цӀерпоштнекъан вокзал

Канберрехь дӀасалеларан коьрта гӀирс бу автомобиль[44]. Хьалха лелийна гӀалайилларан политико дика болх бина йолчу некъийн системина, иза къастало некъан чкъоьран лакхара дикаллица. Канберрин гуонаш вовшахтесна дикачу некъашца, леларан сихаллин доза тоьхна 80—100 км/сахьт[45][46]. Гуонийн дукхаха йолу кӀошташ йихкина тӀедогӀучу некъашца.

Пачхьалкхан адам дӀасалелоран автобус Канберрехь йу «Australian Capital Territory Internal Omnibus Network» компани. Шен долара транспортца адам гӀалахула а, луларчу Керла Къилба Уэльсан кӀошташкахула дӀасалелориг йу «Transborder Express»[47] а, «Deane’s Buslines» а[48][49]. ТӀаккха а автобусан хаам меттигера бахархоша кӀезиг лелабо: оцу тайпана транспорт тӀехь дӀаса ца лела 4,6 % Канберрин бахархой бен. 5,5 % гӀоле хета балха баха гӀаш йа вилиспет тӀехь[50]. Долара автобусаша Канберрин уьйр латтайо гергахь лаьттачу Керла Къилба Уэльсера гӀаланашца. ГӀалахь такси а йу (коьрта компанеш — «Aerial Consolidated Transport» а, «Cabxpress» а)[51].

2015 шарахь Канберрехь бан болийра бай цӀерпоштнекъ[52]. Дуьххьара дӀайеллар билгалдаьккхина 2019 шарна.[53]

ГӀалин цӀерпоштнекъашца уьйр йу Австралин кхечу гӀаланашца. Канберрин цӀерпоштнекъан станци лаьтта Кингстонан кӀоштахь. 1920 а, 1922 а шерашна цукъахь цӀерпоштнекъан га дехьаделира Молонгло эркана, тӀаккха дӀахьаьдира къилбаседехьа, амма хи хьаьддачул тӀаьхьа из адӀакъевлира, кхин цкъа а то ца дира[54][55].

Канберрехь кхиина вилиспедан некъийн маша бу, цуо уьйр латтайо дерриг гӀалин гуонашна йукъахь, кхин а вилиспортхошна лерина цхьа могӀа башха ламанан некъаш ду.[56]

Канберра лаьтта Сиднейн автомобилан тӀехь федералан новкъа вахча кхо сахьт генахь (Къоман 23 шоссе, инг. National Highway 23)[57], цуьнан уьйр йу Къоман 25 шоссеца, ткъа Мельбурнера схьа Къоман 25 шоссен тӀехула ворхӀ сахьтехь[57].

2016 шо кхачале Канберрин аэропорто чухула болх бен ца бора, дукхаха дерг, Сидней, Мельбурне, Брисбене, Аделаиде, Перте лелара авиакомпаниеш Qantas а, Virgin Australia[58]. 2016 шеран 21 сентябрехь хьалха Singapore Airlines авиакомпанис дӀайиллира дуьххьарлера дуьненайукъара рейс[59] , ткъа 2016 шеран ноябрехь Qatar Airways авиакомпани йолайелира[60] Канберрера дуьненайукъара рейсаш йан.

ГӀаланаш-вежарий нисйе бӀаьра

Канберра гӀала-ваша йу лахарчу гӀаланийн:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Regional population, 2019-20 (инг.). Australian Bureau of Statistics. ТӀекхочу дата: 10 октябрехь 2021.
  2. БЭС, статья «Канберра». М.: «Большая Российская энциклопедия»
  3. Macquarie ABC Dictionary. — The Macquarie Library, 2003. — С. 144. — ISBN 1-876429-37-2.
  4. The population of the Australian Capital Territory.
  5. 1 2 Place Names 61. 1932–1982: National Library of Australia (13 майхь 1964). ТӀекхочу дата: 22 февралехь 2011. Архивировано 27 мартехь 2011 года.
  6. Planning Data Statistics. ACT Planning & Land Authority (21 июлехь 2009). ТӀекхочу дата: 13 майхь 2010. Архивировано 2 августехь 2008 года.
  7. Lady luck or lucky lady? The Queanbeyan Age (19 июлехь 2002). Архивировано 3 мартехь 2012 года.
  8. Canberra Nature Park: Mt Majura Nature Reserve. ACT Government Territory and Municipal Services (2004). ТӀекхочу дата: 13 майхь 2010. Архивировано 26 мартехь 2012 года.
  9. Sparke, 1988, pp. 131—132.
  10. Gibbney, 1988, inside cover.
  11. Sparke, 1988, pp. 181—182.
  12. Lake Ginninderra. ACT Government Territory and Municipal Services. ТӀекхочу дата: 17 сентябрехь 2013. Архивировано 28 июнехь 2013 года.
  13. Williams, 2006, p. 260.
  14. Sparke, 1988, pp. 4—7, 13-14.
  15. Scrivener Dam(бил-боцу.). — National Capital Authority(ингалс.). — С. 1—2. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 7 майхь 2014. Архивировано 1 майхь 2013 года.
  16. Climate: Canberra - Climate graph, Temperature graph, Climate table. Climate-Data.org. ТӀекхочу дата: 5 сентябрехь 2013.
  17. 1 2 Climate of Canberra Area. Bureau of Meteorology. ТӀекхочу дата: 13 майхь 2010. Архивировано из оригинала 12 июлехь 2009 года.
  18. 1301.0 - Year Book Australia, 2002 (mis). — Australian Bureau of Statistics, 2002. — 25 January. Архивйина 2012  шеран  29 октябрехь. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 3 декабрехь 2019. Архивировано 12 октябрехь 2012 года.
  19. Wigmore, 1971, pp. 60—63.
  20. Wigmore, 1971, p. 67.
  21. Universal Publishers, 2007, pp. 10—120.
  22. 1 2 3 Wigmore, 1971, p. 64.
  23. Universal Publishers, 2007, pp. 10—60.
  24. Gibbney, 1988, pp. 110—200.
  25. 1 2 Sparke, 1988, p. 180.
  26. About Weston Creek, Canberra. Weston Creek Community Council. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 12 июлехь 2012 года.
  27. Fitzgerald, 1987, p. 167.
  28. 1 2 National Capital Development Commission, 1988, p. 17.
  29. 1 2 Sparke, 1988, pp. 154—155.
  30. Place name processes. ACT Planning & Land Authority (11 майхь 2009). ТӀекхочу дата: 10 майхь 2010. Архивировано 19 апрелехь 2013 года.
  31. Johnston, Dorothy Cyberspace and Canberra Crime Fiction. Australian Humanities Review (сентябрь 2000). ТӀекхочу дата: 13 майхь 2010. Архивировано из оригинала 7 январехь 2011 года.
  32. Gillespie, Lyall. Aborigines of the Canberra Region(бил-боцу.). — Canberra: Wizard (Lyall Gillespie), 1984. — С. 1—25. — ISBN 0-9590255-0-2.
  33. Flood, J. M.; David, B.; Magee, J. & English, B. (1987), "«Birrigai: a Pleistocene site in the south eastern highlands» ([[::«Birrigai: a Pleistocene site in the south eastern highlands»|]])", Archaeology in Oceania Т. 22: 9–22 
  34. Hospitals. ACT Health. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 26 мартехь 2011 года.
  35. Canberra Hospital. ACT Health. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано из оригинала 16 июлехь 2010 года.
  36. Contact Us & Location Map. Calvary Health Care ACT. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 23 мартехь 2010 года.
  37. Public Hospital. Calvary Health Care ACT. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 18 июлехь 2008 года.
  38. Cronin, Fiona Chemo crisis to hit ACT patients. The Canberra Times (12 августехь 2008). ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 13 ноябрехь 2011 года.
  39. Welcome to Calvary John James Hospital. Calvary John James Hospital. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010.
  40. National Capital Development Commission, 1988, p. 18.
  41. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху map тIетовжаран йоза йаздина дац
  42. 15 years since hospital implosion tragedy. Fairfax Media (13 июлехь 2012). ТӀекхочу дата: 25 сентябрехь 2013. Архивировано из оригинала 14 июлехь 2012 года.
  43. Reynolds, Fiona Increasing pressure on ACT Chief Minister. A.M.. Australian Broadcasting Corporation (5 ноябрехь 1999). ТӀекхочу дата: 2 июнехь 2009. Архивировано 4 ноябрехь 2012 года.
  44. Canberra's transport system (PDF). Parliament of Australia. ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано 7 февралехь 2012 года.
  45. Survey shows speeding at disputed camera site. Chief Minister's Department (17 июлехь 2007). ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010.
  46. Speeding. Australian Federal Police (20 майхь 2008). ТӀекхочу дата: 23 апрелехь 2010. Архивировано из оригинала 12 ноябрехь 2009 года.
  47. About Us. Transborder Express. ТӀекхочу дата: 25 февралехь 2014.
  48. About Us. Deane's Buslines. ТӀекхочу дата: 25 февралехь 2014. Архивировано 25 февралехь 2014 года.
  49. Corporate. ACTION. ТӀекхочу дата: 25 февралехь 2014. Архивировано из оригинала 5 февралехь 2014 года.
  50. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху 2001census тIетовжаран йоза йаздина дац
  51. Taxi company 'not concerned' at losing monopoly. Australian Broadcasting Corporation (3 февралехь 2007). Архивировано 18 февралехь 2012 года.
  52. Light Rail Network (инг.). Transport Canberra. ТӀекхочу дата: 23 ноябрехь 2016. Архивировано из оригинала 24 ноябрехь 2016 года.
  53. Canberra light rail contract signed (инг.). ТӀекхочу дата: 24 ноябрехь 2016.
  54. Network map. NSW TrainLink. ТӀекхочу дата: 7 мартехь 2014.
  55. Penguin Books Australia, 2000, pp. 20.
  56. Cycling in Canberra | VisitCanberra (инг.). VisitCanberra. ТӀекхочу дата: 28 декабрехь 2016.
  57. 1 2 Penguin Books Australia, 2000, inside cover.
  58. Where We Fly. Canberra Airport. ТӀекхочу дата: 7 майхь 2014. Архивировано из оригинала 4 апрелехь 2014 года.
  59. Sibthorpe, Clare Canberra's first Singapore Airlines flight touches down (инг.). Canberra Times (21 сентябрехь 2016). ТӀекхочу дата: 28 декабрехь 2016. Архивировано из оригинала 26 ноябрехь 2016 года.
  60. Canberra airport set to pick up second international carrier (инг.). ABC News (29 ноябрехь 2016). ТӀекхочу дата: 28 декабрехь 2016.
  61. 1 2 Canberra's international relationships. Chief Minister's Department. ТӀекхочу дата: 13 майхь 2019.

Литература нисйе бӀаьра

  • The Australian Capital Territory, Canberra the National Capital: Fifty years of Development. — Australian Bureau of Statistics. Архивйина 2011  шеран  29 июнехь.
  • Lake Burley Griffin, Canberra: Policy Plan. — Canberra: National Capital Development Commission, 1988. — ISBN 0-642-13957-1.
  • The Penguin Australia Road Atlas. — Ringwood, Victoria: Penguin Books Australia, 2000. — ISBN 0-670-88980-6.
  • UBD Canberra. — North Ryde, New South Wales: Universal Publishers, 2007. — ISBN 0-7319-1882-7.
  • Alan Fitzgerald. Canberra in Two Centuries: A Pictorial History. — Torrens, Australian Capital Territory: Clareville Press, 1987. — ISBN 0-909278-02-4.
  • Jim Gibbney. Canberra 1913–1953. — Canberra: Australian Government Publishing Service, 1988. — ISBN 0-644-08060-4.
  • Lyall Gillespie. Canberra 1820–1913. — Canberra: Australian Government Publishing Service, 1991. — ISBN 0-644-08060-4.
  • Greg Growden. Jack Fingleton: The Man Who Stood Up To Bradman. — Crows Nest, New South Wales: Allen & Unwin, 2008. — ISBN 978-1-74175-548-0.
  • Eric Sparke. Canberra 1954–1980. — Canberra: Australian Government Publishing Service, 1988. — ISBN 0-644-08060-4.
  • Justine Vaisutis. Australia. — Footscray, Victoria: Lonely Planet, 2009. — ISBN 1-74179-160-X.
  • Lionel Wigmore. Canberra: History of Australia's National Capital. — Canberra: Dalton Publishing Company, 1971. — ISBN 0-909906-06-8.
  • Dudley Williams. The Biology of Temporary Waters(ингалс.). — Oxford: Oxford University Press, 2006. — ISBN 0-19-852811-6.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Австралин коьрта гӀаланаш

Билгалдахарш нисйе бӀаьра