Керч[1] я бекх — еха, тӀе исхар тоханза чо болу кетар[2].

Нохчийн кетар
Нохчийн кетар
Кхакхан керч йоьхна стаг, 1900-гӀа шераш.
Кхакхан бекх йоьхна стаг, Чернигов мохк, 1870 а, 1889 а шерашна йукъахь.

Керч тоьгура дукха хьолахь кхакханах, амма лело тарлора цхьогалан, акха жӀаьлийн, пашбукъан цӀоканаш. Тоьгура даиман а чо чоьхьахь болуш[3] . Русехь керч йоцуш новкъа бовлуш ца хилла.

Яьржина нисйе бӀаьра

Керч — уггаре даьржина Ӏаьнан барзакъ ду Россехь (цхьаццанхьа нохчаша бекх олу), Монголехь, Кхазакхстанехь. Яржар кхетадо, кхакха кхерстачеран уггаре бораха а, баьржина а гӀирс хиларо, цара уьш миллионашкахь леладора. Тоьгу дукха хьолахь кхакханах я пхьагалан цӀуоканах. Чо чоьхьа берзийна хуьлу; ца хилча ца долу дакъа ду кач — боккха, охьакарчош, цуо дика къовлу шийла мох болуш. Керч еха хиларо а, лекха кач хиларо а, цунах уггаре даьржина Ӏаьнан барзакъ дира Евразин кхерстачеран, цуо дика къовлу дера аренан шийла мехех. Хан мел ели кхекхан керч яьржира Русехь а, уггаре хьалха къечу нахана йукъахь, тӀаккха хьалдолчеран а. Дукха хьолахь миска наха керч тӀе исхар ца тухура, ткъа тегарш дора, амма иштта гуттаренна ца хилла. XVII бӀешарахь керчаш тӀе тайп-тайпана кӀадеш детта долийра (керча ден дарж лакхара мел хуьлу, кӀади а деза хуьлура), наггахь тегарш дора тӀе мӀарний а тоьгуш. XVII — XVIII бӀешо долалуш Русехь керч лелайора аьхка а, шен йукъараллин а, бахаман а статус гайтархьама. Кхерстачеран иза хӀора дийнан духар дара, хӀунда аьлча уьш бехаш бара жаш, реманаш кхобуш, кхекхий шорта дара церан.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Ӏ. Т. Карасаев, А. Г. Мациев, Оьрсийн-нохчийн словарь, Москва, издательство «Русский язык», 1978, стр.1174
  2. Ушаков, 1940, с. 237.
  3. Шангина, 2006, с. 322.
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «керч»

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра