Эдвард Уолтер «Мус» Краузе (инг. Edward Walter "Moose" Krause; винчу хенахь тиллина цӀе — Эдвард Уолтер Кряучюнас (инг. Edward Walter Kriaučiūnas; вина 1913 шеран 2 февралехь, Чикагохь, Иллинойс штатехь, АЦШ — велла 1992 шеран 11 декабрехь, Саут-Бендехь, Индиана штатехь, АЦШ) — америкин баскетболхо, футболист, бейсболхо, йайнатлетикахо, студентийн командийн тренер а, спортан администратор а. Баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Краузе Мус
инг. Moose Krause
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой (баскетбол)
Тэкл (америкин футбол)
Харц цӀераш «Сай» (инг. "Moose")
Локхалла 192
Возалла 80
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1913 шеран 2 февраль({{padleft:1913|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Чикаго, Иллинойс штат
Кхелхина терахь: 1992 шеран 11 декабрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (79 шо)
Кхелхина меттиг Саут-Бенд, Индиана штат
Ишкол Институт Де Ла-Селле
(Чикаго, Иллинойс)
Колледж Нотр-Дам (1931—1934)

Командаш
Баскетбол:Америкин футбол:
Ӏамийна командаш
Баскетбол:Америкин футбол:Бейсбол:Администраторан карьера:
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
1976 Баскетболан Сийлаллин зал

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Краузе Эдвард вина 1913 шеран 2 февралехь Чикаго шахьран промышленностан Бэк-оф-зе-Ярдс кӀоштахь (Иллинойс штат) литвахойн иммигрантийн доьзалехь, дешна циггахь шен жимахволчу вешийца Филца Де Ла-Селле институтехь, цигахь левзира меттигерачу баскетболан, футболан, бейсболан командашкахь, шиъ чемпионийн титул а йаьккхира Чикагон католикийн баскетболан лигехь. Цуьнан да хаспаш дойуш вара, ткъа воккха волу ваша Феликс — капитан а, коьрта тренер а (1937) вара Литван гулйина командин уьш тоьллачу баскетболех ловзаран Европин чемпионаташкахь Ригехь (1937) а, Каунасехь (1939) а. Эдвардан америкин футболан ишколан тренер Бэрри Нормана йацйира цуьнан бакъ фамили Кряучюнас тӀера Краузе тӀекхаччалц, иза йаккха тӀех хала долун дела. Ӏаморан хьалхарчу шарахь Бэррис Эдвардан Ӏоттар йира, сай санна лекха волу цуьнга блок ца йан йелира дуккха а лохачу кӀантанна аьлла, цул тӀаьхьа цунна тӀехь чӀагӀйелира куньйа, ткъа иза гӀаравелира спортан дуьненахь «Сай» (инг. "Moose") цӀарца[1].

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1934 шарахь чекхйаьккхира Университет Нотр-Дам, цигахь кхаа шарахь левзира баскетболан «Нотр-Дам Файтинг Айриш» командехь, аьтту болуш карьера а йира. Краузе йукъахь волуш «Файтинг Айриша» цкъан а ца йаьккхира рогӀера чемпионат, Independent конференцин турнир, ткъа кхин а цкъан а ца йелира ФЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе[2][3][4]. 1931/1932, 1932/1933 шарахь, 1933/1934 шерашкахь «Файтинг Айриш» йукъахь Краузе Мус, центровойн позицехь ловзуш, хилира командин уггаре дика иччархо, иза бахьнехь йукъатуьйхира NCAA йерригамерикин гулйина командин[5][6][7]. 1989 шарахь Мус йукъавахийтира Индианин баскетболан сийлаллин залан[8], ткъа 2006 шарахь — Студентийн сийлаллин залан[9].

Валар нисйе бӀаьра

Дуьненан шолгӀа тӀом чекхболуш цуьнан дийзира цхьаьна шарна тренеран карьера сацо (1944—1945), оцу хенахь иза 14 баттахь гӀуллакхехь вара АЦШ тӀеман-хӀордан ницкъашкахь Тийнаокеанан тӀеман театран къилбехахь[10]. Краузе Мус велла пӀераскан дийнахь, 1992 шеран 11 декабрехь, вижина волуш дахаран 80-гӀа шарахь Саут-Бенд шахьрахь (Индиана штат)[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Reflections of the Dome (инг.). irishlegends.com. Irish Legends Letters. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2016 шеран 3 мартехь
  2. 1931-32 Independent Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2014 шеран 4 августехь
  3. 1932-33 Independent Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2014 шеран 4 августехь
  4. 1933-34 Independent Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2014 шеран 4 августехь
  5. 1931-32 Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2014 шеран 4 августехь
  6. 1932-33 Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2012 шеран 5 январехь
  7. 1933-34 Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2011 шеран 7 февралехь
  8. Edward Krause (инг.). hoopshall.com. Indiana Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 июль. Архивйина 2015 шеран 24 сентябрехь
  9. Edward Walter "Moose" Krause Chapter (инг.). moosekrause.org. University of Notre Dame. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2015 шеран 18 февралехь Архивйина 2015-02-18 — Wayback Machine
  10. "Moose" Krause Named Athletic Director at Notre Dame (инг.). news.google.com. St. Petersburg Times. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 июль. Архивйина 2017 шеран 6 мартехь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра