Кузнецова, Лариса Григорьевна

Ку́клина Лари́са Григо́рьевна (йинчу хенахь Кузнецо́ва; йина 1990 шеран 12 декабрехь , Тюменан областан Лабытнангехь, ) — российн биатлонхо, Российн чемпион, дерригдуьненан Ӏаьнан Универсиадан совгӀатхо, юниорашна йукъахь биатлонан дуьненан чемпион.

Биатлонхо
Лариса Куклина
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Куклина (Кузнецова) Лариса Григорьевна
Гражданалла
Йина терахь 1990 шеран 12 декабрь({{padleft:1990|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (33 шо)
Йина меттиг
Титулаш
Дуьненан чемпион 2 йукъахь
Нийса кхоссар
хаамашца 2019/20
Йукъара нийсалла 83%
Вижина 84%
ХӀоьттина 82%
Карьера (Дуьненан кад)
Шен подиумаш 2 ( x 1 + x 1 + x 0)
Мидалш
Универсиадаш
Деши Трентино 2013 ийна эстафета
Борза Алма-Ата 2017 тӀаьхьалелар 10 км
Деши Алма-Ата 2017 ийна эстафета
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

2001 шарахь дуьйна лийлира спортан ишколан лыжаш хахкаран декъе, тренер гӀарайаьллачу биатлонхочун Ахатова Альбинин да Ахатов Хьамид вара. 2003 шарахь Ларисина йелира лыжаш хахкарехь хьалхара баккхийчеран разряд.

Юниорийн карьера нисйе бӀаьра

Лыжаш хахкаран тайп-тайпана хьалхейаккхарийн масийттаза толамхо хилла. Кенай ахгӀайренан тӀиера (Аляска, АЦШ) 2006 шеран Арктикан Ӏаьнан ловзаршкахь Кузнецовас йоккху йиъ деши мидал: эстафетан хехкаршкахь, 5 км хехкаршкахь, 750 м спринтехь, 5 км масс-стартехь.

2006 шарахь Лариса шен ницкъашка хьаьжира биатлонехь, кхочуш йира спортан говзанчийн кандидатан норматив.

2009 шарахь биатлонан гулйинчу командан йукъахь Лариса йоьду Кенморехь (Канада) хиллачу шен хьалхара юниорашна йукъара дуьненан чемпионате, цигахь эстафетехь Галич Ольгица а, Погорелова Анница а цхьаьна йоккху дешин мидал. ШолгӀачу шарахь иза йуха а харжало Швецин Турсбюхь йолчу юниорашна йукъара дуьненан чемпионате, хӀора къовсамехь топ-10 йукъайоьду. 3х6 км эстафетехь российхой Кузнецова Лариса, Перминова Светлана, Калина Анастасия туьйлира, кхоъ бен сов патарма а ца лелош, ах минот хьалхабевлира Норвегин а, Германин а командел.

2010 шеран Юниорийн Европин чемпионатехь Отепяхь йукъахь Кузнецова Лариса, Калина Анастасия, Петрова Евгения, Буртасова Максима болу гулйина командо йехира детин мидалш, Францел бен тӀехьа ца йуьсуш.

2010/2011 шо Ларисас долийра юниорийн гулйина командан лидеран статусехь, амма юниорашна йукъара дуьненан а, Европин а чемпионате харжаман къовсамаш болабала дукха хан йоцуш иза чӀогӀа лазийра, иза бахьнехь къийсамаш йукъаха бита бийзира. БӀаьста, човнаш йуьззина тоелла йаьлча, Кузнецовах хуьлу абсолютан толамхо российн юниорашна йукъара къовсамехь.

Баккхий дуьненайукъара къийсамашкара жамӀаш нисйе бӀаьра

Шо ДӀаяхьаран меттиг Хан Шен Спр ТӀ Эст
2009 ДЧ   Кенмор U19 10 10 9 1
2010 ДЧ   Турсбю U19 5 8 5 1
2010 ЧЕ   Отепя U21 16 6 5 2

Баккхийчеран карьера нисйе бӀаьра

2010/11 шо чекхдолуш къийсалуш йара баккхийчарна йукъахь. 2011 шарахь йаьккхира ворхӀалгӀа меттиг марафонан хехкаршкахь Российн чемпионатехь.

2011 шеран аьхка Лариса йуха а лазийра, 2011/2012 шеран йуьхьиг йукъаха йитира. Январехь иза йуха а йолайелира къовсамашкахь дакъалаца, Российн чемпион хилира командан хехкаршкахь а, патрулийн хехкаршкахь а, эстафетехь а, детин совгӀатхо хилира суперпасьютехь а, марафонехь а. Шеран жамӀашца кхоалгӀа меттиг йаьккхира Российн кедан йукъарчу чоьтехь, ийшира Загоруйко Анастасиял а, Кунаева Аннел а.

2012 шеран бӀаьста кхайкхийра, Кузнецова, куьйгаллехь Гурьев Леонид волу, кегийрхойн биатлонан гулйина командан декъан йукъайахана аьлла.

Аьхкенан биатлонан Российн чемпионатехь Ларисас толам баьккхира шенна хахкарехь а, эстафетехь а.

2012/2013 шарахь «Ижевн топ» турнирехь туьйлира шенна хахкарехь.

Дакъалецира 2012/2013 шеран IBU кедехь, дебютан муьрехь Идрехь йаьккхира уьссалгӀа меттиг спринтехь, ткъа шолгӀачу муьрехь Бейтостоленехь совгӀатан меттигаш йехира — кхоалгӀа шеннан хахкарехь, шолгӀа — спринтехь. 2012/13 шеран йукъарчу чоьтехь йаьккхира ворхӀалгӀа меттиг. Кхин а дакъалецира 2013/14 а, 2014/15 а шерашкара IBU кедан къовсамехь, 2013/14 шарахь Валь-Мартеллора муьран пасьютехь йуха а гайтира шен уггаре дика жамӀ — шолгӀа меттиг.

2013 шарахь даьккхира Универсиадан борзанан совгӀаташ ийначу эстафетехь. 2017 шарахь хилира Универсиадан борзанан совгӀатхо тӀаьхьахахкаран къовсамехь.

Дакъалецира 2016 шеран аьхкенан биатлонан дуьненан чемпионатехь Отепяхь, бархӀалгӀа меттиг йаьккхира спринтехт, иссалгӀа — тӀаьхьахахкаран къовсамехь.

Дуьненан кад нисйе бӀаьра

Дебют хилира Российна толаман болу зударийн эстафетехь Оберхофехь 2019 шеран 13 январехь Дуьненан кедан доьлгӀа муьрехь. Шенна хахкарехь дуьххьара дакъалецира тӀаьхьарчу муьрехь — спринтехь Рупольдингехь 2019 шеран 17 январехь (48-гӀа меттиг). Дуьххьара очкеш ца йаьхна кӀира даьллачул тӀаьхьа бен, 26 январехь, тӀаьхьахахкаран къовсамехь Антхольцехь.

2019 шеран 5 декабрехь карьерехь дуьххьара 2019/2020 шеран биатлонан дуьненан кедехь йукъайахара уггаре дика 10 биатлохошна шенна хахкарехь, пхьоьлгӀа меттиг йаьккхина (шозза тӀе ца кхийтира) в шенна хахкаран къовсамехь Эстерсундехь. Российн биатлонхошна йукъахь, Лариса йара уггаре диканиг.

Дуьненан кедера къийсамийн статистика нисйе бӀаьра

Къийсамийн жамӀаш нисйе бӀаьра

Дуьненан кедера къийсамийн жамӀаш
2019/2020
ЖамӀаш
 
Эстерсунд
 
Хохфильцен
 
Анси
 
Оберхоф
 
Рупольдинг
 
Поклюка
 
ДЧ Антхольц
 
Нове-Место
 
Контиолахти
 
Холменколлен
Очкош Меттиг Сусм См Спр Инд Эст Спр Эст Пр Спр Пр МС Спр МС Эст Спр Пр Эст Сусм См Инд МС См Спр Пр Инд Сусм Эст МС Спр Эст МС Спр Пр Сусм См Спр Пр МС
271 25 18 5 5 69 2 28 14 27 30 30 7 36 19 4 13 48 23 23 7 8 16 5 10
2018/2019
ЖамӀаш
 
Поклюка
 
Хохфильцен
 
Нове-Меттиг
 
Оберхоф
 
Рупольдинг
 
Антхольц
 
Канмор
 
Солт-Лейк-Сити
 
ДЧ Эстерсунд
 
Холменколлен
Очкош Меттиг Сусм Ийна Шен Спр ТӀ Спр ТӀ Эст Спр ТӀ МС Спр ТӀ Эст Спр Эст МС Спр ТӀ МС Шен Эст Спр ТӀ Сусм Ийна Ийна Спр ТӀ Шен Сусм МС Эст Спр ТӀ МС
70 62 1 48 43 27 DNS DNS 7 16 22 29

Таблицехь гайтина спортхоша биатлонан шарахь даьхна меттигаш.

Шен — шенна хахкар
ТӀ — тӀаьхьахехкар
Спр — спринт
МС — масс-старт
Эст — эстафета
Ийна — ийна эстафета
СуСмсупермикст
DNS — спортхо хахка йезаш вара, амма ца хаьхкира
DNF — спортхочо хаьхкира, амма финише ца кхечира
LAP — спортхо хохкучу хенахь (тӀаьхьахахкарна а, масс-старташна а) тӀаьхьависира лидерал цхьа гуо сов, тӀаккха йукъараваьккхира
DSQ — спортхо гӀуда тоьхна йукъараваьккхина
– спортхочо дакъа ца лаьцна къовсамехь

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Российн Федерацин Президентан Баркалла (2013 шеран 24 декабрехь) — 2013 шеран XXVI Дерригдуьненан Ӏаьнан Универсиадехь, Трентино гӀалахь (Итали), лакхара спортан кхиамаш бахарна[1]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Кеп:Российн биатлонхой дуьненан кедехь