Кузнецова Нина Петровна (йина 1926 шеран 28 декабрь, Иркутск) — медицинан Ӏилманийн доктор (1974), дерматовенерологин кафедран профессор, Иркутскан пачхьалкхан медицинан университетан сийлахь профессор, Бурятин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо, РФ хьакъ долу лор.

Кузнецова Нина Петровна
Йина терахь 1926 шеран 28 декабрь({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (97 шо)
Йина меттиг Иркутск
Кхелхина терахь 2021 шеран 23 октябрь({{padleft:2021|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (94 шо)
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче дерматовенерологи
Альма-матер
Воьвзу сана Иркутскан дерматовенерологин ишкол кхоьллинарг
СовгӀаташ


Российн Федерацин Хьакъдолу лор

Биографи нисйе бӀаьра

Йина Иркутск гӀалахь Ӏилманчийн-медикийн доьзалехь. Нина Петровнин нана, Кузнецова-Мациевская Маргарита Петровна Иркутскан медицинан институтан акушераллин а, гинекологин а кафедран куьйгалхо болх беш йара, ткъа да — Кузнецов Пётр Прокопьевич — оцу кафедран ассистент вара, кхечу белхаца цхьаьна – Иркутск гӀалан центран бер даран цӀийнан коьрта лор.

Доьзалан ламасташ Ӏаткъам ца бойла а дацара дахаран некъ хоржуш, оцу новкъо Нина Петровна кхачийра Alma mater (Ӏилманан нана) пенашка — Иркутскан пачхьалкхан медицинан институте.

Институт чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, дӀаийцира клиникан ординатурера чкъоьран а, венерически а цамгарийн кафедре, цуо цигахь 48 шарахь болх бира, тӀаьхь-тӀаьхьа хьалайолуш: ассистент, доцент, дерматовенерологин кафедран куьйгалхо (1972 – 2005 ш.ш.), ткъа хӀинца — кафедран профессор.

1963 шарахь Н. П. Кузнецовас чекхдаьккхира кандидатийн диссертаци, тема: «Капиллярийн ангиомашна радиожигара фосфорца дарба даран гергара а, генара а жамӀаш». 1974 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци — «ТӀаьхьара чкъоьран порфири — полисистеман цамгар» теманца, 1975 шарахь цунна йелира Ӏилманан цӀе профессор, ткъа ЛДМ юбилейн даздаран гуламехь 2004 шеран 29 октябрехь — ИПМУ сийлахь профессоран цӀе.

Н. П. Кузнецован Ӏилманан коьрта агӀо хьакхаелла цайоьрзу дерматозийн патогенез а, терапи а, царна йукъахь чкъоьран тӀаьхьара порфири а. Оцу гӀуллакхах йаздина 1 докторан а, 5 кандидатан а диссертаци. Арахецна монографи «Порфири». Берриш Н. П. Кузнецован куьйга кӀелахь кечбина медицинан Ӏилманийн 2 доктор а, 11 кандидат а, царна йукъахь цуьнан кӀант Чащин Александр Юрьевич, иза ИПМУ дерматовенерологин кафедран ассистент болх беш а ву, кхин а дӀахьуш ву порфирийн а, фотодерматозийн а баланийн Ӏилманан агӀо.

Н. П. Кузнецован бу 350 сов зорба тоьхна болх, царна йукъахь 5 монографи, дозанал арахьара зорбанехь 16 болх. Арахецна 6 Ӏилманан белхийн гулам, дӀайаьхьна лоьрийн дерматовенерологийн 3 Йерригроссийн Ӏилманан-практикан конференци.

Н. П. Кузнецовас дакъалаьцна дуьненайукъара конгрессийн балхахь, докладаш дина Японехь, Францехь, ХӀиндехь, Монголехь, ткъа иштта тайп-тайпанчу Йерригсоюзан, Российн, регионийн гуламашкахь а, конференцешкахь а.

2004 шарахь Н. П. Кузнецован совгӀат дина «Российн дерматовенерологин гӀуллакх дарна». 1974 шарахь дуьйна дерматовенерологин йукъараллин Иркутскан регионан декъан председатель йу, Йерригсоюзан йукъараллин урхаллин президиуман декъашхо хилла, РФ МӀМ а, Ӏилманан Кхеташонан а баланийн комиссин декъашхо. 2000 шарахь хаьржина Монголин дерматологин Ӏилманан йукъараллин сийлахь декъашхо. Европин дерматологин талламийн йукъараллин декъашхо.

Н. П. Кузнецова — лакхара квалификаци йолу говзанча йу, дарбанан-консультацин гӀо дина ца Ӏа Иркутск гӀалан а, Иркутскан областан а бахархошна, амма Бурятин а, Монголин а бахархошна а до гӀо.

Библиографи нисйе бӀаьра

  1. Иркутский государственный медицинский университет (1919—1999)./ Состав. А. Г. Шантуров, Г. М. Гайдаров. Под ред. А. Г. Шантурова. — Иркутск, 1999. — 375 с.
  2. Шантуров А. Г. Биографический словарь заведующих кафедрами, профессоров, докторов наук ИГМУ (1920—1995). — Иркутск: ИГМУ, 1995. — 278 с.