Малхба́леДуьне хьийза агӀо. Малхбален агӀо перпендикуляран ю къилбаседе а, къилбе а агӀонашна, аьлчи а Дуьненан географин полюсашна, дуьхьала ю малхбузе агӀонна. Малхбален агӀонан +90° геодезин азимутца, −90° — астрономин азимутца.

Малхбале мехийн ровзанан тӀехь

Шен цӀе йелла оцу агӀора малх схьакхетар бахьнехь.

Малхбален нохчийн билгало — М-бале, къаьмнашна йукъара — E (east – малхбале).

Де-буьйса нислучу деношкахь Маьлхан маарта хуьлу нисса малхбалехь.

ХӀокху заманан карташ тӀехь малхбале аьтту агӀора хуьлу.

Оьздангаллехь нисйе бӀаьра

Малхбале — Дуьне шен семин гонаха хьийза агӀо ю; тергамчан го, Малх малхбалехь гӀаттар. Малхбале хьахайо дукхаха гуттара ширачу динашкахь. Керсталлин килс югӀуш дуьненан агӀонаш лору.[1][2]

Малхбале макрорегион санна нисйе бӀаьра

Малхбале дашо билгала доху Азин мехкаш (цу тӀе Европа — «малхбузен дуьне»). Термин Европин мехкашкахь йаьлла йолушшехь, Ази боккъала а лаьтта Дуьненан географин йукъал[en] малхбалехьа.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Orientation of Churches. Catholic Encyclopedia. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 3 декабрь.
  2. Peters, Bosco Architectural Design Guidelines 1. Liturgy.co.nz (2012 шеран 30 апрель). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 3 декабрь.

Литература нисйе бӀаьра


Дуьненан агӀонаш
  Къилбаседе  
Малхбузе   Малхбале
  Къилбе