Нухь

исламан пайхамар а, элча а

Ну́хь (Ӏаьр. نوح‎‎)‎‏ — иза Делан пайхамар а, элча а ву.

Нухь
Ӏаьр. نوح‎‎
Говзалла феллах
Вина терахь 3900 в.э. тӀейале
Вина меттиг Ӏиракъ
Кхелхина терахь 2950 в.э. тӀейале
Кхелхина меттиг Ур, Месопотами
Да Ламак
Зуда Амура, Ваиль
Бераш Хьам, Сам, Ям, Яфис
ГӀарадевлла белхаш Сефер ха-разим[d]

Дахар дӀайаздар нисйе бӀаьра

Дала беркат дина Адаман тӀаьхьенах, цуьнах хилла дуккха а божарий а, зударий а. ДӀасайаьржина Адаман тӀаьхье, алсам хилла иза. Ткъа, Адам вуха а веана, цунна шен бераш гича, цунна доьвзар дацара уьш. Цуьнга аьлча: ХӀара хьан тӀаьхье йу, хӀай Адам! — иза цецвер вара чӀогӀа. Цо эр дара: Сийлахь-цӀена ву АллахI! ХӀорш массо а сан бераш ду? ХӀара йерриг а сан тӀаьхье ю? Адаман тӀаьхьенан дуккха а йарташ хилла, цара дуккха а цӀенош дина. Цара латта охуш хилла, ялта дуьйш хилла, уьш бехаш хилла. Адамаш шайн де Адаман дин тӀехь хилла, АллахӀана Ӏибадат деш, Цуьнца хӀумма а накъост а ца луьйцуш! Адамаш цхьа уммат хилла, шайн да Адам а волуш, шайн Дела АллахI а волуш. Нухь жима волчу хенахь дуьйна, нийсачу новкъахь а волуш, АллахӀана мутӀахьвара. Цуьнан шовзткъе-итт шо долчу хенахь, АллахӀа иза пайхамар хаьржира, ширканаш болчу метте вахийтина цо иза. Нохьас деле кхайкхира цаьрца, ширкана дин Ӏад дитарца. Иштта цуьнан кӀант Йам а вара галваьлла. Дала омр дина хиллера цуьнга хӀорда-кема де аьлла.

  1. дӀасахьажор' Кеп:Къуръан чохь хьехийна пайхамарш

Хьосташ нисйе бӀаьра