Иван Николаевич Поцелуев (1915 22 декабрь (1916 шеран 4 январь), Аткарск[d], Саратовн губерни[d]2000 шеран 18 февраль, Сочи, Краснодаран мохк) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Иван Николаевич Поцелуев
Вина терахь 1915 22 декабрь (1916 шеран 4 январь)
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2000 шеран 18 февраль({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (84 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж лакхара лейтенант[d], Советийн гварди[d], капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.»

Биографи нисйе бӀаьра

Поцелуев винера 1915 шеран 22 декабрехь Аткарск гӀалахь (хӀинца Саратовн областехь) белхалон доьзаллехь. Цо чекхйаьккхира ворхӀ класс. Иза вара заводехь токарь болх беш[1].

1937—1940 шерашкахь иза ЦӀен Эскарехь вара. 1941 шеран июль дуьйна иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1942 шеран декабрь дуьйна иза фронтехь вара. 1945 шарахь иза КПСС декъашхо хилира[1].

1943 шеран декабрехь лакхара лейтенант Поцелуев вара 3-гӀа Украинин фронтан 8-гӀа гвардин армин 35-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 100-гӀа гвардин кхиссархойн полкан автоматчикийн ротан куьйгалхо. 19 декабрехь Поцелуевс дакъа лецира Никополь гӀалин уллехь мостагӀийн дуьхьалло йохайеш. Оцу тӀамехь Поцелуеван чевнаш йинера, амма тӀаман йукъара дӀа ца велира[1].

1944 шеран январехь Украинин Днепропетровки областан Николаевка йуьртан уллехь Поцелуевс шен ротан бӀаьхойца 100-гӀа гвардин кхиссархойн полкан куьйгалхон майор Воинкован теграме пунктан тӀелетта мостагӀаш йухатуьйхуьра. 1944 шеран 3 июнехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Поцелуеван Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

ТӀом чекхбаьлча капитан Поцелуев тӀаьхьаллоне велира. 1953 шарахь цо чекхйаьккхира Ленинградехь йолу махлелабаран школа. Иза Ӏаш вара Краснодаран махкан Сочи гӀалахь. 50 шо гергга иза вара Сочехь йолу № 1 гастроном. Иза велира 2000 шеран 18 февралехь[1].

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

1996 шарахь Поцелуев хилира Сочи гӀалан Сийлахь гражданин. Аткарскахь болу цхьана ураман йелира Поцелуеван цӀе. Цо даьшна школан тӀехь хӀоттийра цуьнан барельеф[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Я люблю тебя, жизнь/ Поцелуев И. Н. Литературная запись Семена Моняка — Издательство «РАСТР», 1996

Хьажоргаш нисйе бӀаьра