Асхьабаш

Мухьаммад пайхамаран накъостий
(Сахьабаш тӀера хьажжина кхуза)

Сахьа́би (Ӏаьр. الصَّحَابِيّ‎‎), дукхаллин терахь асхьа́баш (Ӏаьр. الأصحاب‎‎), йа сахьа́баш (Ӏаьр. الصحابة‎‎) — иза исламан термин йу, Мухьаммад пайхамарна ﷺ дуьхьал а кхетта, цуьнга ийман а диллина, ислам динехь а волуш, хӀора дӀакхелхинчунна лелош йу иза. Иштта асхьабех бу дуьххьара исламан элчаналла дӀадаьхьнарш а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ ансараш а, цунна гӀо дина болу, цуьнца накъосталла а лелийна, цуьнга ийман а диллина, цу тӀехь дӀакхелхинарш а бу[1]. Асхьабаш Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран дукхахдолчу декъехь цуьнца цхьаьна хилла бу, ислам дине кхайкхам бина чул тӀаьхьа. Исламан элчаналла дӀакхачош цара гӀо а дина цунна, масийттаза иза кӀелхьара а ваьккхина. Мухьаммад ﷺ кхелхинчул тӀаьхьа асхьабаша халифат кхоьллира, «нийсачу новкъахь болчу халифийн зама» олучу гӀарайаьллачу заманахь. ТӀаккха уьш шахьаршкахь дӀасабаьржира исламан Ӏилманаш а, жихӀад а даржо, иштта гӀаланаш а, пачхьалкхаш а схьайаккхархьама. Асхьабаш куьйгалладина дуккха а исламан тӀемашкахь: Шемахь а, Мисарахь а, Персойн махкахь а, Хорасанехь а, ХӀиндехь а, МаварааннахӀр-махкахь а.

Асхьабаш
Сурт
Сийнан суффикс Дела реза хийла царна[d]
Цуьнан рогӀераниг табиӀинаш[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Терминан къастам усулхошна а, мухьаддисашна а гергахь тайп-тайнапара бу Мухьаммад пайхамаран ﷺ сахьаби хила мел хан йеза аьлла. Усулхошна гергахь сахьабин къастам: «Мухьаммаднадуьхьал а кхетта, цуьнга иман а диллина, цуьнца дукха йеха зама йаьккхинарг ву». Ткъа мухьаддисашна гергахь: «Бусалба волуш цуннадуьхьал мел кхеттарг ву, шен ислам дин тӀехь дӀа а кхелхина, цуьнца сухьбаталла (сахьабалла) дахделлехь а, йа ца деллехь а».

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан