Себу́ (Cebú) — шен барамца йоьалгӀа[1] а, уггаре шира а Филиппинашкара гӀала ю. Себун агломерацин уггаре йоккха гӀала ю. Лаьтта Себу гӀайренан малхбален берда тӀехь, Мактан гӀайренан дуьххьала. Йоккха порт. Бахархой — 866 эз. вахархо (2010).

ГӀала
Себу
Cebú
Сурт
10°14′27″ къ. ш. 123°50′14″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Филиппинаш
Истори а, географи а
Йиллина 1565 шо
Майда
  • 315 км²
Центран локхалла 135 метр
Бахархой
Бахархой 866 171 стаг (2010)
Луьсталла 2700 стаг/км²
Агломераци Себу 2 551 100
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +63 32
Поштан индексаш 6000
cebu.gov.ph
Картин тӀехь
Себу картан тӀехь
Себу

Истори нисйе бӀаьра

ГӀала 1565 шарахь Лопес де Легаспис 44 шо хьалха Магеллан охьавоьссинчехь йиллина лору. Велла сийлахь новкъахо Себун луларчу гӀайрен тӀехь — Мактанехь. Манила йиллале хьалха ялх шарахь Себу Филиппинашкахь коьрта европин гӀала лаьттира. Оцу шерашкахь йина Сан-Педро гӀап XIX бӀешо чекхдаллалц йисира испанин олаллин бастион къилба Филиппинашкахь. Кхин а Себу гӀайрен тӀехь йолало керсталлин истори Филиппинашкахь. Магеллана хӀоттийна Себухь дечиган жӀар. Оригиналан жӀарах йисинарг чуйоьллина тиндало диттах йинчу кхечу, Ӏаьржа жӀаран. 1595 шарахь кхоьллира университет Сан-Карлос.

Топономика нисйе бӀаьра

ГӀалан цӀе схьаяьлла филиппинийн «sebu» дашах, цуьнан маьӀна дийнатийн мохь ду. Испанхой бахкале дуккха а хьалха Себу яра овхойн эвла, урхаллехь Раджи Хумабон а волуш.

Дешар нисйе бӀаьра

Тахана Себухь итт университет ю.

Климат нисйе бӀаьра

Климат тропикан — йовха а, тӀуьна а, шеран юккъера температуран барам +26,5 °C. Майра октябрь кхаччалц хьоькху къилба-малхбузера муссон «хабакат», ткъа ноябрера апрель кхаччалц — бекъа мехаш «амихан».

Себу климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юккъера максимум, °C 29,9 30,2 31,2 32,3 33,0 32,1 31,7 31,9 31,7 31,6 31,2 30,3
Юккъера температура, °C 26,8 27,0 27,8 28,8 29,4 28,7 28,3 28,4 28,7 {{{Окт_юкъ}}} {{{Ноя_юкъ}}} {{{Дек_юкъ}}}
Юккъера минимум, °C 23,8 23,7 24,4 25,4 25,9 25,3 24,9 25,0 24,8 24,7 24,7 24,2
Йочанан норма, мм 78,1 62,3 41,5 29,1 54,8 149,9 157,0 136,5 167,3 148,4 131,4 103,8

Вежараллин гӀаланаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра