Сулаквелидзе, Тенгиз Григорьевич
Тенги́з Григо́рьевич Сулаквели́дзе (1956 шеран 23 июль[1][2], Кутаиси) — советийн футболист, турсло, ахтурсло. Спортан дуьненайукъара классан говзанча (1980). Спортан хьакъ долу говзанча (1981).
Йуьззина цӀе | Сулаквелидзе Тенгиз Григорьевич | ||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1956 шеран 23 июль[1][2] (67 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | |||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 178 см | ||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | sweeper | ||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Карьера нисйе бӀаьра
Клубан нисйе бӀаьра
Кхиийна кутаисин «Колхида» клубан берийн командо (хьалхара тренер — Михаил Лосаберидзе) а, кутаисин «Торпедо» ишколо (тренер — Карло Хурцидзе). Карьера йолийна кутаисин «Торпедохь», цунна йукъахь левзира хьалхарчу лигехь 1974—1978 шерашкахь. 1978 шарахь дехьавелира тибилисин «Динамо», цунна йукъахь хилира 1978 шеран ССРС чемпион, ССРС Кад баьккхира 1979 шарахь, Кедийн кедан толамхо хилира 1980/81 шарахь. Карьера чекхйаьккхира 1989 шарахь шведийн ИФК (Хольмсунд) клубехь.
Гулйинчу командехь нисйе бӀаьра
ССРС гулйина командехь левзина 49 матчехь, чутоьхна 2 гол. 1988 шеран Европин вице-чемпион, 1980 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
Тренеран нисйе бӀаьра
1991 шарахь дуьйна тренер болх беш ву Гуьржийчохь шен академехь[3]. Хилла Гуьржийчоьнан футболан федерацин СТК председатель 1990—1998 шерашкахь[4], 14 шо кхаччалц йолчу «Къона динамохо» командин коьрта тренер[5]. 1994—1995 шерашкахь — Гуьржийчоьнан жимахойн гулйина командин коьрта тренер. 2000 шарахь — йуха а хӀоттийра Гуьржийчоьнан жимахойн гулйина командин коьрта тренер. Иза волуш команда аьттонза левзира Европин чемпионатан харжаман матчашкахь, тӀаккха Сулаквелидзеца контракт дах ца дира[6].
Шен дахар нисйе бӀаьра
КӀант Сулаквелидзе Тенгиз-жимахверг иштта футболист ву. Куьйгалла де шву ден академехь[7].
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
- ↑ 1 2 Tengiz Sulakvelidze // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ 1 2 Tengiz Sulakvelidze // FBref.com(бил-боцу.)
- ↑ Газета «Спорт-Экспресс» . ТӀекхочу дата: 2008 шеран 14 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2004 шеран 23 октябрехь
- ↑ Тенгиз Сулаквелидзе, Рамаз Шенгелия: «На этот матч мы приехали бы и на костылях» . sport-express.ru.
- ↑ Александр Чивадзе: «Наше поколение осталось в футболе благодаря Ахалкаци» . sport-express.ru.
- ↑ Тенгиз Сулаквелидзе освобождён от должности главного тренера юношеской сборной Грузии . sport-express.ru.
- ↑ «Цесна-2000» вернулась с победой!(ТӀе цакхочу хьажорг)}}
ХӀара ССРС футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |