Аль-Фатихьат

Къуръан чуьра хьалхара сурат
(Сурат Фатихьат тӀера хьажжина кхуза)

Аль-Фатихьат (Iарб. الفاتحةСхьадоьллург) — иза Къуръанан хьалхара сурат ду. Маккахь доссийна сурат а ду. Иза лаьтташ ду 7 айатах.

1 сурат — Аль-Фатихьат
ЦӀераш
Ӏаьрбийн цӀе الفاتحة
ЦӀеран гоч Схьадоьллург
Къуръан чохь долу меттиг
Суратан номер 1
Жузъ / хьизб 1 / 1
Доссор
Доссийна меттиг Макка
Доссийна хан ХӀижрат далале пайхамараллин хьалхара шераш
Доссоран къепе 5
Хьалха доссийнарг Аль-Муддассир
ТӀаьхьа доссийнарг Аль-Масад
Статистика
Дешнийн терахь / элпийн /
Кеп:Карточка/Викисклад
Переводы в Академии Корана
ٱلۡفَاتِحَةِ

Аль-Фа̄тихьат (Ӏаьр. الْفَاتِحَة‎‎ — «Схьадоьллург»), Ас-сабӀул-маса̄ни (Ӏаьр. السبع المثاني‎‎ — «Шозза-шозза ворхӀ»), йа Уммул-Китаб (Ӏаьр. أمّ الكتاب‎‎ — «Жайнин нана») — иза Къуръан чуьра уггар деза сурат ду. Маккахь доссийна ду иза, шена чохь ворхӀ аят а долуш. ДӀайаздарехь цуьнца дӀадолийна ду Къуръан, иза дешарца ламаз а дӀадоладо[1]. Аль-Фатихьат суратан дуккха а цӀераш йу, имам ас-СуютӀис «Аль-иткъан фи Ӏулумил-Къуръан» жайнин чохь, салафийн заманахь хиллачу къурраийн маттехула лелла йолу 25 цӀе йагарйина. Царах йу: аль-Къуръанул-Ӏазим а, сурат аль-Хьамд а, аль-Вафийят а, аль-Кафият а. Дукхахболчу Ӏеламнехан бартхиллла иза Маккахь доьссина а ду, Мухьаммад пайхамаро Маккара хӀижрат далале доьссина а ду аьлла. Иза пхоьалгӀа доссийна сурат лоруш ду, аль-Ӏалакъ а, аль-Къалам а, аль-Муззаммил а, аль-Муддассир а сураташ диссийначул тӀаьхьа[2].

Хьосташ нисйе бӀаьра

  1. أعظم سورة في القرآن الكريم (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 2 май.
  2. هدى القرآن (Ӏаьр.). هدى القرآن. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 2 май.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра