Тевзана (нох. Тевзана, Бастӏи) — Нохчийн Республикин Веданан кӀоштара эвла. Тевзанан йуьртан меттиган административан йукъ[2].

Эвла
Тевзана
Сурт
42°58′39″ къ. ш. 45°54′30″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Веданан
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — Таузен
1958 кхаччалц — Киров-Аул
199? кхаччалц — Киров-Юрт
Центран локхалла 625 м
Климатан тайпа бараме
Бахархой
Бахархой 3591[1] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусалбанаш суннийш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87131
Поштан индекс 366330
Автомобилан код 95, 20
ОКАТО 96204822001
Картин тӀехь
Тевзана картан тӀехь
Тевзана
Тевзана картан тӀехь
Тевзана
Тевзана картан тӀехь
Тевзана

Географи нисйе бӀаьра

Йуьрт лаьтта Жалкх эркан аьтту бердаца, МахкатӀе эвлан дуьххьала[3], кӀоштан йукъан Веденон 28 км малхбузехьа.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ЭгӀашта эвла, къилбехьа — МахкатӀе, малхбалехьа — Хоттане а, Элистанжа[4].

Микротопонимаш нисйе бӀаьра

  • ГӀалин дукъ - Тевзанан а, МахкатӀен а йуккъехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
  • Суьйла корта - Тевзанан малхбален йистехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
  • Ӏинал дехьа - Тевзанан йуккъехь.
  • ТогӀичу - Тевзанан малхбален декъехь[5].
  • Эвла тӀе - Тевзанан йуккъера дакъа.
  • Тевзанхойн лам - Тевзанан малхбален йистехь.
  • Цанин корта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистехь.
  • Билта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистера меттиг.
  • Элсичу - Тевзанан малхбален йистера меттиг.
  • КӀентий багийна арие - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, ЭгӀаштхойн ломан малхбален йистехь, Тевзанан къилбехьа.
  • Чолхан дукъ - Тевзанан къилба-малхбузехьа.
  • Тевзинхойн кӀотар - МахкатӀен 6 км къилбехьара кӀотар.
  • Чолха ирзо - эвлан къилбехьа, эркан аьтту бердаца[6]..

Истори нисйе бӀаьра

 
Харачойн Зеламхин Тевзанара хьех

1944 - 1958 шерашкахь, нохчийн а, гӀалгӀайн а депортаци йинчул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, Тевзанан цӀе хийцира Киров-Аул аьлла[7] ДАССР Веданан кӀоштан йукъахь йара[8].

1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлан цӀе хийцира Киров-Юрт аьлла. Таханлера цӀе йухаметтахӀоттийра 1990-гӀа шерашкахь.

Эвла йиллина элистанжахоша. Паччахьан администрацин, 19-гӀа бешеран шолгӀачу декъан терахь долчу, хаамашца, Тевзана йу Нохчийчоьнан уггаре ширачу 35 эвланах цхьаъ.

Эвлан гӀараваьлла йуьртахо — Гиреев Лорс-Хьаьжа, 1877—1878 шерашкарачу гӀаттаман тхьамданех цхьаъ. Прапорщик Муртаз-Ӏалис мотт тоьхна, инарла Смекаловс дегӀастанан гӀаттаман куьйгалхочуьнца МаӀадца цхьаьна йийсар вина 1877 шеран 24 октябрехь Тилитли эвлара тӀом чекхбаьлча. Ирх оьллина 1878 шеран 9 мартехь Ӏуьйрана 6 сахьт долуш кхин а 11 гӀаттаман куьйгалхочуьнца Соьлжа-ГӀалин центран майданехь[9].

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
1990[10]20022010[11]2012[12]2013[13]2014[14]2015[15]
2007199133783434344834693502
2016[16]2017[17]2018[18]2019[19]2020[1]
35393539354635773591

Дешар нисйе бӀаьра

  • Тевзанан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[20].

Бевзаш болу йуьртахой нисйе бӀаьра

  • Ахмадов Шарпудин Бачуевич (1941—2016) — советийн а, оьрсийн а, нохчийн а историк. Историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо (2003).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  2. Тевзанская сельский округ (сельсовет)* (Веденский район). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 29 январехь
  3. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 267. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  4. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  5. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 267. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  6. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 268. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  7. Ведомости Верховного Совета РСФСР № 5 1958
  8. О восстановлении Чечено-Ингушской АССР и упразднении Грозненской области. lawru.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 8 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 6 августехь Архивйина 2019-08-06 — Wayback Machine
  9. Богуславский, 1892, с. 472—473.
  10. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  11. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  14. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  19. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  20. МОУЧ СОШ С.ТЕВЗАНА 89280166090, 2003000965

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра