Уста́в — цхьаьна билгалчу сфереран я пачхьалкхан меженан, кхолламан, предприятин, кхечу а гӀуллакх дӀадахийтаран а, низам латторан а бакъонийн гулам бу.

Черногори олаллин Устав (Конституци)

Йукъара уставаш чӀагӀдо, дукхах дерш, пачхьалкхан Ӏедалан лакхарчу меженаш, цхьацца кхолламийн уставаш — уьш кхоьллинчара я шайн министраллаш а, коьртерчу предприятеш а. Уставаш хуьлу йукъараллин кхолламийн (лаамца кхоьллина спортан йукъараллаш, кхоламаллин союзаш, кхин а). Уставаш ду дукхах болчу дуьненайукъара кхолламийн.

Устав юридически кхоллам кхолларан документ санна нисйе бӀаьра

Юридически кхолламийн барамашна регламент хӀоттадо Гражданийн кодексан 52 йаззамца, ткъа иштта юридически тайп-тайпанчу кепийн кхолламийн законашца, масала, 1998 шарахь 8 февралехь арадаьлла Федералан закон № 14-ФЗ «Барамаллин жоьпалла долу йукъараллаш» (хийцамашца а, тӀетохаршца а).

Устав кхоллараллин документ санна лела лахарчу юридически кхолламийн кхоллараллин-бакъонийн кепашкахь:

  • Акционеран йукъаралла (АЮ)
  • Барамаллин жоьпалла долу йукъаралла (БЖДЮ), 2009 шарахь дуьйна — цхьаъ бен доцу единственный кхоллараллин документ ду БЖДЮ.

Юридически кхолламийн уставан барамаш нисйе бӀаьра

  • 1998 шарахь 8 февралехь ара а даьлла, 2013 шеран 23 июлехь хийцина а, тӀетоьхна а долу «Барамаллин жоьпалла долу йукъараллаш» цӀе йолчу № 14-ФЗ Федералан Законанан 12 йаззам.
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «устав»

Хьаьжа кхин а нисйе бӀаьра