Эрмалойчоь (эрм. Հայաստան [hɑjɑsˈtɑn]), йуьззина официалан кеп — Эрмалойн Респу́блика[2] (эрм. Հայաստանի Հանրապետություն [hɑjɑstɑˈni hɑnɾɑpɛtuˈtʰjun]) — Чоьхьара Кавказан пачхьалкх.

Эрмалойчоь
Հայաստանի Հանրապետություն
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Эрмалойчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Файл:Mer Hayrenik Anthem of Armenia.ogg
Кхоьллина IV - II вв. до н. э.IV - II вв. до н. э.
Маьрша йаьлла терахьаш 28 май 1918 шо
(от ЗДФР)
1991 шаран 21 сентябрехь[1] (СССРх)
Официалан мотт эрмалойн
Коьрта гӀала Ереван
Йаккхий гӀаланаш Ереван, Гюмри, Ванадзор
Урхаллин тайпа Республика[2]
Президент
Премьер-министр
Армен Саркисян
Никол Пашинян
Латта
 • Шадерг 29 743 км² (138-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 4,71
Бахархой
 • Мах хадор 3 009 800[3] стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2012) 24,99 млрд.[4] долл. (122-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 8416,82 [5](данные ВБдолл.
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2012) 9,951 млрд.[6] долл.
 • ХӀораннан а сина 3351,63[6] долл.
АДКИ (2013) 0,729[7] (лакхара; 87-гӀа меттиг)
Ахча Эрмалойн драм (AMD,код 51)
Интернет-доменаш .am, .հայ[d]
Код ISO AM
Код МОК ARM
Телефонан код +374
Сахьтан аса UTC+4[8]
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][9]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Лаьтта Хьалхарчу Азин къилбаседехь, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбузехь. ХIорд тIе араволийла йац. Азербайджанца а, къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республикица (ЛКР) доза ду малхбалехь. Къилба-малхбузехь доза ду Азербайджанан йукъарчу Нахичеван АРца. Иран доза ду къилбехахь, Туркойчоьнца малхбузехь, Гуьржийчоьнца къилбаседехь. Эрмалойчоь доладеш йу Азербайджанан мехкан цхьаьна декъан (анклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара), ткъа Азербайджан доладеш йу Эрмалойчоьнан цхьаьна декъана (эксклав Арцвашен).

Эрмалойчоьнан бахархой, 2016 шеран 1 январехь мах хадорца хилира 2 млн. 998,6 эз. стаг[10], майда — 29 743 км²[11]. Цхьацца терахьашца лаьрчи дуьненахь бIе ткъе ялхийтталгIа меттигехь йу а, мехкан майданца бIе ткъе берхIийтталгIа йу.

Коьрта шахьар — Ереван. Пачхьалкхан мотт — эрмалойн.

Парламентан кепара урхаллин унитаран пачхьалкх[12]. 2018 шеран 9 апрелехь дуьйна Эрмалойчоьнан Президент ву Саркисян Армен. Йекъало 10 областан а, Ереван гIалин а.

95 % гергга бахархой керсталла лелош бу, царех алсама дакъа Эрмалойн асхьабийн килсехь бу, иза Ширамалхбален килсех цхьаъ йу.[13].

Аграрно-индустриалан мохк бу динамикца кхуьу экономикица. 2012 шеран ДЧС номиналан барам хилира 9,951 миллиард АЦШ доллар (3351,63 АЦШ доллар гергга цхьаьна синна). Ахча — эрмалойн драм (2015 шеран йуккъера бараман курс — 479 драм 1 АЦШн долларах).

1918 шеран 28 майхь кхайкхийна маьрша Хьалхара Республика Эрмалойчоь. 1920 шеран 28 ноябрехь Эрмалойчохь советан Iедал а хIоттийна, кхоьллира Эрмалойн ССР, иза 1936 шо кхаччалц ССРС йукъарчу ТСФСР йукъахь йара, ткъа 1936 шеран 5 декабрехьсоюзан республика хилира. 1990 шеран 23 августехь Эрмалойн ССР Лакхарчу Совето тIеийцира Эрмалойчоь маьрша хиларан деклараци. ДIакхайкхийра, эрмалойчоьнан махка тIехь ца лела Республика Эрмалойчоьнан Конституци а, законаш а бен[14]. 1991 шеран 23 сентябрехь хиллачу референдуман жамIашца Эрмалойчоьнан Лакхарчу Совето къобал йира Эрмалойчоьнан маршо[15]. 1992 шеран 22 мартехь Республика Эрмалойчоь дIаийцира ВКЪКХ йукъа, ткъа 2001 шеран 25 январехь Европин Совет йукъа[16].

Этимологи нисйе бӀаьра

 
Эрмалойчоь хьехош долу Дарий I-чун Бехистунан йоза. Вайн эрал VI бIешо хьалха

Топоним «Эрмалойчоь» хьалайоьду Эрмалойн акъари тIиера, лулахь йолчу Мелитенан областан хурритийн цIере Armi-. И цIе арамейн маттара ˊarmǝn-āiē кхаьчна ширагIажарийн матте, иза вайн эрал 522 шо хьалха «Arminiyaiy» кепехь ялхазза йаздина Бехистунан йозанахь [17]. Шира грекийн цIе —желт.-шира. Ἀρμενία[18]. Ἀρμένιοι яржале лелош хилла шира грекийн эрмалойн цIе, хилла Μελιττήνιοι[19].

Мовсес Хоренацин хетарехь, «Эрмалойчоь» цIе а, цунах тера шира грекийн а, шира гIажарийн а топонимаш схьаевлла Урартун паччахьан Араман[20] цIарах.


Эрмалойн маттахь мехкан цIе «Айк» (эрм. Հայք, Hayk) йу. Йуккъера бIешерашкахь эрмалойн топоним кхуллучу суффиксан «-к» меттиг дIалаьцна иранан «-стан суффиксо»[21], мехках ала долийра «Айастан» (эрм. Հայաստան, Hayastan). Цхьаьна версица, мехкан цIе схьайаьлла мифологин Эрмалойн векалах — Айках, цуо, легендица, вайн эрал 2492 шо хьалха[22] тIамехь иэшийна вавилонан паччахьан Бэлан эскар, ткъа тIаьхьа кхоллайелла хьалхара Эрмалойн паччахь. И шо ду дуьххьарлераниг ламасталлин эрмалойн рузманехь. Кхечу версица и цIе тосу ширачу пачхьалкхах Хайасах[23]. КхоалгIачу версица, Эрмалойчоьнан шен цIе схьайаьлла урартун цIарах Мелитенах — Ḫāti[19][24].

Пачхьалкхан сийлаллаш нисйе бӀаьра

Байракх нисйе бӀаьра

Эрмалойчоьнан байракх деакIуон кIади ду кхаа цхьатеррачу анасизан асанех лаьтташ: лакхара — цIен, йуккъера — сийна, лахара — цӀехо-можа басахь. Шоралла йохаллелла шозза йоца йу. Эрмалойчоьнан байракх тIеэцна Эрмалойн Республикин Лакхарчу Совето 1990 шеран 24 августехь. 2006 шеран 15 июнехь Эрмалойн Республикин Къоман Гуламо тIеэцна «Эрмалойн Республикин пачхьалкхан байракхах» керла закон.

Эрмалойчоьнан правительствос маьIна доккху байракхан бесашна иштта:

  ЦIиечу басо гойту Эрмалойн акъари, эрмалойн къоман дисархьама гуттаренна а болу къийсамаш, керсталлин дин, паргIато, Эрмалойчоьнан маршо. Сийна басо гойту эрмалойн къам матрша стигал кIелахь даха гIертар. ЦIиен-можа басо гойту эрмалойн къоман хьуьнар а, къинхьегам а[25].  

ХIост нисйе бӀаьра

Эрмалойчоьнан хIост тIеэцна 1992 шеран 19 апрелехь[26], нисйина 2006 шеран 15 июнан законаца[27].

ХIост тIехь хIара суьрташ ду: турс — йуккъехь — эрмалойн къоман сийлалла Арарат лам, цунна боьххьехь Нохьа пайхIамаран кема  , хIунда аьлчи, эрмалойн ламастаца, хи хьаьддачул тIаьхьа кема сецна Арарат лам тIехь (Библица — Араратан лаьмнашкахь)[28][29]. Турс декъна 4 декъе, оцу декъаша гойту йиъ маьрша эрмалойн паччахьалла тайп-тайпанчу хенера[27] (сахьтан цамзанца): Аршакидийн, Рубенидийн, Арташесидийн, Багратидийн.

Турсан лахахь лаьтта кхин а пхиъ элемент: хадийна зIе, тур, кIен кенаш, га, аса.

Шатлакхан илли нисйе бӀаьра

Эрмалойчоьнан шатлакхан илли — композици «Тхан Даймохк» (эрм. Մեր Հայրենիք, «Мер Айреник», ма-дарра — «Тхан Даймохк»). ТIеэцна 1991 шеран 1 июлехь, йуха чIагIдина 2006 шеран 25 декабран законаца[30]. Бух тIехь йу 1918—1920 шерийн Хьалхара Республика Эрмалойчоьн шатлакхан илли. Байтийн автор — Налбандян Микаэл (1829—1866), музыкин автор — Каначян Барсег[hy] (1885—1967). Шатлакхан илли локхуш дукхаха йолчу официалан белхашкахь лелабо хьалхара а, беалгIа строфаш.

Истори нисйе бӀаьра

 
 
 

Исторел хьалхара мур нисйе бӀаьра

Эрмалойчоьнан къилбаседехь, Лорийн акъари тIехь, тIапломан Джавахетан дукъан кIажошкахь карийна 20 сов тайп-тайпана хенахь лаьттина йолу ашелан иэсаш. Царна йукъахь алсама йу тIехула лаьттарш (Благодарни, Даштадем, Норамут, кхин а), царна тIехь карийна эзар сов ашелан гIирсаш меттигерчу гиалодацитан, оцу йукъахь йу 360 куьйган дигарш. Карийна иштта кхоъ стратификаци йина иэс (Мурадово, Карахач, Куртан). Къилбаседа Эрмалойчохь иэсийн ширачу адамийн шира миграцин лар йу Африкин арахьа. Шираашелан Карахачан гIирсаш хенаца гергара ду шира шираашелан Малхбален Африкин индустрийн (1,5-1,8 млн шо сов хьалха)[31].

Шира адам даьхна лараш карийна Эрмалойн акъарин тайп-тайпанчу кIошташкахь: Арзнихь, Нурнусехь, кхечу меттигашкахь карийна нах лаьттина меттигаш тIулгийн белхан гIирсашца, ткъа Разданан Iинехь, Лусакертехь карийна хьехан гIишлош. Уггаре ширачу тIулган белхан гIирсийн хан 800 эзар шо йу. Кхин а карийна неолитан муьран ширачу адамаш лаьттина меттигаш. Лаьмнашкахь карийна шортта тархаш тIиера талларах долу суьрташ. Дуьххьарлера латталело а, даьнийлело а меттигаш хирйолчу Эрмалойчохь йехкина Араратан тогIин чохь а, хIинцалерачу Ширакан областехь[32].

Таханлера Ереванан латта тIехь Шенгавитан кIоштахь, карийра вайн эрал VIII эзар шо хьалхара боьрзанан бIешеран нах хевшина меттиг[33][34].

Археологаш динчу ахкарша гойту, Эрмалойн акъарин бахархоша кIоргарчу шираллехь дуьйна карадерзийна дуккха пхьолаш. Иштта, хууш ду, царна вайн эрал V—IV эзар шо хьалха хууш дара цIеста лало, ткъа вайн эрал II шо хьалхаэчиг[35] а.

Эрмалойчохь 2008 шарахь сентябрехь Арени хьехаш чохь ахкарш деш карийна уггаре шира мача, цуьнан хан йу 5500 шо сов. Кароран терахь энеолитан мур (вайн эрал 3600—3500 шераш хьалха) бу. Уьш кIеда ира боьхигаш йолу чарохи мачаш йу. Карийна мачаш хилира Европера а, Азера а уггаре шира археологин карор. Говзанчашна хетарехь, и мачаш къасталуш йац эрмалойн эвланашкахь лелийначех.

Антикалла нисйе бӀаьра

 
 

Вайн эрал XII бIешо хьалха Эрмалойн акъарин махка тIехь хилира эрмалойн къам кхолладаларан процесс, иза чекхйелира вайн эрал VI бIешо хьалха[36]. Эрмалойн этногенезан коьрта компоненташ хилира иштта къаьмнаш: хурриташ, урарташ, лувийш, протоэрмалойн мотт лело тайпанаш а. Урарташ эрмалойн къомах тIаьххьара дIаэр чекхделира вайн эрал IV—II бIешо хьалха[37].

Эрмалойн халкъ физикин а, оьздангаллин а когаметта ду берриг акъарин бахархойн, уггаре хьалха хурритийн, урартийн, лувийхойн[38]. Иштта эрмалойн къоман истори нисса охьайогIу тIаьхье йу хурритийн а, урартийн а, лувийхойн а[39].

Вайн эрал хьалхара VI бIешо долалуш Урарту пачхьалкх йоьжначул тIаьхьа Эрмалойн акъари цхьа хан ялалц Мидин куйгакIела лаьттира, ткъа тIаьхьа Ахеменидийн империн дакъа хилла. Ахеменидийн пачхьалкхан йукъахь Эрмалойчоь лаьттина вайн эрал хьалхарчу VI бIешеран шолгIачу декъера IV бIешо йуккъе даххалца, шина сатрапин екъна — XIII-гIа (малхбуза дакъа, Мелитенехь коьрта шахьар йолуш), XVIII-гIа (къилбаседа-малхбален дакъа)[40].

Цхьаболчу историкаш, масала И. Дьяконовс[41], гипотеза кхуллу вайн эрал хьалхара VI бIешарахь Урарту махкахь маьрша Эрмалойн паччахьалла хилла Мидийс доладеш[42]. Р. Хьюсена лору Эрмалойн паччахьалла Мидис махкаш бохучу хенахь дуьйна хилар хаъал билгала гIуллакх хилар[43]. Оццу хенахь къобалдина Эрмалойн паччахьаллин зирхI вайн эрал хьалхара VI бIешерал хьалхара хилар[39].

 
Тигран Сийлахьчун импери, 1883 шеран карта

Вайн эрал 331—220 шераш хьалха хилла эрмалойн пачхьалкх Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь йа коьрта гIала Армавирехь (хIинцалерачу Ереванан гергахь) йолчу Айраратан паччахьаллех, вайн эрал 316 шо хьалха маьршайаьллачу[44]. Пачхьалкхах урхаллехь бара Ервандидийн некъий.

Йоцачу ханан Селевкидаш схьайаьккхинчул тIаьхьа Эрмалойчоьно йуха а маршо йаьккхина, вайн эрал 189 шо хьалха Арташес I-чо Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь пачхьалкх кхоьллича[44]. "/>. Арташесан муьрехь, Страбона хоуьйту, Эрмалойчоьнан берриг бахархоша цхьа мотт буьйцура — эрмалойн, хIетте а правительствон а, паччахьан цIийнан а мотт вайн эрал хьалхара 150 шо кхаччалц лаьттира гIажарийчуьнца ийна империйн арамейн мотт[45]. Вайн эрал 163 шо хьалха шен маршо кхайкхийра Коммагена а[46]. Жима Эрмалойчоь маьрша лаьттина 115 шо кхаччалц, цул тIаьхьа дIалаьцна хьалха понтийша, тIаккха румхоша.
Вайн эрал хьалхара 80—70 шерашкахь Тигран II Сийлахь-Воккханиг волуш Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьх йоккха импери хилла[47], простиравшееся от Каспийского моря до Палестины и Египта. После переменных успехов в войнах с Римом в Битве при Артаксате и в Битве при Тигранакерте в 65 году до н. э. Армения была захвачена и объявлена «другом и союзником римского народа». Тигран лишился всех завоеваний, кроме собственно Великой Армении и части земель, захваченных у Парфии[44].

Цул тIаьхьа Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьнах Парфин а, Руман а буферан пачхьалкх хилла, кхин а тIаьхьа (III—IV бIешерашкахь) — Руман а сасанидийн Иранан а. Вайн эран 1-чу шарахь румхоша хIаллакйира эрмалойн пачхьалкх, чекхйелира 200 шеран истори Арташесидийн некъийн.

Вайн эран 1—63 шерашкахь Эрмалойчохь урхалла дира румхоша а, парфянхоша а хIиттийначара. 58—63 шерашкахь хилира Эрмалойчоь къуьйсу Руман-парфянийн тIом. Рум эшча Рандейн машаран барт бира[48], цуьнца парфянийн паччахьан Вологез I-чун ваша Трдат I-ра Эрмалойчоьнан паччахь хилира[49], метахIиттийра иштта Эрмалойн пачхьалкхан дозанаш а[50]. Махкахь урхалле хIоьттира керла эрмалойн некъе Аршакидаш.

 
Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь антикан грекийн-руман авторшца. Арахецна 1869 шо

III бIешо доладалале Эрмалойчоьнан дуьхьала кхоъ[49] бен ду боху руман тIелатар ца хилира, амма цхьамма а царах Эрмалойн пачхьалкх йоха ца йира[49]. 225 шо кхаччалц болу мур дикка паргIата бара эрмалойн къоман[49], лору, оцу муьрехь эрмалошна беш цхьан а Iаткъам бацара идеологин агIора а[49].
252 шарахь, Иранехь сасанидийн харцам хиллачул тIаьхьа, Эрмалойчоь дIалецира Шапура I[45]. Эрмалойчоьнан урхалча хIоттийра цуьнан кIант даржаца — Vazurg Šāh Arminān — Эрмалойн Сийлахь-Воккха паччахь[45]. Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьн Аршакидийн паччахьан Iедал метта ца хIоттийра Нисибиссан бартаца 298 шарахь бен.

Ладаме историн хIилам хилира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно пачхьалкхан дин дина керсталла тIеэцар [45] Трдате III-гIа паччахь волуш IV бIешеран хьалхарчу декъехь.
Эрмалойчоь — дуьххьара мохк бу, керсталлех пачхьалкхан дин дина[51][52]. Оцу хиламо Эрмалойчоьнан а, Руман а йукъаметтигаш тойо[45].

СасангIара а, Румо а тIемашца мехкаш дахаран политика бахьнехь, 387 шарахь Эрмалойчоь йийкъира оцу шина пачхьалкхо, амма АршакгIеран малхбален декъера паччахьан Iедал, лаьттира 428 шо кхаччалц[48]. Цул тIаьхьа Эрмалойчоьнан урхалла дира, наггахь эрмалойн элашна йукъара хоржу марзпанаша[45]. СасангIеран паччахьан кертахь эрмалойн кхин гIолинаш а йара[45].
Заманан ладаме оьздангаллин хилам хуьлу 405 шо гергга долуш Месроп Маштоца эрмалойн абат йарах[48]. Абато чеккхенца луларчу мехкех син-мехаллин маршо йаьккхира[53].
Эрмалойн паччахьаллин марш одIайаьккхинчул тIаьхьа, V бIешерашна йуккъехь муххале а, СасангIар охьатаIор чIагIло дин бахьнехь, эрмалошна зороастризм кочадолла гIерташ[48]. Амма гIажарийн аьтту ца белира ассимиляци йан чIогIа индивидуалан эрмалойн къоман[48]. 451шеран майхь хуьлу Аварайран тIом, цигахь толам баьккхира гIажарша, амма церан ният керсталлин дин дитийтар дара, иза цаьрга кхочуш ца дан делира[48].

Антикин заманара дуьйна Эрмалойчухула додара дуьненайукъара махлелоран некъаш, цара уьйр латтайора Руман Иранца, ХIиндин, Цийчоьнца[49].

Йуккъера бIешераш нисйе бӀаьра

 
XI бIешо долалуш Централизаци йина БагратгIеран Анин паччахьалла

481—484 шерашкахь, ГIажарчоьнан динан Iаткъам бахьнехь рогIера гIаттамал тIаьхьа, гIоьртира Эрмалойн пачхьалкх метахIотто[49], амма аьттонза. ТIаккха а Нерсехапатера тIамехь тоьллачул тIаьхьа, эрмалошна йелира шайн динан автономи[54], Нварсакан бертаца ГIажарчоьно къобал йира церан мехкан ахмаршонан статус[45][55], йуьззина динан маршо а йолуш[49]. И маршо чIагIйелира 554 шарахь, оцу хенахь шолгIа Двинан гулам одIатеттира диофизиталла, цуо дIахадийра эрмалой Малхбузех, ткъа оцу хенахь иза къастийна йара Малхбалех[48]. БIешо гергга даьлча, 572 шарахь, эрмалоша хIаллакдира иранан эскар[45][56], ткъа марзпанан Эрмалойчоьнан доккха дакъа Византин агIора делира. 591 шарахь Эрмалойчоь йуха а йийкъира. Мехкан доккхаха долу дакъа йукъадахара Византин, цуьнан вассалан пачхьалкх хилла[56]. Керла доза дара къилбаседехьа Азат эркаца, ткъа къилбехьа Ван Iомаца[45]. VII бIешо долалуш Эрмалойчоь къуьйсуш[45] иранан-византийн тIемаш хилира.

Файл:Армения на рубеже Х-ХI веков(Armenia in X-XI A.D.).gif
Албак, Адамакерт

Географи нисйе бӀаьра

Пачхьалкхан доза хIоттало: къилбседехьа — Гуьржийчоьца, малхбузехьа — Туркойчоьца, къилб-малхбузехьа а малхбалехьа — Нахичеван Азербайжанаца, къилбехьа — ГӀажарийчоьца.

Истори нисйе бӀаьра

Эрмалойчоь йу Маьрша Мехкаши Барт (орс. СНГ) йукъе йудуш.

Суьрташ нисйе бӀаьра

Административан йекъайалар нисйе бӀаьра

Провинци Оригиналан
цӀе
Майда, км² Бахархой Административан центр
АрагацIотIнан провинци Արագածոտնի 2 755 141 800 АштIаракI
АраратIан провинци Արարատի 2 003 279 200 АртIашатI
Армавиран провинци Արմավիրի 1 241 284 500 Армавир
Вайоцдзоран провинци Վայոց Ձորի 2 406 55 800 ЕгIегнадзор
ГегIаркуникан провинци Գեղարքունիքի 3 655 241 600 Гавар
КIотIайкан провинци Կոտայքի 2 100 280 900 ХIраздан
ЛорIийн провинци Լոռու 3 791 281 600 Ванадзор
Суьникан провинци Սյունիքի 4 505 152 800 КIапIан
ТIавушан провинци Տավուշի 3 120 134 400 Иджеван
ШиракIан провинци Շիրակի 2 679 281 500 Гуьмри
ГӀала Оригиналан
цӀе
Майда, км² Бахархой
Ереван Երևան 227 1 119 000

Хьажа ишта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 23 сентября — дата провозглашения независимости страны Верховным советом Армении. Как день независимости в Армении отмечается 21 сентября — день проведения референдума, на котором было принято решение о выходе из состава СССР. См. В Армении с апреля 2006 года начнутся мероприятия по празднованию 15-летия независимости республики. Новости Армении (23 марта 2006). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 2 февралехь. Теллина 2009 шеран 6 майхь.
  2. 1 2 Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
  3. Հայաստանի Հանրապետության Ազգային վիճակագրության ծառայություն: Հայաստանի Հանրապետության մշտական բնակչության թվաքանակը 2014 թվականի հուլիսի 1-ի դրությամբ — ստուգվում: 1.8.2014
  4. ВВП по расходам (текущий ППС)
  5. ВВП на душу населения по ППС (в тек. межд. долл.)
  6. 1 2 Экономические показатели Армении на сайте Всемирного Банка
  7. Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 августехь.
  8. На территории страны действует декретное время
  9. http://chartsbin.com/view/edr
  10. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Население 01-01-2016 тIетовжаран йоза йаздина дац
  11. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху President тIетовжаран йоза йаздина дац
  12. Избиратели в Армении проголосовали за парламентскую республику. BBC Русская служба. Теллина 2018 шеран 5 январехь.
  13. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Перепись2011 тIетовжаран йоза йаздина дац
  14. Декларация о независимости Армении
  15. Сергей Маркедонов, Самоопределение по ленинским принципам (оьр.). АПН(Агентство Политических Новостей) (21 сентября 2006). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  16. Страница Армении на официальном сайте Совета Европы Архивйина 2013-01-03 — Wayback Machine
  17. Schmitt R. ARMENIA and IRAN i. Armina, Achaemenid province // Encyclopædia Iranica (ингалс.). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  18. Фасмер М. Этимологический словарь русского языка: Пер. с нем. — М.: Прогресс, 1964. — Т. 1. — С. 87. — 562 с.:"Арме́ния, из желт. Ἀρμενία. Уже др.-перс. Armaniya-, Armina- «Армения»; см. Бартоломэ, Air. Wb. 197; Хюбшман, IF 16, 205. См. армяни́н.
  19. 1 2 Дьяконов И. М. Малая Азия и Армения около 600 г. до н.э. и северные походы вавилонских царей // Вестник древней истории. — Москва: Наука, 1981. — № 2. — С. 34—63.
  20. Мовсес Хоренаци "История Армении". Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  21. Капанцян Г. Академии наук Армянской ССР Хайаса--колыбель армян: этногенез армян и их начальная история. — 1947. — С. 10.
  22. Мовсес Хоренаци "История Армении" Оглавление. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  23. Hrach K. Martirosyan. Etymological dictionary of the Armenian inherited lexicon. — Brill Academic Publishers, 2009. — С. 382—385. — ISBN 978-90-04-17337-8.
  24. Кеп:Книга:Redgate: Armenians
  25. Об Армении — Общие сведения. Правительство Республики Армения. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 23 декабря 2010.
  26. Закон Республики Армения о Государственном Гербе Республики Армения
  27. 1 2 Закон Республики Армения о Гербе Республики Армения
  28. Armenian Traditions about Mt. Ararat // Journal of the American Oriental Society, Vol. 5 (1855—1856). — Pp. 189—191
  29. Geoffrey W. Bromiley. The International Standard Bible Encyclopedia. Vol. 2. — Wm. B. Eerdmans Publishing, 1979. — P. 319
  30. Закон Республики Армения о Гимне Республики Армения
  31. Открытие древнейших раннепалеолитических памятников на севере армянского нагорья (Армения)
  32. История Цивилизаций Ближнего Востока 2 Г. История Армений "Великая Армения" (оьр.) (11.07.2009). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  33. Shengavit Shengavit a Kura Araxes Culture Site in Yerevan on the Ararat hills, Republic of Armenia (ингалс.). — In those trenches he (Hakop Simonyan) isolated four distinct strata, the earliest from the late fifth millennium and the latest from the early to mid-third millennium BC..
  34. Земледельцы Северного Кавказа и Закавказья (оьр.). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.
  35. История Армении (оьр.). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь.[ ]
  36. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 237.

  37. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 239.
  38. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 211.
  39. 1 2 И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 241—242.
  40. История Востока: в шести томах. Т. 1. Восток в древности / Отв. ред. В. А. Якобсен. — М.: Вост. лит., 1997. — 688 с. — ISBN 5-02-017936-1. Раздел «Закавказье и сопредельные страны в период эллинизма»
  41. История Востока: в шести томах. Т. 1. Восток в древности / Отв. ред. В. А. Якобсен. — М.: Вост. лит., 1997. — 688 с. — ISBN 5-02-017936-1. Глава XXIX, раздел «Закавказье и сопредельные страны в период эллинизма»:

  42. Дьяконов И. М. «История Мидии от древнейших времён до конца IV века до н. э.» М.-Л., Изд. АН СССР, 1956:

  43. Armenia: A Historical Atlas by Robert H. Hewsen. Стр. 29:

  44. 1 2 3 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Всемирная история, т. 2 тIетовжаран йоза йаздина дац
  45. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Armenia and Iran — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». M. L. Chaumont
  46. Энциклопедия Ираника. Статья: Commagene
  47. Encyclopaedia of Islam. — Leiden: BRILL, 1986. — Т. 1. — С. 635.

  48. 1 2 3 4 5 6 7 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Британника тIетовжаран йоза йаздина дац
  49. 1 2 3 4 5 6 7 8 История Древнего мира / Под ред. И. М. Дьяконова, В. Д. Нероновой, И. С. Свенцицкой. — 2-е изд. — М., 1983. — Т. 3. Упадок древних обществ. — С. 201—220.
  50. Рандейский мирный договор — йаззам бу «Большой советской энциклопедии» (3 издание)
  51. The Oxford Dictionary of the Christian Church / Edited by F. L. Cross, E. A. Livingstone. — Oxford University Press, 2005. — P. 107.
  52. John Binns. An introduction to the Christian Orthodox churches. Cambridge University Press, 2002. ISBN 0-521-66738-0, 9780521667388. P. 145 «A new stage in the history of the Church began when not just localised communities but nations became Christian. The stage is associated with the conversion of Constantine and the beginnings of a Christian Empire, but the Byzantine Emperor was not the first ruler to lead his people into Christianity, thus setting up the first Christian state. That honour traditionally goes to the church of Armenia. Armenia (Hayastan, in the Armenian language) is in the Causcasus, between the Black and Caspian Seas, on the borders of the great empires of Rome and Persia»
  53. Cyril Toumanoff. Armenia and Georgia // The Cambridge Medieval History. — Cambridge, 1966. — Т. IV: The Byzantine Empire, part I, chapter XIV. — P. 593—637.

  54. Philip Wood. History and Identity in the Late Antique Near East. — Oxford University Press, 2013. — С. 30.:

  55. Markus Aurelius. Bleeding for Allah: Why Islam Will Conquer the Free World: what Americans Need to Know. — AuthorHouse, 2007. — С. 182—183.:

  56. 1 2 Армянская Советская Социалистическая Республика — йаззам бу «Большой советской энциклопедии» (3 издание)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

пачхьалкхан кхолламаш
йукъара хаамаш