ӀабдуллахӀ ибн МасӀуд

Мухьаммадан сахьаби, факъихӀ, мухьаддис, мукъриъ

Абу Ӏабдуррахьма̄н Ӏабдулла̄хӀ ибн МасӀӯд ибн ГӀа̄фил аль-ХӀазлӣ (Ӏаьр. أَبُو عَبْدِ الرَّحْمٰنِ عَبْدُ اللهِ بْنُ مَسْعُودِ بْنِ غَافِلٍ الْهَذْلِيُّ‎‎; 594, Макка йа ТихӀамат[d], Ӏаьрбийн ахгӀайре653, Мадийнат, Рашидунин халифат[1]) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ сахьаби (накъост) а, умматан факъихӀ а, мукъриъ а, дукха хьадисаш дийцина мухьаддис а ву. Дуьххьара ислам тӀеэцначарах йолхалгӀаниг а, йалсаманица кхаъбаьккхинчарах цхьаъ а ву иза. Эфиопе а, Мадийнате а ши хӀижрат динчарах а, шина къилбанна тӀекхиъначарах цхьаъ а ву иза. Иза ву-кх Маккахь дуьххьара Къуръан чӀогӀа дешнарг. Иза ву-кх Бадран гӀазотехь Абу ЖахӀлан корта а баьккхина, Мухьаммад пайхамарна ﷺ и хьалхабиллинарг[2].

ӀабдуллахӀ ибн МасӀуд
Ӏаьр. عبد الله بن مسعود‎‎
Сахьиб расулиллахӀ, Ибн МасӀуд, Ибн Умм Ӏабд, аль-МужахӀир бил-Къуръан, ФакъихӀул-уммат, ШабихӀ расулиллахӀ
Говзалла къеда
Вина терахь 594
Вина меттиг
Кхелхина терахь 653
Кхелхина меттиг
ДӀавоьллина меттиг
Ваьхна шераш 60 сов
Пачхьалкх
Да МасӀуд ибн ГӀафил аль-ХӀазли
Зуда Зайнаб ас-Сакъафийят
Бераш Ӏабдурахьман, Абу Ӏубайдат, Сарат
Динлелор ислам, суннаталла
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Дешархой Анас ибн Малик
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Биографи бӀаьра нисйан

ӀабдуллахӀ кхиъна Маккахь, шен да МасӀуд ибн ГӀафил Ӏийначу меттехь. Иза дуьххьара ислам дине баьхкинчу асхьабех вара. ЙолхалгӀа ислам тӀеэцнарг лоруш ву иза, кхечара 22 тӀаьхьа хилла а боху.

Хьосташ бӀаьра нисйан

  1. 1 2 арабская Википедия — 2003.
  2. كتاب مسند البزار = البحر الزخار - المكتبة الشاملة. shamela.ws. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 13 май.