1789 шо
Григорианан рузма | 1789 MDCCLXXXIX |
Юлианан рузма | 1788—1789 (12 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7297—7298 (12 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2541—2542 (2 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5549—5550 ה'תקמ"ט — ה'תק"ן |
Исламан рузма | 1203—1204 |
Шираэрмалойн рузма | 4281—4282 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1238 ԹՎ ՌՄԼԸ
|
Цийн рузма | 4485—4486 戊申 — 己酉 можа маймал — можа боргӀал |
Эфиопийн рузма | 1781 — 1782 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1845—1846 |
- Шака самват | 1711—1712 |
Иранан рузма | 1167—1168 |
Буддийн рузма | 2332 |
Японин шераш дагардар | 1-гӀа шо Кансэй |
1789 (эзар ворхӀ бӀе дезткъа уьссалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1789 шо ду, 789 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 89 шо бӀешеран, 9 шо 9-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 10 шо 1780-гӀа шерийн.
Хиламаш нисйе бӀаьра
Франци нисйе бӀаьра
- бӀаьсте — МагӀселехь, Тулонехь, Орлеанехь адамаш карзахдийлар.
- апрелан чеккхе — Парижан йисташкара Сент-Антуанера гӀаттам. ОхьатаӀийна гвардин а, дошлойн а тобанашца, масех бӀе стаг вийна, чевнаш йина.
- 5 май — Версалехь дӀабиллина Инарлин штатийн[1] гуламаш. Гулам дӀабахьаран низамах лаьцна къийсамаш буьйлабелира.
- 17 июнь — Францехь Инарлин штатийн кхоалгӀа чкъоьран депутаташ, синбелхалойн а, олалло а гӀо лаьцна, кхайкхийра шеш Къоман гулам бу аьлла, кхечу депутаташка шайх схьакхета кхайкхира[1]. Къоман гулам эккхо гӀортаро 13-14 июлехь халкъ гӀаттийра, Бастили йаьккхира, Сийлахь французийн революци толаме йалийра.
- 20 июнь — Буьрканех ловзачу зал чохь дуй баар.
- 23 июнь — Кхайкхина Инарлин Штатийн гулам. Людовик XVI-гӀачо депутаташка чкъоьрнашца декъа а лой шеш-шеш ховша элира. КхоалгӀа чкъоьран депутаташ ца сацийра шайн гуламаш, олаллин цхьа дакъа шайн агӀора даьккхира.
- 9 июль — Къоман гуламо кхайкхийра ша Кхолламан гулам — лакхара гайтаман а, законашкхолларан а халкъан меже[1].
- 11 июль — Людовика дӀавалийтира министр Неккер, омар дира сихонца Париж йита аьлла.
- 12 июль — Парижера халкъан а, эскаршна а йукъара дуьххьарлера девнаш.
- 13 июль — Парижехь горгали бийкира. Халкъа герз схьаэца долийра, схьайаьккхира иттаннаш эзарш тоьпаш.
- 14 июль — Халкъо Бастили йаккхар. Сийлахь-йоккха французийн буржуазийн революци.
- июлан йукъ — Паччахьа йухахӀоттийна Неккер Ӏедале, къобал бина Къоман гуламан барт. Парижехь кхоллаелла муниципалитет. Кхоьллина буржуазийн Къоман гварди коьртехь маркиз Лафайет волуш.
- 18 июль — Труара гӀаттам. Халкъо дӀалаьцна герз, схьайаьккхина ратуша.
- 19-20 июль — Страсбургера гӀаттам. Халкъ шина дийнахь буьззина дай бара гӀалин. ГӀалин ратушера документаш дагийра.
- 21 июль — Шербурера гӀаттам.
- 24 июль — Руанера гӀаттам.
- июлан чеккхе — Провинцин гӀаланашкахь кхуллуш йара харжаман муниципалитеташ.
- 4-11 август — Францин кхолларан гуламан (КХГ) феодалийн бехкенаш ахархошца эцарах Декреташ. «Феодалийн режим йерриг хӀаллакйо»[2].
- август — КХГ коьртехь Мирабо, Сийес волу конституционалистийн парти.
- август — Ахархойн гӀаттамо дӀалаьцна йерриг Франци. Дофинехь хӀора пхеа элийн гӀаланех кхоъ йохийна. Франш-Контехь йохийна 40 гӀала. Парижера бедарш тоьгучеран белхалойн демонстраци.
- 26 август —Францин КХГ тӀеэцна «Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци».
- 31 август —Францин КХГ йийца йолийна харжаман системан законан проект.
- 12 сентябрь — Арайаьлла хьалхара лоьмар Маратан «Парижан публицист» (6-гӀа лоьмарера — «Халкъан доттагӀ») газетан.
- сентябрь — Версале кхайкхина керла эскарш. Паччахьо къобал ца дира Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци а, августан декреташ а.
- 1 октябрь — Эпсараллин контрреволюцин манифестаци паччахьан гӀалин чохь.
- 5-6 октябрь — Парижхой Версале бахар. Халкъ чуиккхина гӀалин. Паччахь а, КХГ а Париже дӀабахна.
- 2 ноябрь — Францин КХГ тӀеэцна килсан латта схьа а даьккхина дохкар. Ассигнаташ арахецар — килсан латташ доьхкинчу санах хилла пачхьалкхан ахчан декхарш.
- Кхоьллина якобинцийн клуб («Конституцин доттагӀийн йукъаралла»). Мирабо, Робеспьер.
- Лавуазьес бакъдина Ломоносовс дӀадиллина масса йисаран закон.
Кхин пачхьалкхаш нисйе бӀаьра
- 10 февраль — Сийлахь Руман империн императора Иосиф II-гӀачо шен омрийца австрийн когаметта долчу маьӀ-маьӀӀерчу латташ тӀехь (Тироль доцург) йукъайоккху лаьттан налог, гӀоьрту йерриг ахархойн ясакъ ахчане йаккха[3].
- 4 март — лелайаьлла АЦШ Конституци.
- 1789, 4 март — 1797, 4 март — АЦШ 1-ра президент Вашингтон Джордж (1732—1799).
- 1789, 4 март — 1797, 4 март — 1-ра АЦШ вице-президент Адамс Джон.
- 21 апрель — Густаван омар. Финляндин ахархошна бакъо йелла шеш лелош долу Ӏедалан латта эцна доладаккха.
- Швецехь охьатаӀийна элийн къайлаха барт (Аньялан барт). «Цхьаьнакхетаран а, лардаран а акт». Риксдаг кхойкху паччахьан оьшучу хенахь, ткъа цуо олалла до Пачхьалкхан кхеташон гӀо доцуш.
- Дани арайаьлла Швецица болчу тӀема йукъара Ингалсан а, Пруссин а Ӏаткъамца.
- 1 август — Суворовн оьрсийн эскар тоьлла Фокшанашкахь туркойл.
- 7 сентябрь — Потёмкина омар делла, цу тӀехь дара: «Ингул тӀехь керла йинчу верфах ала — Николаевн гӀала».
- 22 сентябрь — туркойн эскар хӀаллакдина Суворовн оьрсийн эскарша Рымникерчу тӀамехь.
- 25 сентябрь — Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь конгрессо тӀеэцна Бакъонех йолу билль — Конституцин хьалхара 10 нисдар (лелайолу 1791 шеран 15 декабрехь).
- 24 октябрь — Бельгехь австрийн олаллаин дуьхьала гӀаттам болабелла.
- декабрь — Австрийн эскарш лаьхкина берриг аьлча санна Бельгин махкара. Кхоьллина «Цхьаьнатоьхна бельгийн штаташ».
- Йоцучу хенан цхьаьнатоьхна Вьетнам Куанг Чунга (Тэй Шона) (тэйшонийн тхьамдан) Ӏедал кӀелахь. Масех шо далале велла.
- Кхоьллина Петровн чуьйнадутту завод Братски аренашкахь (Байкалдехье). ХӀинца Забайкальски мехкан Петровск-Забайкальски гӀала.
Ӏилма нисйе бӀаьра
- 22 февраль - Уильям Гершела гучудаьхна Уранан хӀоьзнаш.
Бина нисйе бӀаьра
Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1789 шарахь
- 20 февраль — Жандр Андрей Андреевич, оьрсийн драматург а, гочдархо а.
- 8 март — Байрон, Джордж Энсон, 7-гӀа лорд Байрон, адмирал, поэтан ваша.
- 20 май — Жиркевич Иван Степанович, оьрсийн баьчча а, мемуарист а.
- 5 июль — Булгарин Фаддей, йаздархо, емалхо, арахецархо.
- 25 июль — М. Н. Загоскин, оьрсийн йаздархо, драматург, историн прозанийн автор, москохан театрийн а, москохан Герзан палатан а директор.
- 26 август — Ӏаббас-Мирза, иранан пачхьалкхан гӀуллакххо.
- 25 октябрь — де Альвеар Карлос Мария — 1815 шарахь Ла-Платин Цхьаьнатоьхна провинцийн Лакхара урхалча.
- 13 декабрь — Глебов Дмитрий Петрович (велла 1843), оьрсийн поэт, актуариус, гочдархо; статс хьехамча.
Белла нисйе бӀаьра
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1789 шарахь
- 7 апрель — Ӏабдул-Хьамид I, Хункар-мехкан 27-гӀа султан.
- Мельгунова, Агафья Семёновна — Дивеевн мозгӀар-аьзнин йукъаралла кхоьллинарг.
Хьажа иштта нисйе бӀаьра
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |