«Сий а, сийлалла а» орден (Абхази)

«Сий а, сийлалла а» орден (абхаз. «Ахьдз-апша» аорден) — Абхазин лакхара орден. Кхоьллина Республика Абхазин Къоман Гуламо (Парламенто) 2002 шеран 10 январехь.

«Сий а, сийлалла а» орден
абхаз. «Ахьдз-апша» аорден
I тӀегӀанан
Орденан планкин сурт
II тӀегӀанан
III тӀегӀанан
Мохк  Абхази Республика Абхази
Тайпа орден
Статус ло
Статистика
Кхолларан терахь 2002 шеран 10 январь
РагӀ
Лакхара совгӀат Абхазин Турпалхо
Лахара совгӀат Леонан орден

ТӀегӀанаш нисйе бӀаьра

Орден лаьтта кхаа тӀегӀанех:

  • «Сий а, сийлалла а» орден хьалхара тӀегӀанан.
  • «Сий а, сийлалла а» орден шолгӀа тӀегӀанан.
  • «Сий а, сийлалла а» орден кхоалгӀа тӀегӀанан.

ТӀемаш долчу хенахь башха къаьстина тӀеман дакъошна а, тӀеман хӀордан кеманашна а совгӀат дала таро юорденан бесара асанца, иза уллу тӀеман декъан йа хӀордан кеман байракхан дечиган лакхахь.

СовгӀат даран низам нисйе бӀаьра

Орденца совгӀат до Республика Абхазиин Президентан Омарца. Цхьаьна стегана шозза цхьаьна тӀегӀанан орденца совгӀат дан йиш йац, ткъа иштта хьалха йеллачул лахарчу тӀегӀанан орденца а.

Кхин а лакхара тӀегӀанан орден йелчи, лахара тӀегӀанан орден дӀало Республика Абхазин Президент волчура совгӀатийн комиссе, цу тӀе лоьмар уллехь огу бархӀ са болу седарчий цунна и орден массаза ло. Иза ца хьакхало тӀеман гӀуллакхан йеллачу а, кхечу махкахошна йеллачу орденех.

Хьалхара тӀегӀанан орденан кавалер велла меттиг хилча, цуьнан совгӀат дӀало Республика Абхазин Президент волчура совгӀатийн комиссе иза тӀаьхьа Республика Абхазиин Пачхьалкхан музейн экспозице дӀаялархьама. Иза ца хьакхало кхечу махкахошна йеллачу хьалхара тӀегӀанан орденех.

Нагахь шолгӀа а, кхоалгӀа а тӀегӀанан орденан кавалеран хилла орденаш доьзалехь Ӏалашйеш йита лаахь, Республика Абхазин Президент волчура совгӀатийн комиссис кхин сацам ца бахь йуьтур йу.

Хьалхара тӀегӀанан орденца совгӀат до:

  • Республика Абхазин гражданашна:
    • Республика Абхазин хьалха́, халкъан а, пачхьалкхан а кхолламан орамашкара Ӏаткъам беш, тӀех даккхий гӀуллакхаш дарна;
    • дерриг ТӀеман Ницкъийн масштабашкахь, жамӀехь мостагӀ иэша а иэшна Республика Абхазин дозанал аравала дезна, тӀеман операцеш аьттонца йарна;
    • Ӏилманан, оьздангаллин, говзаллин областашкахь, Абхазин сий айина, дуьненайукъара къобал бина башха кхиамаш бахарна.
  • кхечу мехкийн гражданашна:
    • Республика Абхазин доттагӀаллин пачхьалкхан правительствон куьйгалхочун я парламентан председателан даржал лахара боцучу куьйгалхошна,
    • дуьненайукъара машар чӀагӀбарехь, демократи а, къаьмнашна йукъара доттагӀаллин йукъаметтигаш а кхиорехь, башха доккха дакъа лаьцна пачхьалкхан, тӀеман, йукъараллин, политикин гӀуллакххошна,
    • шайн кхолларалла дуьнено къобал йина Ӏилманан, оьздангаллин, говзаллин гӀуллакххой.

ШолгӀа тӀегӀанан орденца совгӀат до:

Орденах дийцар нисйе бӀаьра

Орден бархӀ са болу седа кепехь соляран хьаьрк йу, йиллина Республика Абхазин Пачхьалкхан хӀост тӀехь.

Орденан барам дуьхь-дуьхьалчу седанан зӀаьнаршца 45 мм.

Орденан йуккъехь лаьтта 15 мм диаметрца го, цунна диллина цӀен эмаль, цунна чохь лаьтта соляран хьаьркан сенаш долу мехала тӀулгийн кепера пхи дакъалг. Гонахьа 25 мм диаметрца аса йу, тӀехь лавран геннан сурт а, абхазин маттахь «Ахьдз-апша» йоза а долуш.

Аса, пӀендагӀаш нисйе бӀаьра

Орденан аса — цӀен муаран, асанан йисташкара 1 мм йукъ йитина дӀайоьду цхьацца кӀайн аса 1 мм шуьйра а йолуш. Хьалхара а, шолгӀа а тӀегӀанан асанан шоралла 35 мм йу, кхоалгӀа тӀегӀанан – 24 мм.

Орденан пӀендагӀаш кечйо орденан асанах. Цу тӀе шолгӀа а, кхоалгӀа а тӀегӀанан орденийн къасторан пендагӀашна тӀехӀиттийна металлан руман терхьаш II а, III а. Хьалхара тӀегӀанан орденан къасторан пӀендагӀан тӀехь терхьаш дац.

Лелоран бакъо нисйе бӀаьра

Орденан хьаьркаш тӀе ца ухку:

  • парадан тӀеман духаран бен
  • гражданийн галстукца йолу божарийн костюман бен
  • суьйренан кучан а, зударийн гӀуллакхан костюман а бен

Орденан хьаьркаш тӀе ца ухку:

  • пачхьалкхан Ӏиданийн деношкахь бен
  • официалан тӀеэцаран меттигашкахь бен.

Кхечу меттигашкахь лелайо орденан пӀендагӀаш.

Хьалхара а, шолгӀа а тӀегӀанан орден лелайо асан тӀехь коча а уллий, ткъа кхоалгӀа тӀегӀанан орден лелайо орденан пӀендагӀан тӀехь, некхан аьрру агӀора, Абхазин Республикин, ССРС хилла кхечу пачхьалкхийн мидалшна а, орденашна а аьтту агӀорхьа.

Лелайо лакхара тӀегӀанан орден а, тӀеман гӀуллакхан йелла орденаш а.

Орденан кавалераш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Безруков М. П., Туровский А. Е. Награды государств мира. — Тула: Гриф и К, 2013. — С. 13—15. — ISBN 978-5-91503-137-3.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра