АБА 1972/73 шарахь Америкин баскетболан ассоциацин (АБА) 6-гӀа шо дара, иза чекхдаьлча чемпион, кхузлагӀа, хилира «Индиана Пэйсерс» команда, АБА турниран цхьаъ бен йоцу кхузза толамхо, цул сов титул хьалхий-тӀаьхьий тӀекӀел шозза йаьккхина. Рожерачу шарахь дакъа лецира итт клубо, царех исс левзира хьалхарчу шарахь а, хӀунда аьлча турниран хӀоттаман декъашхойн цхьацца хийцамаш хилла дера. Ши команда, «Питтсбург Кондорс» а, «Зе Флоридианс» а, шина шеран йукъахь дӀасахийцира ахча ца хиларна, «Мемфис Прос» командо хийцира шен цӀе «Мемфис Тэмс» аьлла, кхин тӀе хьалхейаккхарехь дакъа лоцуш йара керла кхоьллина команда «Сан-Диего Конкистадорс».

АБА 1972/1973 шарахь
Рожера шо
Уггаре дика команда: Каролина Кугарз
шеран MVP: Билли Каннингем (Кугарз)
Очкошца уггаре диканиг: Джулиус Ирвинг (Сквайрз)
Плей-офф
Малхбузен чемпион Запада Индиана Пэйсерс
Малхбузен финалхо Каролина Кугарз
Малхбален чемпион Кентукки Колонелс
Финал
Чемпион: Индиана Пэйсерс
  Финалхо: Кентукки Колонелс
плей-оффан MVP: Джордж Макгиннис (Пэйсерс)
АБА шераш

← 1971/1972

1973/1974 →

Рожера шо долийра 1972 шеран 12 октябрехь стохкалера чемпионан, «Индиана Пэйсерс» командин а, «Мемфис Тэмс» клубан а йукъахь, цигахь «Пэйсерса» гӀоьтинчу къовсамехь иэшийрашен къовсамхо 109:105 чоьтаца. 1973 шеран 6 февралехь Солт-Лейк-Ситера «Солт-Пэласехь» хилира АБА дерриг седарчийн матч, цигахь Малхбузен командо иэшийра Малхбален команда 123:111 чоьтаца, ткъа оцу матчан MVP хилира «Денвер Рокетсан» турсло ДжебӀали Уоррен, цуо, майданан тӀехь йаьккхина 31 минотехь, гулйира 16 очко, 4 схьаэцар, 7 жамӀе дӀайалар Малхбузен командин йукъахь. Рожера шо чекхделира 28 мартехь, цуьнан MVP къобал вира «Каролина Кугарзан» форвард Каннингем Билли. «Каролина Кугарз» командин тренер, Браун Ларри, шеран тренер къобал вира, ткъа «Нью-Йорк Нетсан турсло», Тэйлор Брайан, — шеран керла ловзархо. Официалан хьалхейаккхар чекхйелира 12 майхь, оцу дийнахь «Индиана Пэйсерс» командо биъ толам баккхалц йолу финалан серера тӀаьххьарчу ловзарехь иэшийра «Кентукки Колонелс» клуб, ткъа плей-оффан MVP къобал вира «Пэйсерсан» форвард Макгиннис Джордж.

РогӀера чемпионат

бӀаьра нисйан
Л = Ловзарш, Т = Толамаш, И = Иэшамаш, П% = Иэшна матчийн процент, ЛТТӀ = Лидерал толамашца тӀаьхьайисар
Малхбален дивизион
# Команда Л Т И П% ЛТТӀ
1 Каролина Кугарз 84 57 27 67,9 -
2 Кентукки Колонелс 84 56 28 66,7 1
3 Вирджиния Сквайрз 84 42 42 50,0 15
4 Нью-Йорк Нетс 84 30 54 35,7 27
5 Мемфис Тэмс 84 24 60 28,6 33
Малхбузен дивизион
# Команда Л Т И П% ЛТТӀ
1 Юта Старз 84 55 29 65,5 -
2 Индиана Пэйсерс 84 51 33 60,7 4
3 Денвер Рокетс 84 47 37 56,0 8
4 Сан-Диего Конкистадорс 84 30 54 35,7 25
5 Даллас Чеперрелс 84 28 56 33,3 27

Кхийсина буьрканаш чуэгар

бӀаьра нисйан
Кхийсар Ловзархо Команда Йерриг чукхоьссина Ловзархо Команда Процент
Ловзар доьдуш кхийсар Дэн Иссл Кентукки Колонелс 902 Артис Гилмор Кентукки Колонелс 55,9 %
ГӀуда кхийсар Джордж Томпсон Мемфис Тэмс 549 Билли Келлер Индиана Пэйсерс 87,0 %
Кхо очко кхийсар Билли Келлер Индиана Пэйсерс 71 Симми Хилл Сан-Диего Конкистадорс 39,1 %

Шеран жамӀашца долу совгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • 1972-73 ABA Season Summary (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 февраль.
  • 1972-73 ABA Schedule and Results (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 февраль.
  • 1973 ABA Playoffs Summary (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 февраль.
  • 1972-73 ABA Regular Season Standings (инг.). remembertheaba.com. Remember the ABA. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 февраль.