Абаза, Александр Агеевич

Российн импери пачхьалкхан гӀуллакххо

Абаза́ Алекса́ндр Аге́евич[3] (24 июлехь (5 августехь1821[4][5]24 январехь (5 февралехь1895) — Российн импери пачхьалкхан гӀуллакххо; пачхьалкхан контролёр (1871—1874), финансийн министр (1880—1881); баккъала волу къайлаха хьехамча.

Абаза Александр Агеевич
Абаза Александр Агеевич
Российн финансийн министр
 — 1881 шеран 6 майхь[1]
Хьалха хилларг Грейг Самуил Алексеевич
Когаметтаниг Бунге Николай Христианович
 — 1874 шеран 1 январехь
Хьалха хилларг Татаринов Валериан Алексеевич
Когаметтаниг Грейг Самуил Алексеевич
Вина терахь 1821 шеран 5 август({{padleft:1821|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})[2]
Вина меттиг Боровинскан чагӀаран завод, Тверан губерни
Кхелхина терахь 1895 шеран 24 январь({{padleft:1895|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})[2] (73 шо)
Кхелхина меттиг Ницца, Франци
ДӀавоьллина Тихвинан кешнаш
Тайпа Абаза[d]
Да Аггей Васильевич Абаза
Нана Прасковья Логгиновна Манзей
Зуда Александра Дмитриевна Бенардаки
Бераш Прасковья Александровна Абаза
Дешар Петарбухан университет (1839)
СовгӀаташ
Сийлахь асхьабан Андрей Первозванни орден Сийлахь Невски Александран алмазашца йолу орден КӀайн эрзун орден
Сийлахь Владимиран 4 тӀегӀан бантаца йолу орден
1 тӀегӀанера Сийлахь Аннин орден Адольф Нассаун орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Молдаванийн элийн тайпанах ву. Вина Тверан губернин Вышневолоцки уездера Боровинскан чагӀаран заводехь хьалдолу лаьттан а, шекаран заводан а долахочун Абаза Аггей Васильевичан (16.12.1782—21.03.1852[6]) доьзалехь. Цуьнан нана Манзей Прасковья Логгиновна (1801—1837). ЖӀара оллар хилла 1821 шеран 31 июлехь Березка эвлара Владимиран Марьяман килсехь йа 1821, жӀара оьллинарг И. А. Мельницкий.

1839 шарахь чекхйаьккхина Императоран Петарбухан университетан юридически факультет. 1839 шеран 13 декабрехь дуьйна — тӀеман гӀуллакхехь: дошлойн-пионерийн эскадронехь а, Лейб-Гвардин гусарийн полкехь а; дакъа лаьцна Кавказан тӀемашкахь (1843, совгӀат дина Сийлахь Владимиран 4-гӀа тӀегӀан бантаца йолу орденца), амма 1847 шеран 17 июлехь майор чинера эскаран гӀуллакх дитина.

1847—1857 шерашкахь ваьхна шен доларчу меттигехь, йуьртабахам а лелош, финансийн бакъо а Ӏамош.

1857 шарахь хӀоьттина гражданийн гӀуллакхе коллежски асессор чинехь. ДӀакхетта сту йолчу Елена Павловнин гуонаха хьийзачу дешаран говзачу тобанах, 1860-гӀа шарахь хиллачу хийцамашкахьа вара Абаза А. А.. Кхин а «Либералан бюрократаш» тобан йукъахь хилла.

1865—1868 шерашкахь хилла финансийн министран кхеташон декъашхо, вара Российн цӀерпоштнекъан коьрта йукъараллин хьалхарчу кхеташон декъашхо (дика дакъалецира Харьков-Кременчуг цӀерпоштнекъ буьллуш); совгӀат дина вара 1-чу тӀегӀан Сий. Станиславан (1865) а, 1-чу тӀегӀан Сий. Аннин (1868) орденашца, ткъа кхин а 1-чу тӀегӀанера седанца йолу командоран жӀаран Адольф Нассаун орденца.

1871 шарахь дуьйна лаьттина Российн империн Пачхьалкхан кхеташон декъашхо. 1871—1874 шерашкахь хилла пачхьалкхан тергонча, ткъа 1874—1880 шерашкахь — Пачхьалкхан кхеташон экономин департаментан председатель; 1879 шеран 25 майхь хӀоттийна, император Александр II-гӀа виен гӀоьртинчу революционеран А. К. Соловьёвн кхелйан йинчу Лакхара зуламан кхелан декъашхо.

1872 шарахь йелла Сий. Владимиран 2-гӀа тӀегӀанера орден; 1876 шарахь — КӀайн эрзун орден; 1878 шарахь — Сийлахь Невски Александран орден (1883 — оцу орденан жовхарийн хьаьркаш); 1880 шарахь — Сий. Владимиран 1-ра тӀегӀанера орден.

1880 шеран октябрера 1881 шеран май кхаччалц Российн финансийн министр болх бира, туьхан акциз дӀайаккхийтиначех, долара цӀерпоштнекъаш мехах Ӏедале схьаэцийтинчех ву; айина таможнин ял. М. Т. Лорис-Меликовца а, Н. Х. Бунгеца а цхьаьна социалан-экономикин хийцамийн ясакхан гӀуллакхийн а, ахча леларан а, цӀерпоштнекъаш дахкаран а, финансийн урхаллийн а областехь программа йина. Жигара гӀодира Лорис-Меликовн Конституцин проектан.

Даржера дӀавала кехат чуделира керлачу императора Александр III-гӀачо «Паччахьан Ӏедал талхамза хиларх манифест» деллачул тӀаьхьа; дӀавалийтина 1881 шеран 6 майхь[7].

1884—1892 шерашкахь йуха — пачхьалкхан кхеташон экономин департаментан председатель. 1890—1892 шерашкахь — Финансийн комитетан председатель.

1876 шарахь хаьржина Петарбухан Ӏилманийн академин сийлахь декъашхо. 1881 шарахь хилла Москохан Ӏалам таллархойн йукъараллин сийлахь декъашхо. 1889 шарахь йелла Сийлахь асхьабан Андрей Первозванни орден.

Делла хилла паччахьан кертара даржаш: церемониймейстер (1857), камергер (1859), гофмейстер (1861); чинаш – баккъала волу статски хьехамча (1863), гофмейстер а, къайлаха хьехамча а (1867), баккъала волу къайлаха хьехамча (1874).

1892 шарахь, конфиденциалан хаам лелош, йина соьман курс охьаяккха биржан операци, иштта 1 млн. сом гергга ахча доккхуш; и гӀуллакх гӀарадаьлла даржера дӀавала вийзира. 1893 шеран 10 мартехь дӀаваьккхина дерриг даржашкара хан ца тухуш отпуске вахийтина, амма витира Пачхьалкхан кхеташон декъашхо[1].

Ӏаш вара Фонтанкин берд тӀиера, № 23 йолчу цӀенош чохь.

Велла Ниццехь 24 январехь (5 февралехь1895 шарахь. ДӀавоьллина Петарбухера Александран-Невскин лаврера Тихвинан кешнашкахь (кешан барз байна).

Зуда шозза йалийна. Хьалхара зуда Бенардаки Александра Дмитриевна (1832—22.04.1856), йелла Берлинехь йовхарийн цамгарх, дӀайоьллина Петарбухехь. Церан йоӀ Прасковья (04.04.1852; Неаполь—1928), паччахьан цӀийнан фрейлина, марехь йара (с 12.01.1876, Париж) элехь Урусов Лев Павловичехь. Цуьнан тӀаьхьенаш йеха Петарбухехь.

ШолгӀа зуда Штуббе Юлия Фёдоровна (1830—1915), цунах лаьцна эла С. М. Волконскийс дуьйцура: «Ишттаниг кхин хуьлийла доцуш, хаза куц долуш йара… Абаза Юлия Фёдоровнин хьешан чоь Петарбухан музыкин центр йара… Шен къамелашкахь дуьххьал дӀа йара, музыкин а, исбаьхьаллин а мах хадорехь луьра йара. Цунна хетарг артисташна мехала а хетара». Цунна лерина байташ йаздина Ф. И. Тютчевс.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан