Абасов, Магомед Абасович
Магоме́д Аба́сович Аба́сов (Абасил Магомед, 1932 шеран 25 декабрь, Тлайлух, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика — 2014 шеран 19 октябрь, ХӀинжа-ГӀала) — жӀайхойн поэт, Дагестанан Халкъан поэт (1995).
Магомед Абасович Абасов | |
---|---|
Вина терахь | 1932 шеран 25 декабрь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь: | 2014 шеран 19 октябрь (81 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
ГӀуллакхан тайпа: | йаздархо, поэт |
Биографи
бӀаьра нисйанЧекхйаьккхина М. Горьскийн цӀарах йолу Литературин институт. Цо бина лаьмнашскахь ойлу школашкахь хьехархон болх а, Дагестанан книгийн издательствон жӀайхойн редакцин редакторан а.
1967 шо дуьйна иза ву Дагестанан йаздархойн союзан Куьгаллаллин декъашхо.
1959 шарахь цуьнан байташ дуьххьара араелира «Красное знамя» цӀе йолу республикин газетехь а, «Дружба» альманахехь а. 1961 шо дуьйна цуьнан байташ арахоьцара жӀайхойн къона поэтийн гуламашкахь «Молодые голоса», «Говор ручьёв», кхийолчарехь а. Абасовн «Подснежник» цӀе йолу хьалхара жӀайхойн маттахь байттийн гулам араелиран 1965 шарахь. Цул тӀаьхьа араелира цуьнан байтийн гуламаш : «Ночная лампада» (1966), «Орёл на скале» (1968), «Морская волна» (1971), «Горы над облаками» (1973), «В горах» (1975), «Череда» (1978), «Капельки» (1981), «Стихи и поэмы» (1982), «На крыльях ласточки» (1985).
Цо йазйина масийтта берийн байтийн гулам: «Лесные сказки» (1972), «Лесные мелодии» (1974), «Пламенные сердца» (1978), «Лесные тайны» (1983); «Махмуд из Кахаб-Росо» а, «Камалил Башир» а трагедеш а. 1985 шарахь Москвахь араелира цуьнан байтийн книга «Орлиное перо» («Современник», 1985). 2004 шарахь Дагестанан книгийн издательствехь араелира цуьнан хаьржина говзарийн гулам жӀайхойн маттахь.
1974 шарахь ЖӀайхойн эшаран а, драман а театрехь хӀоттийна «Махмуд» цӀе йолу трагеди бахьнехь цунна делира Гамзат Цадасан цӀарах долу республикин совгӀат. Иштта иза ву Кахаб-Россора Махмудан цӀарах долу йукъараллин литературин совгӀатан лауреат.
Шен тӀаьххьара денош цо деккхира ша вина Тлайлух юртахь. Иза Ӏиначу цӀинчохь йу литературин музей.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Дагестанан Халкъан поэт (1995)
- ДАССРн исбаьхьаллин Сийлах гӀуллаккхо
- Медаль «За любовь к родному селу»[1]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Народный поэт Дагестана Абасил Магомед удостоен награды «За любовь к родному селу» . www.riadagestan.ru. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 26 декабрь.