Абзой
ХӀара агӀо кховдайо сиха дӀайаккха оьшучунна. |
Абзой - нохчийн кьоман кьеначу тайпанех цхьа тайпа ду. Дуьххьара, коьртачу декьана, Чlебарлахь баьхна,цигара охьабевллачул тlаьхьа, XV-XVl бlаьшерашкахь абзой, дlай, жаней, аьрбий/аьрбалой/ тайпанаш Арстхой тукхум чудогlучу тайпанашна йукьахь хилла. Иза, шен талламан тептарехь йаздина нохчийн историко Эльмурзаев Аслана 1980-чу шерашкахь."Абзой"бохуш йолу этноним вуно генарчу ширчу заманера евзаш схьайогIуш ю.Цуьнца йоьзна, цунах схьайаьлла ю Нохчийн Республикин Ведана кlоштахь долчу Абазул-гол /Ваштар/ эрк цlе а, Чlебарлахь, кхийолчу меттигашкахь, цхьацца топонимаш а. Абзой тайпа R1а /Хlиндоевропан, арийн лоруш йолчу/ гаплотобанера ду.
Этноним"абзой" карайо антикан авторийн кхолламашкахь. Масала, ширагрецин историка Плинийс хьалхарчу бlешерчохь шен "Естественни истори" тlехь йаздо "ABZOE" буьйцуш. А.Н.Генкос оцу хьокьехь йаздира:"Термин "абзой" чlогlа шира ду, йукьара мотт а, оьздангалла а цхьаьнатоьхна гулдаран маьlна ду цуьнан...".