Абрамова, Анастасия Ивановна
Абра́мова Анастаси́я Ива́новна ( 1902 17 (30) июнь, Москох — 26 июнь 1985, циггахь) — оьрсийн балерина. РСФСР Хьакъдолу артист (1947).
Абрамова Анастасия | |
---|---|
Абрамова Анастасия Ивановна | |
Йина терахь | 1902 шеран 17 (30) июнь |
Йина меттиг | Москох, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1985 шеран 26 июнь (82 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС |
Гражданалла | Российн импери → ССРС |
Корматалла | Балетан артист |
Театр | Йоккхачу театр |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанБалетан емалчин, харц цӀе Трувит йолу, А. И. Абрамовн йиша. 1917 шарахь чекхйаьккхира Москохан хореографин доьшийла, цуьнан хьехархой бара В. Д. Тихомиров, Горский, Е. В. Гельцер, Е. О. Вазем. 1918 - 1948 шерашкахь болх бира Йоккха театрехь. Уггаре гӀарайаьлла хан еина 20-гӀа шерашна, оцу хенахь иза йара Йоккхачу театран коьртачу солистех цхьаъ. Абрамован халхар къасталуш дара ира говзаллица; башха дика нислора цуьнан сиха хелхаран боларш. Хьалхара коьрта парти
- 1922- Лиза П. Гертелан «Эрна лардалар» балетехь
Кхин партеш:
- Маша П. И. Чайковскийн «Щелкунчик» балетехь
- Балерина И. Ф. Стравинскийн «Петрушка» балетехь.
- Аврора П. И. Чайковскийн «Йижина хаза йоӀ» балетехь
- 1924 шеран 12 сентябрехь дуьххьара йира Сванильдан парти Горскийн хореографица карлайаьккхинчу Делиб Леон «Коппелия» балетехь (Экспериментан театран сценин тӀиера Йоккха театр).
- КӀайн пишу П. И. Чайковскийн «Йижина хаза йоӀ» балетехь
- Коломбина С. Н. Василенкон «Карнавал» балетехь, карлайаккхар В. А. Рябцевн.
- 1924 шеран 21 декабрехь — дуьххьара ловзийра Пьереттан парти балетмейстера В. А. Рябцевс керла хӀоттийна Р. Е. Дригон «Арлекинада» балетехь (цӀе «Арлекинан миллионаш»).
- Паччахь-аьзни Ц.Пунин «Конёк-Горбунок» балетехь
- Тао Хоа Р. М. Глиэран «ЦӀен петӀамат» балетехь, балетмейстерш Тихомиров а, Л. А. Лащилин а.
- Маьлха-Аьзни, Десте «Золушка» балетехь
- 1930 шеран 30 мартехь — дуьххьала ловзийра Метельщицы парти В. А. Оранскийн «Футболист» балетехь, балетмейстераш Л. А. Лащилин а, И. А. Моисеев а
- 1932 шеран 24 январехь — дуьххьала ловзийра балетмейстера А. И. Чекрыгина хӀоттийна М. М. Фокинан «Шопенина» балетан керлачу хӀоттаман парти.
- 1933 шеран 6 июлехь — дуьххьала ловзийра Жаннин парти Б. В. Асафьевн «Парижан алу» балетехь, балетмейстер В. И. Вайнонен.
Ж.Бизен «Кармен», А. П. Бородинан «Эла Игорь» оперийн хореографин сценашкахь кхоьллира къегина битаме васташ.
Жигара болх бира балетмейстерца К. Я. Голейзовскийца цуо куьйгалла дечу студехь. Студис дукха цӀераш хийцира йоцачу хенахь, амма уггаре йевзаш йерг, «Москохан камеран балет». Дукха гастролаш йира башха концертан лоьмаршца: «Прелюд» Рахманиновн, «Вальс» Крейслеран Рахманиновс тоярца, «Оьрси» Чайковскийн музыкица, кхин а). И болх битира 1948 шарахь.
СовгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца (02.06.1937).
Литература
бӀаьра нисйан- Ивинг В. П., А. И. Абрамова, М., 1928
- Русский балет: Энциклопедия. — М.: Большая Российская энциклопедия; Согласие, 1997. — 632 с. — 10 000 экз. — ISBN 5-85370-099-1
- Театральная энциклопедия в 6 т. Гл. ред. П. А. Марков. — М.: Советская энциклопедия