Абрамова Зоя Александровна (1925 19 март Потепеньки эвла, Ярославлан губерни, РСФСР, ССРС2013 31 октябрь, Петарбух, Росси[1]) — советийн, российн историк а, археолог а, историн Ӏилманийн доктор, профессор.

Абрамова Зоя Александровна
Йина терахь 1925 шеран 19 март({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Йина меттиг Потепеньки эвла, Ярославлан губерни, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2013 шеран 31 октябрь({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (88 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух, Росси
Пачхьалкх ССРС, Росси
ГӀуллакхан тайпа археолог
Ӏилманан кхоче истори
Белхан меттиг
Альма-матер Петарбухан пачхьалкхан университетан Историн институт
Ӏилманан дарж профессор
Ӏилманан цӀе Историн Ӏилманийн доктор

Йина Ярославлан губернера Потепеньки эвлахь. 1946 шарахь деша хӀоьттира ЛПУ историн факультете, 1951 шарахь тӀехдика мах хадорца йазбира дипломан болх. 1952 шарахь дуьйна болх бира ЛОИА-МОьИИ декъехь. Масех диссертаци йаздира[2][3], церан теманаш: «Палеолитин говзалла ССРС махкахь»[4] а, «Евразин палеолитин говзаллехь адам диллар»[5] а. 1972 шарахь хилира историн Ӏилманийн доктор, РӀА МОьИИ лакхара Ӏилманан белхахочун даржехь йара[6].

1960 шарахь дуьйна Абрамовас дукха хан йойура Енисейн палеолит Ӏамош, цунна Красноярскан хи латтийлан гена йоцуш карийра иттаннаш палеолетийн иэсаш.

1980 шарахь З. А. Абрамован куьйгаллица Брянскан областан Погаран кӀоштан Юдиновохь, Судость эркан йистехь, лоттийлин ахкарш дира, цунна тӀехула 1985 шарахь йоьгна баккхал[7], кхин дӀа ахкарш дича гучудевлира вайн деношка кхаьчна масех тоьла[8]. Аьхкира Кокорево, Афонтовн лам, Новосёлово эвла, Тыштык эркан тӀиера лоттийлаш[9]. 1970-гӀа шерашкахь талламаш бира Минусинскан боьрахь, Абаканан а, Енисейн а шина эркан йукъахь, ахкарш дира кхин а дуккха а меттигашкахь[10].

Библиографи

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Памяти З. А. Абрамовой (19.03.1925-29.10.2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 31 октябрь.
  2. Абрамова Зоя Александровна. Новый фриланс 24 (2019 шеран 15 май). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
  3. Абрамова Зоя Александровна — ИИМК РАН. www.archeo.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь. Архивйина 2019-07-15 — Wayback Machine
  4. "12 книг по первобытному искусству и культуре". Энгурра(оьр.). 2017-01-06. Архивировано 2018 ш. 26 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 16 сентябрехь.
  5. Палеолитическое искусство. StudFiles. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 17 сентябрь.
  6. Библиотека Омского государственного университета им. Ф.М. Достоевского. www.library.omsu.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 сентябрь.
  7. "Стоянка Юдиново - Достояние планеты"(оьр.). ТӀекхачаран де: 2018 ш. 16 сентябрехь.
  8. http://www.pvost.org/pv/archives/843. www.pvost.org. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 сентябрь. Архивйина 2018-10-13 — Wayback Machine
  9. "Стоянка Афонтова гора - Достояние планеты"(оьр.). ТӀекхачаран де: 2018 ш. 16 сентябрехь.
  10. По-Сибири — Грот «Двуглазка» в Хакасии. posibiri.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 сентябрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан