Абрамова, Светлана Михайловна

Абра́мова Светла́на Миха́йловна (йина 1987 шеран 2 июлехь, Ленинградехь) — российн телехьалхелелорг, журналист, телевизионан программийн автор, юкъараллин гӀуллакхо[1]. Алсама гӀараяьлла реалити-шоу «Итт шо къона» хьалхелелорг санна, иза кхоллаелира «РЕН ТВ» тӀехь, ткъа тӀаьхьа гайтира «Хьалхара канал» тӀехь[2].

Абрамова Светлана
Светлана Абрамова, фото Лара Бардина.jpg
ГӀуллакхан тайпа телехьалхелелорг, журналист, юкъараллин гӀуллакххо
Йина терахь 1987 шеран 2 июль({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (34 шо)
Йина меттиг Ленинград
Да Абрамов Михаил Николаевич
Нана Фотина Инна Вениаминовна
Сайт svetlanaabramova.ru
Commons-logo.svg Абрамова Светлана Викилармехь

БиографиНисйе

Йина 1987 шеран 2 июнехь Ленинградехь, инженеран Абрамов Михаил Николаевичан а, метрологан Фотина Инна Вениаминовнин а доьзалехь. Ишкол чекхъяьккхича хаьржира тайп-тайпана кхаа говзаллин юкъахь: журналистикин, юриспруденцин, театран говзаллин, шен харжам сацийра юриспруденцин тӀехь. 2008 шарахь чекхъяьккхира Петарбухан пачхьалкхан университетан, юридически факультет (гражданийн бакъонан кафедра).

2009 шарахь Москохахь чекхъяьккхира Лакхара къоман телевизионан а, радион а ишкол, тӀаккха болх бан йолаелира телевизионехь. 2009 – 2010 шерашкахь дийшира Европин Colour & Style имиджан ишколехь говзаллица «Долара хатӀ».

Телевизионехь болх бан йолаелира 2009 шарахь. Карьера йолийра керланаш гайтарехь — шарахь болх бира спортан хаамийн хьалхелелорг дуьххьал дӀа эфирехь «Рен ТВ» телеканалехь. 2010 - 2011 шерашкахь яра «Прессе хьажар» рубрикин хьалхелелорг «РЕН ТВ» хаамийн арахецаршкахь[3][4].

ТелепроекташНисйе

Шен дахарНисйе

2017 шеран аьхка Абрамова Светлана маре яхара физике Ларсен Антоне. ЙоӀ ю Николь (20.07.2018).

БилгалдахаршНисйе

  1. Светлана Абрамова: биография. Вокруг ТВ.
  2. Ведущая шоу "На 10 лет моложе" Светлана Абрамова: 7 советов по экспресс-преображению перед свадьбой. Hello (2017, 25 июль).
  3. Светлана Абрамова: "Оптимизм - лучшее лекарство!"(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). dv-reklama.ru (2015, 26 апрель). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 августехь. Теллина 2017 шеран 9 декабрехь.
  4. Светлана Абрамова(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). РЕН ТВ (2011, 22 май). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 майхь.

ХьажоргашНисйе