Абсолютизм
Абсолютизм — пачхьалкхан хӀоттам, хӀоьттина цхьа могӀа малхбузаевропин мехкашкахь Керла заманахь[1], и хӀоттам болуш лакхара Ӏедал (дукхах дерг, монархин) доза тоьхна дац векалийн институташца, конституцин пачхьалкхашкахь санна.
Термин абсолютан монархи, кхетайо паччахьан доза доцу Ӏедал санна, цуьнан кхин шуьйра маьӀна ду, амма абсолютизм термин абсолютан монархи терминца маьӀнийца тера ду, готта, луьра Ӏилманан маьӀнехь[1].
Абсолютизм хилла европин континентан пачхьалкхашкахь XVII а, XVIII а бӀешерашкахь алсама йолу пачхьалкхан кеп, цуьнан аьтту бора динан гӀуллакххоша, цара бохура лакхара Ӏедал делера ду, руман юристаш, къобал дора паччахьашкахь шира руман императорийн абсолютан Ӏедал. И пачхьалкхан кеп шен кхиаран апогей кхаьчна французийн паччахь Людовик XIV волуш, гуттаренна бохуш хилла волу шен гӀарадаьлла «L’Etat c’est moi» (Пачхьалкх — со ву). Историн термин санна «шира низам» (Ancien regime) кхетамо абсолютизм хийцина XIX бӀешерашна юккъехь.
Тайп-тайпанчу абсолютан монархийн социалан гӀортол вовшех тера йац. Керлачу хенан Европин абсолютан монархеш хилла элийн пачхьалкхаш, царна чохь йисина «гӀоле йина йукъаралла»[1]. Советийн историографехь абсолютизм кхоллаялар дихкира классийн къовсамца — олаллин а, буржуазин а (С. Д. Сказкин) я ахархойн а, олаллин а (Б. Ф. Поршнев). Тахана йаьржина ойланца, абсолютизм чӀагӀъяларан таро йина цхьа могӀа экономикин а, социалан а, оьздангаллин а хиламаша.
Иштта, пачхьалкхан Ӏедал чӀагӀдалар доьхку сих-сиха хуьлучу тӀемашца (иза бахьнехь алссама налогаш туху), йохк-иэцар кхиарца (иэша йолало протекционистийн политика), гӀалана кхиарца а, царна чохь социалан хийцамаш хиларца а (гӀалийн йукъараллин социалан марталла йохар, элий монархин герга бахар)[1].
Пачхьалкхан абсолютизм централизацин маьӀнехь хилла, масала, Францехь Луи-Филиппан конституцин монархи йолуш а, Наполеон I-чун а, Наполеона III-чун а тӀеман деспотизм йолуш а.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Абсолютизм // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Абсолютизм / Копосов Н. Е. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Хеншелл Н.cede Миф абсолютизма = The Myth of Absolutism: Change and Continuity in Early Modern European Monarchy. — Алетейя, 2003. — 272 с. — (Pax Britannica) — ISBN 5-89329-569-2