Абу, шорйина Абу аль, Абу-ль, Абуль, Абу-л (abū, Ӏаьр. أبو‎‎; йа abū'l), иштта «аби» (доланиг дожаран кеп) — Ӏаьрбийн дош «да»; Ӏаьрбийн цӀеран (кунья) дакъа, билгалдоккху хьенан да ву «хьанехан да». Жуьгтийн маттера «Аб»[1] изза ду. Семийн къаьмнийн «абу» йа «аби» долара цӀерийн ламаст чӀогӀа шира ю, хаало ширамисран иэсаш тӀехь.

Дуьххьарлерачу йоьӀан йа кӀентан охьанехьа ден цӀерах тайп до, ткъа дешо «ибн» хьаланехьа ден цӀарах тайпа до. Масала: Амру йа Хьасан цӀе йолчу кӀентан дех ала тарло Абу-Амру йа Абуль-Хьасан; Зеид, Амран кӀант а, Хьасанан да а цӀе йолчу адамах Абу-Хьасан Зеид-ибн-Амру.

Зударийн охьанехьа цӀераш кхуллу дешца «умм» (umm), нана.

Лелоран масалаш

бӀаьра нисйан

Ӏаьрбийн дош ду дукхах йолчу долара цӀеран дакъа, гойту:

  • дас кӀантана динарг,
  • метоним,
  • цхьаьна хӀуманна олалла.

«Абу» дешо гайта тарло дикалла, масала:

  • Абуль-феда — тешаман да, аьлчи а тешаме;
  • Абуль-якзан — семаллин да, аьлчи а боргӀал;
  • Абул-Хейр — дикан да.

«Абу» хила тарло харц цӀеран дакъа, царна юкъахь аьшнаш яран а, масала:

  • Абу-Энф — меран да, аьлчи а беха мара берг;
  • Абу-Лехие — можан да, аьлчи а маж ерг;
  • Абу-Сафир — шакаран да, аьлчи а шок лоькхург.
  • Шеман яздархочун харц цӀе Абу-Фараджа (Abu al-Faraj) гочдо «самукъан да».

Географин цӀераш: Абу-Симбел (кенан да), Абу-Даби (акха гезан да), Абу-ГӀарайб (къиган да).

Жуьгтийн алар

бӀаьра нисйан

Жуьгташа дош «абу» олу «аб» йа «аби» (грекаш яздарехь «ав» йа «ави») олий, кхузара Авимелех (паччахьан да), Авессалом (машаран да), кхин а.

Хьаьжа иштта

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Абу // Энциклопедический словарь, составленный русскими учеными и литераторами. СПб., 1861.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Абу // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан