Авангард (тӀеман гӀуллакх)
Аванга́рд (фр. avant-garde, ма-дарра: «avant» — хьалха; «garde» — хой) — тӀеман ницкъийн (эскарехь а,флотехь а) хьалхара (коьртера) цхьаьна хенан бина кхоллам, иза эскарна я флотна хьалхабоккху, некъ ларбар Ӏалашо ю [1][2].
Истори
бӀаьра нисйанГатанан кеманийн муьрехь флотан коьрта кхоллам бара эскадра. Эскадра лаьттара кхаа дивизех: 1-ра дивизи — кордебатали — тӀеман низаман юккъехь лаьттара, коьртехь адмирал а волуш (цуо баьччалла дора ерриг эскадрин); 2-гӀа — авангард[3] — лаьттара тӀеман низаман коьртехь, коьртехь вара вице-адмирал; 3-гӀа — арьергард — тӀеман низамехь тӀехьа лаьттара, коьртехь контр-адмирал а волуш.
Ӏалашо а, хӀоттам
бӀаьра нисйанАвангардан ницкъ а, хӀоттам а бан беза барамца а, хӀоттамца а тӀелетачу эскаран, иштта меттиган хьолашца а. Цуьнан коьрта дакъа дукха хьолехь гӀашлой хуьлу; аренан артиллери тӀело алсама яккхийчу авангардашна; амма дошлой авангардехь оьшура, кхин тӀе тоба йоьду меттиг йиллина елахь, алсама ладаме а хуьлу.
Авангарде дӀакъастадо тӀелетачу бӀох доьалгӀа дакъа четверти.
Авангардо шен агӀора, латтадо шена я ха, я хьалхара а, агӀонан а тобанаш, уьш а хьалха тотту, агӀонашка цхьацца талламхой бохуьйту.
Авангардан декхар ду эскаран новкъахь хила тарло новкъарло дӀаяккхар. ТӀеман низамехь (ordre de bataille), авангард олу, тӀом болор а, тӀеман коьрта ницкъаш дӀатарбаллалц Ӏалашдар а тӀедиллина тобанех (дукха хьолехь лаьтта дерриг кхаа герзан тобанех). Цунах дӀакъаьста хойн гӀуллакхан оьшу эскарийн дакъош. Дуьхьалонан гӀуллакхехь, «Авангард» цӀе дукха хьолехь хуьйцу «хьалхара аса» цӀарца.
Литература
бӀаьра нисйан- Авангард // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
- Авангард // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Советским Вооружённым Силам — 60 лет (Сопроводительный текст, часть вторая) / Н. И. Кобрин, Б. П. Фролов. — М.: Знание, 1978. — 32 с.
- Военный энциклопедический словарь (ВЭС), М.: Воениздат, 1984. — 863 с. с ил., 30 л. (ил.);
- Военный энциклопедический словарь / В 2 томах. Редкол.: А. П. Горкин, В. А. Золотарев, В. М. Карев и др. — М: Большая Российская энциклопедия; РИПОЛ КЛАССИК, 2001. — Том 1. — Редкол.: А. П. Горкин, В. А. Золотарев, В. М. Карев и др. — 848 с. — Тираж 5000 экз.; Том 2. — 816 с. — Тираж 5000 экз.
- ↑ Авангард // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Военный энциклопедический словарь (ВЭС), М.: Воениздат, 1984. — 863 с. Страница 9
- ↑ Авангард // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.