Автиев Хьасан
Автиев Хьасан — (вина 1969 шо 27 март, гӀ. Хаси-Эвл, Хаси-Эвлан кӀошт, ДегӀастанан АССР) — нохчийн исбаьхьалча[1][2].
Автиев Хьасан | |
---|---|
Вина терахь | 1969 шеран 27 март (55 шо) |
Вина меттиг | Хаси-Эвл, РСФСР, ССРС |
Гражданалла | Росси |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1969 шеран 27 мартехь ДегӀастанан АССРн Хаси-Эвлан кӀоштара Хаси-Эвлахь[2]. Хаси-Эвлан № 12 йолу ишкол а, цуьнца цхьаьна хенахь исбаьхьаллин ишкол а чекхйаьккхина[2].
Хьасан сурт дилла волавелла берийн бешахь шена танк йуьллуш кӀант вайча, цунна иза марзделира. ТӀаьхь-тӀаьхьа сурт дилла лаамах цуьнан дахар хилира. ХӀора мукъа хан цуо йойура сурт дилларна, цунах чӀогӀа самукъа а долура Хьасанан. Меллаша, амма кхетамца иза воьдура хӀоттийначу Ӏалашоне — исбаьхьалча хиларе[3].
Йукъара дешаран ишкол чекхйаьккхича иза деша хӀоьттира исбаьхьаллин-графикан факультете. Хьалхара курс чекхйаьлча Советийн Эскаран могӀаршка кхайкхира Хьасанега. ЦӀавирзича, дешар чекхдаьккхира. Ленинградан исбаьхьаллин академин шен лаамца ладогӀархо хилира Хьасанах[3].
Хьасан емалца маххадабо шен говзаллин, гӀелвалар хӀун ду ца хууш, массо а хена болх бора, доьшура. ГӀалин хазаллаш, музейн хӀазнаш, адамаллин исбаьхьаллин тӀаьхъьено шен лар йитина Хьасанан белхашкахь. Ленинградехь исбаьхьаллин академехь доьшучу муьрехь сих-сиха воьдура Германе, Финлянде, Бельге, Чехословаке, Польше, Мажарчу, дохкура адаман суьрташ, пейзажаш[2][3].
Доьзал
бӀаьра нисйанАвтиев Хьасанан зуда а, диъ бер а ду: шиъ кӀант, шиъ йоӀ. Бераш а цуьнан лар тӀехула доьлхуш ду. Царна а йиллина неӀарш исбаьхьаллин ишколо. Хьасана Хаси-эвлахь лаьттан дакъа а эцна йиллина жима пхьолгӀа галереейца[3].
Галерей
бӀаьра нисйан-
Ширча-Эвлара доьхна маьждиг - исбаьхьалча Автиев Хьасан
-
Автиев Хьасанан пхьалгӀа а, галерей а