Аддикци
Аддикци (ингалсан маттахь addiction)- биосинӀаткъаман а, социалан а цамгар ю. Аддикци- дагара ца долу а, билгала гӀуллакх дан лааран хьашт ду, масала юх-юха наркотикаш лелор а. Иштта иза стага шозлагӀа юкъаозош хӀуманаш ду, масала марзлуш долу ловзарш. «Аддикци» кхетам ингаслан addiction дашах кхоллабелла, ма-дарра долчу маьӀнехь «дозушхилар» бохург ду иза.
Аддикци | |
---|---|
Хьалхара аддикци муьлхха а химийн дозуш хиларх олура (корта бахочу, дӀонгӀаз боккхучу маларех, молханех, наркотикех а дозуш хилар), ткъа тӀаьххьарчу шерашкахь аддикцин кехат кхин а шорделла.
Ӏилма санна аддиктологи Россехь а, дуьненахь а кхоллаелла XX-чу бӀешеран 70-80-чу шерашкахь.
Аддикци классашка екъар
бӀаьра нисйан2001-чу шарахь профессор а, психотерапевт а волу Ц. П. Короленкос дуьненчохь хьалхара химин-йоцу аддикцин классификаци хӀоттийра. Дозуш хиларш декъало химин а, юкъан (кхачанан, адреналинан аддикцеш) а, синӀаткъаме а тайпанашка.
Короленкон классификацица а, тӀаьхьо дӀаязйина йолчу химин-йоцу дозуш хиларш а хӀокху синӀаткъаме аддикцишна декъало:
- марзлуш долу ловзарш а, гэмблинг (ингалсан маттахь gambling — ахча юкъадуьллуш ловза).
- юкъаметтигийн аддикци (сексан аддикци а, безаман аддикци а, дуьхь-дуьхьалкхетар нисдаларна аддикци а)
- тӀетаьӀӀина болх бар
- технологин дозуш хиларш (телевизорех а, компьютерех а тӀех сов дозуш хилар а, интернет-аддикци а, гаджет-аддикци а- телефонех а, электронан ловзочу хӀуманах (масала тамагочи) дозушхилар.
- ахча дайъарх дозушхилар (ониомани, шопоголизм)
- тӀаьхьататта йиш йоцу аддикци (гучуйолу даимна хан ца тоьуш хьесапца а, хаддаза шен хенан план хӀитта ярца а, Ӏуналла дарца а; «ца кхиа» кхерам а)
- спортан аддикци (я шардаран аддикци- воркаут йеш шардарш алсамъяккха лааман хьашт ду. Корматаллин спортхойн хуьлу иштта аддикци.