Аджанта
Аджа́нта (маратхи अजिंठा लेणी) — ХӀиндера Махараштра штатера дукхаха йерг буддистийн динан гӀишлон-килсан хьехийн комплекс.
Лан кепара тарх йу 29 хьех йолуш. Уьш йекъало шина коьрта тайпане — чайтья (ламазан залаш, йеха план йолуш, ши могӀа бӀогӀамаш апсида долуш пурхехь) а, вихара (йеакӀуо план йолу залаш, кхаа агӀора чоьнаш йа динан гӀуллакхан чоь Буддан жӀар йолуш, чуволуш йу тӀегӀа) а — буддийн мозгӀарийн йукъарадахаран чоьнаш.
Хьехан пенаш тӀиера йоза дуьненна а девза. Кийсигашна йукъахь дисина Ӏаламан суьрташ, — буддийн туьйранийн а, мифийн а суьрташ ду, амма шен кхетамца цуо дӀайоьллу йукъараллин дахаран панорама шен тайп-тайпанчу кепашца.
Динан гӀишлош тархаш огуш йаьхна масех бӀешарахь — вайн эрал I бӀешо хьалха йолийна вайн эран VII бӀешо кхаччалц (ма-дарра Ӏалам диллар къега V—VI бӀешерийн муьрехь)[1][2]. Уггаре жигара гӀишлошйар дира V бӀешо чекхдолуш — VI бӀешеран хьалхарчу декъехь, ницкъ болчу дравидийн Вакатакийн Харишенан некъийн паччахь (475—500 шерашкахь)[3], Деканан а, цхьа могӀа Малхбуза ХӀиндин урхалча волуш[3]. Оцу хенахь кхоьллина уггаре дика тӀулган суьрташ а, пена тӀиера суьрташ а Аджантан[4]
XIII бӀешарахь ХӀиндехь буддизман маьӀна дов. МозгӀарша, оцу хенахь шайн барам лагӀбелла болу, тӀаьхь-тӀаьхьа йуьту Аджанта. 1983 шарахь динан цӀийнан комплекс «Аджанта» кхайкхийна дерригдуьненан тӀаьхьалон иэс.
Дерригдуьненан тӀаьхьало ЮНЕСКО, объект № 242 оьрс. • англ. • фр. |
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Викилармехь йу Аджанта теман медиафайлаш
- Пещерные храмы Аджанты
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Тюляев С. И. Глава VIII. Живопись Аджанты, живопись пещер периода искусства Гуптов 4—7 веков // Искусство Индии. III-е тысячелетие до н. э. — VII век н. э. / Под. ред. Е. Н.Галкиной. — М.: Искусство, 1988. — С. 249—250.
- ↑ Аджанта / Е. А. Сердюк // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ 1 2 Бонгард-Левин Г. М., Ильин Г. Ф. Глава XIX. Южная Индия // Индия в древности. — М.: Наука, 1985. — С. 370.
- ↑ Тюляев С. И. Глава VIII. Живопись Аджанты, живопись пещер периода искусства Гуптов 4—7 веков // Искусство Индии. III-е тысячелетие до н. э. — VII век н. э. / Под. ред. Е. Н.Галкиной. — М.: Искусство, 1988. — С. 250.