Административан-мехкан декъар
Администрати́ван-ме́хкан де́къар (администрати́ван-ме́хкан хӀо́ттам) — унитаран пачхьалкхан мохк дакъошка бекъар (административан-мехкан дакъош), цуьнца хӀоттайо меттигера Ӏедалан меженийн система. Йоькъу Ӏаламан, политикин, экономикин, этносан, къоман, кхин а факторшца. Административан-мехкан декъар (хӀоттам) хуьлу кхин а федеративан пачхьалкхийн субъекташкахь, хӀунда аьлча, дукха хьолехь, уьш хуьлу унитаран кхолламаш. Унитаран пачхьалкхех къаьсташ федерацийн мехкан хӀоттам федеративан хӀоттаман амалехь бу.
Федерацин субъектийн, дукхаха дерг, хуьлу унитаран административан-мехкан хӀоттам, амма хила таро ю федерацеш а (масала, РСФСР). Кхин тӀе, федерацин субъекташ йекъало дакъош, ду, дукха хьолехь, шайн меттигера урхаллин субъекташ, ткъа церан бакъонаш ларйо башхачу законашца.
Административан-мехкан дакъошна а, пачхьалкхан а йукъара кӀезиг чолхалла долу юкъаметтигийн кепаш бахьнехь, тӀаьхьарчуьн, дукха хьолахь, таро хуьлу меттигерачу тӀегӀанехь хала боцучу сацамийн процедурашца шен административан-мехкан хӀоттам хийца. Пачхьалкхаш юхуш я кхечу пачхьалкхан йукъара мехках керла пачхьалкхаш кхуллуш, чоьхьара административан дозанаш хийца тарло пачьалкхан дозанашца (масала, ССРС), цуо кхуллу шортта пачхьалкхашна йукъара мехкаш къийсар.
Цхьацца мехкийн административан-мехкан декъаран башхаллаш
бӀаьра нисйанАдминистративан-мехкан декъар доцу пачхьалкхаш а ю. Масала, Олалла Монако, тӀаккха а административан агӀора иза декъало 3 коммунин: Ла-Кондамин, Монако, Монте-Карло.
Федералан законаша Российн Федерацин субъектийн административан-мехкан хӀоттаман гӀуллакх дӀаделла Российн Федерацин субъектийн векалийн (законашкхолларан) меженийн компетенце (1999 шеран 6 октябран № 184-ФЗ «Российн Федерацин субъектийн законашкхолларан (векалийн) меженаш яран йукъара хьесапех» цӀе йолчу Федералан законан (2009 шеран 9 февралан редакци) 5 яззаман 2 пунктан бухара «л» пункт ; 2003 шеран 10 июлан № 289-О йолу Российн Федерацин Конституцин Суьдан сацам). Цу тӀе Российн Федерацин субъектийн административан-мехкан хӀоттам билгала боккхуш лара деза 2003 шеран 6 октябран № 131-ФЗ йолу «Российн Федерацин меттигера шайн урхалла кхолларан йукъара хьесапех лаьцна» цӀе йолчу Федералан законан низам. № 131 йолу Федералан закон тӀеэцале регионийн Ӏедалийн яра шен административан-мехкан хӀоттаман система а, меттигера шен урхалла кхуллуш, дукха шуьйра бакъонаш.
Хьажа кхин
бӀаьра нисйан- Мехкан хӀоттам
- Федеративан хӀоттам
- Унитаран пачхьалкх
- Меттигера шен урхалла
- Йукъараллин мехкан кхоллам
- Нах беха меттиг
- Административан дакъойн таблица мехкашкахула
ХӀара пачхьалкхашІаморехула чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |