Азербайджанан дуьхьалонан министралла (азерб. Azərbaycan Respublikası Müdafiə Nazirliyi) — Азербайджанан Республикин дуьхьалонан сферера пачхьалкхан урхалла деш а, тӀеман политика лелош а йолу кхочушдаран Ӏедалан пачхьалкхан меже (министралла). ТӀеман ведомствон куьйгалхо дуьхьалонан министр дарже хӀотта а во, дӀа а воккху Азербайджанан Республикин Президенто.

Азербайджанан дуьхьалонан министралла
  • азерб. Azərbaycan Respublikası Müdafiə Nazirliyi
Логотипан сурт
Йукъара хаам
Мохк
Юрисдикци Азербайджан
Кхолларан терахь 1991 шеран 5 сентябрь
Хьалха хилла ведомстваш
(кхин )дӀа а
ГӀуллакхан урхалла до Государственный строй Азербайджана, Азербайджанан министрийн кабинет
Лакхара ведомство Азербайджанан министрийн кабинет, Азербайджанан президент
Штаб-квартира
Жоьпаллин министр инарла-полковник Гасанов Закир
Инарлин штабан хьаькам инарла-полковник Велиев Керим
КуьйгакӀелара меженаш
(кхин дӀа а)
Коьрта документ (кхин дӀа а)
Сайт mod.gov.az
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Азербайджанан Республикин Дуьхьалонан министр 2013 шеран 22 октябрехь дуьйна — инарла-полковник Гасанов Закир.

1918 шеран 28 декабрехь Азербайджанан Демократин Республикин Парламент хийшамашкахь кхайкхийра ХойгӀеран ФатахьӀали Ханан правительствон деклараци, «Эскар» декъехь йаздина дара:

  Правительствон коьртачех цхьа Ӏалашо йу мохк Ӏалаш бан лур болу тӀеман ницкъ кхоллар. Оцу ницкъан дерриг оьшург латто деза: герз, духар, даар, кхин дерг а. Правительство сихха иза кхолла йолало[1].  

Уггаре ладаме структурин эскаран дакъош кхоьллина хила деза 1919 шеран 1 ноябрь кхачале: кхаа полках лаьтта хьалхара гӀашлойн дивизи, артиллерин дивизи, телеграфан, дошлойн, пулеметан тобанаш, кхаа полках лаьтта дошлойн дивизи, хӀаваан тоба, цӀерпоштнекъан батальон.

  1. Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Парламент. (Стенографические отчеты). — Баку, 1998, с. 82—83