Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет

ХӀокху версин 10 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2020, 23 декабрь).

Азербайджа́нан пачхьа́лкхан мехкда́ьттан а, промы́шленностан а университе́т (азерб. Azərbaycan Dövlət Neft və Sənaye Universiteti) — Бакохара лакхара дешаран меттиг (Азербайджан).

Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет
сурт
Халкъашна йуккъера цӀе Azerbaijan State Oil Academy
Кхоьллина шо 1920 шеран 14 ноябрь
Тайпа Пачхьалкхан
Ректор Мустафа Бабанлы
Студенташ 16000
Кампус ГӀалин
Юридически адрес AZ1010, Бакох, Азадлыг, 20
Сайт http://www.asoiu.edu.az
СовгӀаташ Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Азербайджанийн ССР Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

1887 шеран 10 ноябрехь Бакохахь, Бакохан ГӀалин Думо сацам бира техникин ишкол йилларах.

1896 шарахь техникин ишколан цӀе хийцира лахарчу тӀегӀанера техникин ишкол.

  • 1896—1905 шерашкахь, ишкол чекхйаьккхира 50 стага механикин дакъа, 55 стага гӀишлошйаран дакъа. 1910 шарахь механикин декъана йукъатуьйхира кхин а мехкдаьттан техникин а, электромеханикин а агӀонаш.
  • 1916 шарахь ишколехь доьшуш вара 494 дешархо, царех 20 стаг азербайджанех вара.

1918 шарахь ишколах йира политехникум. Политехникумехь мехкдаьттан промышленностан, электромеханикин, гӀишлошйаран, архитектурин дакъош дара, ткъа студентийн барам бара 188 стаг. Оцу муьрехь арахийцира 62 стаг, царна йукъахь вара 12 инженер азербайджанех.

 
ГӀалин техникин доьшийла революцил хьалхарчу Бакохахь

Академин коьрта корпусан гӀишло йира 1900 шарахь архитекторан Гославский Иосифан проектаца[1]. Кхузахь болх беш йара Бакохан техникин доьшийла.

Азербайджанехь Советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, 1920 шеран 14 ноябрехь, доьшийлин бух тӀехь йиллира Бакохан политехникин институт.

1923 шо кхочуш институто арахийцира шен хьалхара 3 студент, ткъа 1927 шарахь арахецначеран барам айабелира 289 стаге кхаччалц.

1959 шарахь институтан йелира революционеран Азизбеков Мешадин цӀе.

1991 шеран 18 февралан Республикин Министрийн Кабинетан сацамца Институтан цӀе хийцира Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан индустриалан М. Азизбековн цӀарах университет.

1991 шеран 18 февралан Республикин Министрийн Кабинетан сацамца Институтан цӀе хийцира Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан индустриалан М. Азизбековн цӀарах университет.

1992 шеран 21 мартехь, Азербайджан Советийн Союзан йукъара арайаьлча, университето хийцира шен цӀе академин.

Официалан цӀераш

бӀаьра нисйан

Тайп-тайпана хенашкахь университето лелийна иштта цӀераш:

 
Азербайджанан мехкдаьттан институт (АМИ), 1931 шо
  • 1920 — Бакохан политехникин институт
  • 1923 — Азербайджанан политехникин институт
  • 1930 — Азербайджанан мехкдаьттан институт (АМИ)
  • 1934 — Азербайджанан индустриалан институт (АзИИ)
  • 1959 — Азербайджанан мехкдаьттан а, химин а институт (АзМЕХХИМИ М. Азизбековн цӀарах)
  • 1991 — Промышленностан университет
  • 1992 — Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан академи (АПМА)
  • 2015 — Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет (АПМПУ)

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
 
Университетан 3-гӀа корпус. Йина 1913 шарахь. 2017 шарахь дуьйна — UFAZ дешаран корпус

1993 шарахь академис хийцира шен дешаран планаш малхбузен кепашца нисъеш, цуьнан хьалхара бакалавран а, магистраш а, кандидаташ а дешна бовлура 1997 шарахь.

АПМА болх беш йара малхбузен университеташца, шен программаш тоярхьама, башха алсама болх бира Джорджин пачхьалкхан университетца (АЦШ). АПМА ню цхьа могӀа дуьненайукъара университеташца программаш.

2019 шеран 9 июлехь Азербайджанан Президента Алиев Ильхама куьг йаздина Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан университетан уггаре хьуьнар долчу шина студентана «Салманов Фарманан цӀарах стипенди» кхолларан сацамна[2].

ГӀарабевлла арахенарш а, хьехархой а

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан
АПМПУ бух тӀехь йехкина университеташ

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Шамиль Фатуллаев. Градостроительство Баку XIX—начала XX веков. — Ленинград: Стройиздат, 1978. — 215 с.
  2. 1news. В Азербайджане будет увековечена память Фармана Салманова. 1news.az. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 июль.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • АГНА Facebook
  • Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  • Мир-Бабаев М. Ф. Истоки зарождения храма нефтехимической науки (к 90-летию открытия первого нефтяного вуза Закавказья) — «Азербайджанское нефтяное хозяйство», 2010, № 5, с.63-69.
  • Mir-Babayev M.F. Establishment of the first oil institute in Transcaucasia — «Reservoir», Canada, 2011, Volume 38, Issue 8, September, p.31-37.
  • Мир-Бабаев М. Ф. Краткая история азербайджанской нефти. Книга вторая. — Бакох, Изд-во SOCAR, 2012.