Азербайджанан Республикан шатлакхан илли

(Азербайджанан шатлакхан илли тӀера хьажжина кхуза)

«Азербайджанан марш» (азерб. «Azərbaycan Marşı») — Азербайджанан Республикан пачхьалкхан шатлакхан илли, Азербайджанан пачхьалкхан символех байракхца а, хӀостаца а цхьаьна могӀара коьртачех цхьаъ ю. Шатлакхан иллин мелоди язйина 1919 шарахь[1] азербайджанийн композитора Гаджибеков Узеира, дешнаш яздина поэта Ахьмад Джавада. Шатлакхан илли тӀеэцна 1992 шеран 27 майхь Азербайджана маршо метахӀоттийначул тӀаьхьа.

азерб. Azərbaycan Marşı, Азәрбајҹан маршы
Азербайджан Маршы
Азербайджанан Республикан шатлакхан илли
National anthem of Azerbaijan.png
Дешнийн автор Ахмед Джавад[d], 1919
Композитор Узеир Гаджибеков
Мохк Азербайджан Азербайджанан республика
ЧӀагӀйина 1992 27 майхь
Азербайджанан шатлакхан илли

Шатлакхан иллин историНисъе

Азербайджанан Демократин Республикан заманахь композитора Гаджибеков Узеира язйина ши марш. И шийн а кхоллам зорба тоьхнера 1965 шарахь Анкарахь туркойн музыкаӀаморхочун Этем Унгёран «Тюркийн маршаш» (турк. Türk marşları) жайнахь[2]. И куьйгайоза деира Туркойчу композиторан вашас Гаджибеков Джейхуна[3]. Оцу маршех цхьаьнна цӀе ю «Азербайджанан къоман марш» (азерб. Azərbaycan milli marşı). 1919 шарахь оцу кхолламан делира АДР правительство кхайкхийна хьалхара совгӀат (цунах лаьцна яздина 1919 14 ноябрехь «Азербайджан» газетехь[3]). У. Гаджибековс яздина маршан куьйгайоза Ӏалашдеш ду Бакохара композиторан музей-цӀа чохь[3].

«Азербайджана марш» (азерб. Azərbaycan marşı) цIе йолу шолгIачу маршах, туркойн публициста бо иштта хаам: «Азербайджана шен маршо яйанза йолчу хенахь, и марш лоькхура тIеман ишколашкахь дешар долош»[4]. ТIаьхьуо и марш композиторан Азимов Айдынан хоран а, оркестран а аранжировкехь тIеийцира Азербайджанан Республикан пачхьалкхан шатлакхан илли йина. И марш Азербайджанан Демократин Республикан шатлакхан илли хилла хилар чIагIдо Гаджибеков Узеиран музей-цIачохь Iалашдечу документаша а[3].

Азербайджанан Республикан Милли Меджлисан 1992 шеран 27 майн сацамца, Гаджибеков Узеира музыка язйина, ткъа дешнаш Ахьмад Джавада яздина «Азербайджанан марш», тIеийцира Азербайджанан Республикан пачхьалкхан шатлакхан илли йина. Азербайджанан Республикан Милли Меджлисан 1993 шеран 2 мартан сацамца чIагIдира Азербайджанан Республикан пачхьалкхан шатлакхан иллин хьал.

Шатлакхан иллин текст ю азербайджанан номинал 5 манат йолу банкнот тIаьхь. Цуьнан деший диллина борзан текст иштта хIоттийна Бакохара Пачхьалкхан байракхан майданахь[5]. 2011 шарахь Азербайджанан Республикан маршонан 20 шо кхачарна лерина шатлакхан иллин текстца поштан марка арахийцира.

ТекстНисъе

Оригинал
азербайджанийн маттахь (латиница)
Нохчийн матте гочдар
(дош дешера ма-дарра)
Azərbaycan! Azərbaycan!
Ey qəhrəman övladın şanlı Vətəni!
Səndən ötrü can verməyə cümlə hazırız!
Səndən ötrü qan tökməyə cümlə qadiriz!
Üçrəngli bayrağınla məsud yaşa!
Üçrəngli bayrağınla məsud yaşa!
Minlərlə can qurban oldu,
Sinən hərbə meydan oldu!
Hüququndan keçən əsgər!
Hərə bir qəhrəman oldu!
Sən olasan gülüstan,
Sənə hər an can qurban!
Sənə min bir məhəbbət
Sinəmdə tutmuş məkan!
Namusunu hifz etməyə,
Bayrağını yüksəltməyə,
Namusunu hifz etməyə,
Cümlə gənclər müştaqdır!
Şanlı Vətən! Şanlı Vətən!
Azərbaycan! Azərbaycan!
Azərbaycan! Azərbaycan!
Азербайджан! Азербайджан!
Турпала кIентийн сийлахь даймохк
Тхо кийча ду дIадала тхайн дегнаш, тхайн синош
Дерриш а кийча ду хьан доьхьа тхайн цIий дала
Яха хьо ирсе кхаа бесан байракх кIела
Яха хьо ирсе кхаа бесан байракх кIела
Эзаршкахь синош дIаделла хьан доьхьа
Накха бара хьан тIеманийн аре
Салташа хьан доьхьа дIалора синош
ХIора а царех хилира турпалхо
Хилахьа кхуьуш беш хаза
Тхан дахар ду хьуна гуттаренна сагIа
Сан дагчохь ю хьуна
Кхайкхо ца хуу марзо
Iалашдан тхайн сий,
Лакха айа хьан байракх,
Iалашдан тхайн сий
Кийча бу кегийрхой!
Сийлахь Даймохк, сийлахь Даймохк!
Азербайджан! Азербайджан!
Азербайджан! Азербайджан!

Хьажа ишттаНисъе

БилгалдахаршНисъе

  1. Central Intelligence Agency. The CIA World Factbook 2012. — Skyhorse Publishing Inc., 2011. — 834 с. — ISBN 9781616083328
  2. Etem Üngör. Türk marşları. — Анкара: Türk Kültürünü Aras̆tırma Enstitüsü, 1965. — С. 325. — 332 с.(туркойн мотт)

    20. Azerbeycan milli marşı Üzeyir Hacıbeyli
    21. Azerbeycan marşı Üzeyir Hacıbeyli

  3. 1 2 3 4 İ. Əliyev, E. Məhərrəmov. Azərbaycan Respublikasınn Dövlət Rəmzləri. — Баку: Nurlan, 2008. — 500 экз.(азерб.)
  4. Üzeyir bəy Hacıbəyov ensiklopediyası. — Bakı, 1996. — С. 21.(азерб.)
  5. Президент Республики Таджикистан ознакомился с Площадью Государственного флага и «Baku Cristal Hall»

ХьажоргашНисъе

Хьалха хилларг:
Азербайджанан ССР шатлакхан илли
Азербайджанан шатлакхан илли
1992 27 майхь дуьйна
Когаметтаниг:
'