Алжаза́ира (Ӏаьр. الجزائر‎‎ эль-Джаза́ир), юьззина официалан кеп — Алжаза́ирин Ха́лкъан Демокра́тин Респу́блика (АХДР)[4] (Ӏаьр. الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية‎‎ эль-ДжумхӀури́ййа эль-Джазаири́ййа эд-Ди́мукъратӀы́ййа эш-ШаӀби́ййа, берб. ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттаюккъерахӀордйистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкин пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха Африкин пачхьалкх[5]. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).

Алжазаирин Халкъан Демократин Республика
الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية
(аль-Джумхурия аль-Джазаирия ад-Димукратия аш-Шааби́я)
Tagduda Tadzayrit Tamagdayt Taɣerfant (берберийн)
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «من الشعب و للشعب
(Нахера а, наханна а)»
Шатлакхан Илли: «Kassaman»
Location Algeria AU Africa.svg
Algeria (orthographic projection).svg
Официалан мотт Ӏаьрбийн, берберийн
Коьрта гӀала Алжазаира
Яккхий гӀаланаш Алжазаира, Къусантина, ВахӀрана, Батна, Жалфа, СатӀиф, Биджая, Ӏаннаба
Урхаллин тайпа президентан-парламентан республика
Президент
Премьер-министр
Къоман кхеташонан
Къоман халкъан гуламан спикер
Ӏабдальмаджийд Таббун
ӀабдальӀазиз Джарад
Салахь Къуджийл
Слиман Шенин
Пачхьалкхан дин суннийн кхетаман ислам
Латта 10-гӀа дуьненахь
 • Дерриг 2 381 740 км²
Бахархой
 • Мах хадор (2014) 38 087 812[1] стаг
 • Ларар (2016) 40 400 000 стаг
ДЧС
 • Дерриг (2016) $599,83 миллиард долл. (38-гӀа)
 • ХӀораннан а сина $14610 долл.
АДКМ|ИЧР (2019) 0,759[2] (лакхара; 82-гӀа меттиг)
Ахча алжазаирин динар (DZD, код 12)
Интернет-домен .dz
Код ISO DZ
Код МОК ALG
Телефонан код +213
Сахьтан асаш +1
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][3]
Лінгвістична мапа північно-східного Алжиру.svg

Алжазаирин доза ду МагӀрибца малхбухехь, Мавританица а, Малица а — къилба-малхбузехь, Нигерца — къилба-малхбалехь, Ливица а, Тунисца а — малхбалехь. Мехкан доккхаха долу дакъа лаьтта Саьхьарин гӀум-арахь. Коьрта шахьар — Алжазаира гӀала.

Алжазаира Африкин физикин картин тӀехь пачхьалкхийн дозанашца

ЭтимологиНисъе

ЦӀе схьайолу шен коьрта шахьаран ойконимахАлжазаира гӀаланах (Ӏаьр. مدينة الجزائر‎‎), цунна и цӀе кхаьчна ша латтар бахьнехь — иза йиллина X бӀешарахь бердан йистерачу деа гӀайренан тӀехь, цунах цӀе елла «Аль-Джазаира» (Ӏаьрбийн маттахь «гӀайренаш»)[6].

ИсториНисъе

 
Траянан нартол(ингалс.) Тимгадехь, сурт диллина 1800-гӀа шераш долалуш
 
Къусантина гӀала, 1840 шо

Алжазаира ширачу заманахьНисъе

Карийна лахара а, юккъера а палеолитан заманера (400—300 эзар шо хьалха) тӀулган гӀирсаш. Ширачу заманахь хӀинцалерачу Алжазаирин махкахь дехира шира ливин тайпанаш. Вайн эрал XII бӀешо хьалха кхоллаелира хьалхара финикийн колонеш[7].

Вайн эрал III бӀешо хьалха кхоллабелира тайпанашна юкъара берташ массилийн(ингалс.) а, мазезилийн(ингалс.) а. Массилийн куьйгалхочо Массиниссас цхьаьнатуьйхира ший а барт цхьааллин пачхьалкхе Нумидега. Нумидин паччахь Югурта (вайн эрал 116—105 шо хьалха) ийшира Югуртин тӀамехь Румал, вайн эрал хьалхара 46 шарахь Нумидех йира Руман провинци[7].

Вайн эран 438 шарахь Къилба Африкин бердан дакъа (цунна юкъахь Алжазаирин хӀинцалера мохк а) схьадаьккхира вандалаша. 439 шарахь кхоьллира вандалийн а, аланийн а паччхьалла. 534 шарахь хӀинцалера Алжазаирин дакъа даьккхира Византис[7].

Хьажа иштаНисъе

БилгалдахаршНисъе

  1. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  2. Human Development Indices and Indicators 2019 (ингалс.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН.
  3. http://chartsbin.com/view/edr
  4. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран АМ2010 йоза яздина дац
  5. До разделения Судана на собственно Судан и Южный Судан занимал второе место по территории
  6. Поспелов, 2002, с. 30.
  7. 1 2 3 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран bse йоза яздина дац

ХьажоргашНисъе