Алиев, Али Зурканаевич

(Али Зурканаевич Алиев тӀера хьажжина кхуза)

Али Зурканаевич Алиев (1937 шеран 29 ноябрь, ЧӀокх, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика1995 шеран 7 январь, Москох) — советски паргӀат кепар латархо, ССРС Сийлахь спортан говзанча (1962). ЖӀайхо[1]. Исторехь хьалхара 5-за дуьненан паргӀат кепар латаран чемпион[2].

Али Зурканаевич Алиев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d]
Клуб «Гуниб», г. Махачкала
Вина терахь 1937 шеран 29 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1995 шеран 7 январь({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (57 шо)
Кхелхина меттиг
Тренер
Локхалла 154 сантиметр
Йозалла 54,5 ± 3 килограмм
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Али Алиев вина 1937 шеран 29 ноябрехь Гунибски кӀоштан Чох цӀейолу юртахь. Цуьнан да бухгалтер вара, нана медсестра йара. Али да велира 1948 шарахь.

Алиевс чекхйаьккхира Дагестанан лоьрийн институт. Иза вара лоьрийн Ӏилманийн кандидат[3].

Спортан карьера нисйе бӀаьра

 
Али Алиев а, Масаюки Мацубара а. 1960 шо.

Али Алиев дакъа лецира кхаа Олимпиадехь: 1960 а, 1964 а, 1968 а шерашкахь. Амма массо Олимпиадашкахь цуьна толам баккха аьтту ца хуьлура - цхьана Олимпиадехь мидал йаккхара ца хилира цуьна.

Амма цо дакъа лаьцна 6 дуьненан чемпионаташкахь цо 5 деши мидал а, цхьаъ дети мидал а йаьккхира[4].

Алиевс дакъа лецира цхьана Европин чемпионатехь. Оцу къовсамехь цо деши мидал йаьккхира.

Йукъараллин болх нисйе бӀаьра

1963 шарахь иза хаьржира Дагестан АССРн Лакхара Советан депутат. 1988 шарахь иза хӀоттира Дагестан АССРн спортан пачхьалкхан комитетан председатель.

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

Памятникаш нисйе бӀаьра

1998 шарахь Махачкалахь Гамид Гамидов цӀарах йолу спорткомплексан уллехь схьайиллира Алиеван памятник[5].

2011 шарахь Корзье-сюр-Вевье замкехь FILA штаб-квартирехь схьайиллира Али Алиеван памятник[6].

2011 шарахь Каспийскехь Али Алиеван цӀарах йолу спортан гӀалан хьалха хӀоттийн цуьнан памятник[7].

2015 шеран 12 августехь Чохехь схьайиллина Алиеван памятник[8].

Турнираш нисйе бӀаьра

Каспийскехь хӀора шарахь хуьлу Али Алиеван цӀарах йолу турнир.

ГӀишлош а, урхаллаш а нисйе бӀаьра

1979 шарахь Махачкалара ШВСМн тиллина Али Алиеван цӀе[9].

2011 шарахь Каспийскехь йолу Спортан гӀалан Али Алиеван цӀе тиллина[10].

Махачкалара СДЮШОРн тиллина Али Алиеван цӀе.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Аварцы // Дагестанская правда. — 2015. — № 50—51. Архивйина 2016  шеран  27 мартехь.
  2. CHAMPIONS. // The Daily Review, November 16, 1967, Vol. 13, P. 21. Цитата: "CHAMPIONS: Ali Aliev of the Soviet Union became the first in sport history to win the world free-style wrestling crown five times".
  3. 29 ноября 1937 года
  4. Aliev, Ali (URS)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 22 декабрехь. Теллина 2016 шеран 8 январехь.
  5. Описание достопримечательности
  6. В Швейцарии открыт памятник Али Алиеву
  7. Памятник Али Алиеву Каспийск (Республика Дагестан)
  8. Памятник легенде мирового спорта Али Алиеву открыли в Гунибском районе
  9. ШВСМ имени АЛИ АЛИЕВА Архивйина 2020-11-28 — Wayback Machine
  10. О дворце спорта Али Алиева(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 8 январехь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра