Аллеманда
Аллема́нда (фр. allemande — немцойн) — юьхьанца Дендаран муьран лахара хелхар дара, тӀаьхьа Барокко муьран уггаре гӀарадаьлла гӀирсан хелхарех цхьаъ хилира, сюитан стандартан дакъа (дукха хьолахь 1-ра дакъа).
Аллеманда | |
---|---|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Историн очерк
бӀаьра нисйанАллеманда юкъадаьлла XVI бӀешарахь юккъера темпера ши дакъа долу хелхар санна танец. Схьадаьллачух тера ду, оцу заманахь Германехь гӀарадаьллачу хелхарех. Аллемандин кепашца эксперименташ йира французийн композиторша, цара иза диъ дакъа долуш дира, тӀаккха иза темпаца алсама паргӀата хилира. Хелхаран амалан агӀонаш ю синкопан, озан, мелодикан къастамалла. Немцойн композиторш, масала Фробергер я И. С. Бах, шайна ма-луъу лелайора клавиран аллемандан кепаш, аллемандан кепаш масех гӀирсан алсама ламастехь йолушехь.
Италин а, ингалсан а композиторш кхин а атта леладора аллеманда, юкъатухура контрапункт а, алсама тайп-тайпана кепаш а (Кореллис яздора аллемандаш largo тӀиера presto тӀекхаччалц). Ингалсан аллеманда девза куьйгатептаршкара, царна тӀехь дуьйцу иттех хелхар, цкъацца чӀогӀа тера а долуш, и хелхар де варианташ.
XVIII бӀешо чекхдолуш «аллеманда» дош лело долийра керла кхо дакъа долу хелхар билгалдоккхуш; Веберан Douze allemande хьалха хуьлу вальсан.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Аллеманда // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.