А́льпийн а́са — географин а, ломан а аса, лаьтта субальпийн асанал лакхахь а, нивалан асанал (гуттаренна а лайш долу аса) лахахь. Иштта биом оцу асан.

Альпийн асан байнаш. Альпаш, Швейцари.

Альпийн асанан амалехь ду хаъал серло хилар, мелхан радиацин жигаралла. Температуран шеран йуккъера барам дацаре бу. ЧӀогӀа мехаш. 1000 мм сов шеран атмосферан йочанаш деха а, дукха хьолахь ца деша лайн чкъор. Альпийн асан лахара дозанехь амал хӀорда йисттера континентан дакъошка воьдуш санна хийцало.

Альпийн асан амалехь ду, дан а дац ала мегар долуш, дитташ а, коллаш а ца хилар. Бецан йукъараллаш йу лоха дукхашерийн ораматех лаьтташ, царна йукъахь даиман баьццарнаш а. КӀезиг ца хуьлу ораматаш гӀайбан а, розеткан а кепара.

Альпийн асанера дукхаха йолу ораматаш ксероморфан йу. Иза доьзна ораматийн тӀехуло дийнахь чӀогӀа йохъяларца (+50 °C кхаччалц).

Буьйсенан температураш альпийн асанехь аьхка а охьаяла тарло нолал, цуо гӀуорадо заза, амма талха ца телха: дийнахь зезагаш даста а лой, кхиа дуьйлало.

Альпийн бай шина кепара хуьлу:

Андийн Альпийн асан амалехь йу гӀайбакепара ораматаш.

Альпийн асанехь йеха дийнаташ билламе йекъа мега шина тобане:

Альпийн асан мохк лелабо аьхкенан дежийлашна.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Тимонин А. К. Ботаника: в 4 т. Высшие растения: учебник для студ. высш. учеб. заведений. — М.: Издательский центр «Академия», 2007. — Т. 3. — С. 341. — ISBN 978-5-7695-3184-2.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан