Анастой — ЦӀечой тейп, Анастой некъи

Къена тайпа
Анастой
Этноиерархи
Раса Кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт Нохчийн меттан галанчӀожан диалект
Дин Ислам (суннизм)
Къам Нохчий
Тайпан йукъа догӀу ЦӀечой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси:
 Нохчийчоь:
 ГӀалгӀайчоь:

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Аьршта

Курбанов Ӏумаран а, Ганжуев Зеламхин а, Темиров Зеламхин а, еллачу ДНК-тесто гайтина уьш J1[1] гаплотобан йукъа богӀуш хилар. Ткъа церан тайпа ду ЦӀечой.

Истори

Схьабевлла меттиг — Ариштан мохк, Галайн-ЧӀежан кӀоштара, ГӀурчи, ЦӀечу-Ахка (ЦӀий йанийнчу ахке). Анастой, кхин Нохчийн тайпанаш санна, XI—XII бӀешарахь — ЦӀечой Анасту шен кхаьӀа кӀантца — Хусейн, ЦиркӀа, Боьрта йиллира Къоьзана Іоман 9 км дехьуо йурт — Анастой (Ансалта). 1794-шерашкахь XVIII бӀешарахь охьаховша буьйлабелла дуьйна Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а аренан


Теркйисте ховшар

  • 1795 шарахь хӀинца НогӀамирза-Йурт лаьттачу меттигехь йуьрт йиллира Анастой некьах, волчу Саитов ГӀоьнжас -эвла Ганжуево
  • 1840 шарахь Теркйисттера нохчий гӀевттина шайн ярташ а ягийна кхелхира ГихтӀан хьаннашка.
  • 1848 шарахь йухайиллира эвла, цунна ГӀоьнжийн кӀента — ГӀарчханан цӀарах ГӀарчханан-йурт (Карчаги) цӀе тиллира[2]. Братски э.

ГӀоьнжин тӀаьхьенаш

ГӀоьнжийн тӀаьхьенаш Ганжуевы, Гарчхановы, Горчхановы, Денисултановы, Саитовы фамилеш лелайо. Кхин а ярташ йехкина ГӀоьнжин тӀаьхьенаш — ГӀоьнжин кӀотар (ГӀойтӀан гергахь а, Шуьйтахь а), Хьалха-Мартан кӀоштахь Олхазар-КӀотар (Ганжуев Олхазаран цӀарах тиллина ю).

Силсил

Анасти тӀаьхьенаш, цун къенти - Боьрта, Хьусейн, ЦӀиркъа... Боьрти тӀаьхьенаш СагӀат - СаӀид - Мудрукъ, цун къенти ГӀоьнжа, ГӀобанча... ГӀоьнжин тӀаьхьенаш - ГӀарчхан, Сада, Митырг - вежарий... Сади къант Эльмурз... Митырг къант Хадшук... ГӀарчхан, цун къенти Куьйра, Олхазар, Апти - вежарий... Куьра, цун къенти-ГӀарчх, Ахьматхан, Денисолта - вежарий ... Олхазар, цун къенти Ӏабдул-Къадар, ТӀунта... ГӀобанчин тӀаьхьенаш, Каса - Иляс... Тумкъал, Абу, Тимар, Тима - вежарий... ЦӀиркъин тӀаьхьенаш - Лабаз - Къурба - Уматгири...

Фамилеш лелайо

Беха эвланаш

Ансалта, Аьчка-ХитӀе, Бена-Йурт, ВаларгтӀе, Ведана, Шела , Галне, Доьлаке, Ишоре, Иласхан-Йурт, Котар-Йурт, Лаха Невре, Мескар-Эвла, Маьлхбик, НогӀамирзин-Йурт, Соьлжа-ГӀала, ЧӀулга-Йурт, Эна-Хишка, Эккажакъоьнгий-Йурт, Ӏелин-Йурт, Гуьмсе

ГӀарабевлла Анаст некъи

  • Буркаев Мовлад — гӀараваьлла нохчийн а, советан пачхьалкхан а артист, йишлакхархо, солист. Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист. Тайпана Ансто.

Билгалдахарш

  1. http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  2. Берже А. П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
  3. Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001