Аниме (яп. アニメ)- японийн анимаци. Японехь муьлха а мультипликацех олу аниме, ткъа кхечу пачхьалкхашкахь аниме японийн мультипликацех бен ца олу. Аниме суртдуьллу куьйганца  я CGI computer animation программица. Аниме сюжет тайп-тайпана хуьлу- магех лаьцна а, спортах а, безамах а. Кхиъ дукха темаш чуйогӀу аниме сюжеташан. Аниме гойту телевиденехь а, DVD я VHS лелоргаш а тӀехь, иштта а аниме тематикан видеоловзарш ду.

Аниме
яп. アニメ
Anime DVDs.JPG
Commons-logo.svg Аниме Викилармехь

Аниме сюжет ян пайдаоьцу японийн комикс йолу мангах а, ранобэ а цӀе йолу литературах а. Аниме сценарица сериалаш а, фильмаш йоху. 1900-чу шарахь йолаелла аниме истори. Цу хенахь Американ Цхьанакхаьтта Штаташкер а, Россиер а, Германер а, Францер а кинематографисташ анимаци яр тӀехь къахьогуш бара. Юьхьанцара атта дацара режиссёршан, хӀунда аьлча цера фильм яккха ахча а, меттиг а бацара.