Ань Лушань
Ань Лушань (ций. 安祿山, 安禄山, : Ān Lùshān; 703 шо гергга — 757 шеран 29 январехь) — Цийчоьнан согдихойх схьавалар долу происхождения тӀеман хьаькам (цзедуши), цуо 755 шарахь айина боккха гӀаттам, Ӏалашо йара паччахьаллера Тан некъий бохор а, империн коьрта шахьар дӀалацар а, Чанъань. Ань Лушанан гӀаттам хилира кхаа танан императоран паччахьаллин фон, цхьаццамма мах хадорца, цуо хӀаллаквира Цийчоьнан 36 млн вахархо, йа оцу хенахь хилла дуьненан бахархойн йалхалгӀа дакъа.
Ань Лушань | |
---|---|
Вина терахь | 703[1] |
Вина меттиг |
|
Кхелхина терахь | 757 шеран 29 январь[2] |
Кхелхина меттиг | |
Дарж | Инарла |
ТӀемаш |
Хьалхара шераш
бӀаьра нисйанАнь Лушанан да схьаваьллера согдихойн элех, тюркийн каганан гӀуллакхехь вара (Ань — Бухарин цийн цӀе). Тюркийн каганат йохаро а, цул тӀаьхьа шайна йукъахь хиллачу тӀемаша АньгӀеран доьзалан бовда бийзийтара танан императоран Сюаньцзунан керта.
Цийхоша генара схьа дуьйна дика мах хадабора аренашкарчеран тӀеман говзаллин, лууш гӀуллакхехь хьалхатоьттура уьш. Керла баьхкинчеран Ӏуналча лорура хьалхара министр Ли Линьфу, иза ларлуш вара даржерачу цийхойх, хӀунда аьлча паччахьан кертарчу гӀуллакхашкахь уьш зиеделла хиларна цара шен гӀуллакх талхорах коьруш.
Коьрта шахьрара уьйранаш
бӀаьра нисйанАнь Лушань дуьххьара хьахаво некъийн хроникехь 736 шарахь, оцу хенахь, къилба Маньчжурехь талламан тобанан баьчча волуш, цуо сихвелла гӀурт бина берриг шен салтий байира, иза бахьнехь веран кхел йира. Паччахьан кертара Ӏаткъаме Ӏуналчаш йукъагӀортар бахьнехь цунна гечдира, кхин тӀе даржехь хьала а ваьккхира. Гумилёв Лева билгалдаккхарехь, «паччахьан текха тӀехь бежарш бохкалой хууш, цуо кхаьънашна ахча ца кхоадора, цундела иза сиха даржашкахь ойура»[3] Иштта, 741 шарахь Ань Лушанан Инчжоура корпусан тӀехь хьаькмалла делира. 742 шарахь, дозанан эскарех итт корпус йинчул тӀаьхьа, цунах хилира Пинлу гуонан цзедуши; 744 шарахь хьаькмалла делира кхин а Фаньян гуонна тӀаьхь, ткъа 751 шарахь кхин а Хэдун йелира. 754 шарахь Ань Лушана шена дийхира коьрта хьаькмалла хӀазнан реманашна тӀехь, дала а делира цунна.
Баьлла пайда
бӀаьра нисйанАнь Лушанан гӀаттамехь коьрта роль тюркюташ чӀогӀа а ца ловзийра, уйгураш санна, цуо гайтира Танан пачхьалкхан ледарлонаш, уьш шайн дозанаш лардарехь аренашхойн-мехах салташна тӀетевжина Ӏаш бара. Ань Лушань веллачул тӀаьхьа йах шо даьлча гӀаттам лагӀбелира, тӀаккха танан император шайн дайн коьрта шахьра цӀавирзира, кхин тӀе цуьнан мах хилира гӀовттамхойн тхьамданашна гечдар, цара цуьнан Ӏедал лоруш а дацара.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ https://www.britannica.com/biography/An-Lushan
- ↑ https://books.google.fr/books?hl=es&id=W0vRAAAAMAAJ&focus
- ↑ Гумилев Л. Н. Древние тюрки. XXVIII. Восстание Ань Лушаня . www.kulichki.com. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 22 август.
Литература
бӀаьра нисйан- E. G. Pulleyblank. The Background of the Rebellion of An Lu-Shan. London: Oxford University Press (1955).
- Howard S. Levy, Biography of An Lu-Shan (1960).
- Н. Я. Бичурин (Иакинф). Собрание сведений о народах, обитавших в Средней Азии в древние времена. М-Л. АН СССР, Институт этнографии им. Миклухо-Маклая. (1950)